Ханбиче́ Шихраги́мовна Хаме́това (лаьзг. Хаметова Ханбиче Шихрагьиман руш; 1938 шеран 28 июнехь(19380628), Цлак, Хиван кӀошт, ДАССР) — Дагестанан Халкъан поэтесса. Лаьзгийн маттахь долу «Соколёнок» цӀе йолу берийн журналан редактор. Российн йаздархойн Бертан декъашхо. Йаздархойн бертан халкъашна йуккъера гуламан декъашхо.

Ханбиче Шихрагимовна Хаметова
Йина терахь 1938 шеран 28 июнь({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (86 шо)
Йина меттиг
ГӀуллакхан тайпа: йаздархо, поэт

Йина 1938 шарахь Хиван кӀоштара Цлак цӀе йолу йуьртахь. Цо чекхйаьккхина Гамзат Цадасан цӀарах йолу Дагестанан пачхьалкхан зударийн хьехархойн институт. Цо бина хьехархочун болх шен йуьртан школехь а, республикин хьехархойн говзалла совйоккху институтехь а, Тахо-Годи школийн Ӏилманан а, талларан а институтан белхало а.

1974 шо дуьйна СССР йаздархойн бертан декъашхо. Дагестанан йаздархойн бертехь секретариатан декъашхо а, лаьзгийн йаздархойн куьйгалхо. Лаьзгийн маттахь долу «Соколёнок» цӀе йолу берийн журналан редактор[1]. Российн йаздархойн бертан куьйгалхочун декъашхо[2].

Кхолларалла

бӀаьра нисйан

1958 шарахь арайелира Хаметовин хьалхара йаззамаш. 1964 шарахь арайелира цуьнан лаьзгийн маттахь байтийн хьалхара книга «Узоры дум». Цо арахийцира шен лаьзгийн маттахь байтийн а, поэмийн а итт книга. Цуьнан байташ арайелира оьрсийн а, кхиболу а меттанашкахь[1].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

1985 шарахь «Письмо к Ирен» книга бахьнехь цуьнна делира Сулейман Стальскийн цӀарахь йолу республикин совгӀат. 1988 шарахь «Венки сонетов» байтин гулам бахьнехь цунна делира Е. Эминан ц1арах долу совгӀат. Дагестан АССР культурин Сийлахь белхало. 1992 шо дуьйна Дагестанан Халкъан поэт[1].

2000 шарахь цунна йелира ДоттагӀалин орден[3].

Библиографи

бӀаьра нисйан
лаьзгийн маттахь
  • «Искры волны» (Дагкнигоиздат, 1978);
  • «Капля и камень» (Дагкнигоиздат, 1980);
  • «Оранжевый звездопад» (Дагкнигоиздат, 1982);
  • «Письма к Ирен» (Дагкнигоиздат, 1984);
  • «Доверие» (Дагкнигоиздат, 1985);
  • «Дорогой, дорогой» (Дагучпедгиз, 1987);
  • «Белая песня» (Дагкнигоиздат, 1988);
  • «Опора»;
  • «Полнолуние»;
  • «Избранное» (в двух томах);
  • «Корона»[2].
оьрсийн маттахь
  • «Гордая волна»;
  • «Колыбель»;
  • «Хазранский родник»;
  • «Монолог»;
  • «Венки сонетов»;
  • «Избранное» и др[2].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан