Купин, Фёдор Николаевич
Фёдор Николаевич Купин (1923 шеран 26 май, Гиагински, Къилбаседа-Кавказан мохк — 1988 шеран 4 апрель) — гӀашсалди, могӀарерниг, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Фёдор Николаевич Купин | |
---|---|
Вина терахь | 1923 шеран 26 май |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1988 шеран 4 апрель (64 шо) |
Эскаран тайпа | Воздушно-десантные войска России |
Дарж | рядовой, Советийн гварди |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1923 26 майхь Краснодаран махкан Адыгейн автономан областан Гиагинская юртахь оьрсин белхалон доьзаллехь. Купинан да велира цунна кхо шо кхачча. 1928 шарахь цуьнан нана шен пхеа бераца Соьлжа-ГӀала схьаеара. 1935 шарахь Купинс чекхйаьккхира йиъ класс, цул тӀаьхьа цо говрашлелорхо а, эткийн пхьар а, пхьалгӀан куьйгалхо а болх бира. Шен мукъа хан хилча иза футболах а ловзара, йайн атлетика а лелайора[1].
1942 шеран март дуьйна Купин ЦӀен Эскаран фронтехь вара. Иза кхиссархо а, талламхо а вара Къилбаседан Кавказан а, 2-гӀа Украинин а фронташкахь. Цунна масийтта чов а, айп а йинера[1].
1944 шеран 28 июнехь Купинс дакъа лецира йийсархо лацарехь. Цо гӀон тобанехь волуш хенахь автомат йиттина пулемёт а, гранаташ кхиссина мостагӀина блиндаж а хӀаллак йира. Оцу динахь гайтина майралла бахьнехь цунна йелира «Майраллина» цӀе йолу медаль[1].
1944 шеран 16 сентябрехь 1-ра гвардин хӀаваан десантан дивизи Румынехь йолу Дета гӀалан тӀекхечира. Купин йукъахь волу тоба некъан уллехь мостагӀн къелахевшира. Цара грузовик а, тӀехуу маше а хӀаллак а йира, вермахтан майор схьа а лецира. ТӀаьхьа бевлла мостагӀий тобанас йуха а туьхуьра, лецнарг штабе дӀа а кхачавира. Лаьцна майорегара хиъна хӀумнаш боккха аьтту бира советан эскаран Дета гӀала схьайоккхуш[1].
1944 шеран 5 ноябрехь Купинан дивизи Венгрин Тисафюред гӀалан уллехь Тиса хих дехьабовла буьлабелира. Дехьа бердан тӀехь хӀун йу хьажархьам уггара хьалхе талламхой бевлира хил дехьа. Цера оцу сохьтехь мостагӀах лата дийзира. Талламхойн тобане 11 сохьтехь массийттуза сов болу мостагӀашца тӀом бан дийзира. Талламхош пхиъ мостагӀан тӀелатар йухатуьйхира. ТӀеман гӀирсаш кхачош бара. Цхьа а кема хих дехьа ца далалора мостагӀаш тӀедаьтта герз бахьнехь. ТӀаккха Купин а, цуьнан накъост Лытанов а кеманца хих дехьадевлира. ТӀедетташ долу герзаш кеман шортта Ӏуьргаш дехира. Лытанов пийсигаш хьоькхуш вара, Купин кеман чура хи дӀадокхуш вара. Бердан тӀекхочуш хенахь кема хина буха дахара. ТӀаккха Купин а, Лытанов а тӀеман гӀирсаш белш тӀе а ехкина нека деш бердан тӀекхечира. Цу хенахь немцой йуха тӀелата болабелира, амма тӀеман герзаш хенахь тӀекхачаран бахьнехь уьш йухатоха аьтту хилира советан эскирхойн. Цхьана чучбахарна латарехь Купинс немцойн пулемёт схьа а йаккхина, иза йуха а йерзийна 40 герга салтий вира[1].
Талламхойн майралла бахьнехь плацдармехь пулемёташца а, йоккхи тоьпашца а чӀагӀйина цхьа ЦӀен Эскаран батальон сов салти гулбелира. И батальон мостагӀна тӀелетира. Купинан а (тӀема хенахь айп ийна волуш вара), Лытанован а элан холан йукъахь шиъ немцойн нисдархо карийра. Цира и шиа схьа а лецна дивизин штабе дӀавигира мостагӀаш герзаш тӀедетташшехь[1].
1945 шеран 24 мартехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Купинан а, Лытанован а йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1945 шарахь сержант Купин Соьлжа-ГӀала цӀавеара. 10 шо даьлча иза Гиагинская юртахь шекаран завод йеш вара. 1958 шарахь иза Майкопе дӀавахара, цигахь цо автобазехь шофёр болх бира. Кегирхой кхибеш цо жигара дакъа лоцара. 1988 шеран 1 апрелехь иза Ростов-на-Дону — Баку некъехь машен тӀетоьхна велира. Купин дӀавоьллира Майкопехь[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Купин, Фёдор Николаевич . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Сиджах Х. И. Твои Герои, Адыгея: очерки о Героях Советского Союза. — Майкоп: Адыгейское республиканское кн. изд-во, 2005. — 413 с. — ISBN 5-7608-0459-6.
- Сиджах Х. И. Твои Герои, Адыгея: очерки о Героях Советского Союза. — Майкоп: Адыгейское республиканское кн. изд-во, 2005. — 416 с. — 1000 экз. — ISBN ISBN 5-7608-0459-6.
- Подвигом славны твои земляки. Запорожье, 1962. / стр. 116—120.
- Кубани славные сыны. Краснодар, 1963.
- Золотые Звёзды Адыгеи. 2-е изд., доп. и дораб. Майкоп, 1980. / стр. 48—49;
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. 3-е изд., доп. Грозный, 1985. / стр. 117—120.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Купин, Фёдор Николаевич . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».