Хамидов, Баудин Хожаевич
Хамидов, Баудин Хожаевич (1958 шеран 9 апрель, Агадырь, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС) — геологин-маьIданийн Iилмийн кандидат[1]. Къоман нохчо, тайпана аргIано.
Хамидов Баудин Хожаевич | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | бизнесмен |
Вина терахь | 1958 шеран 9 апрель (66 шо) |
Вина меттиг | Агадырь, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС |
Корматалла | Геолог |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Да | Хамидов Хожа Даудович |
Нана | Шамсутдинова Асмаъ |
Зуда | Хамидова Асет |
Бераш | Адам, Ислам |
СовгӀаташ |
Сийлаллин орден (2005 ш.), Сийлахь маьхкдаьттахой |
Биографи
бӀаьра нисйанБауди вина 1958 шарахь Кхазакхийн ССР Карагандан областера Агадырехь. 1975 шарахь цо чекхйаьккхира № 1 йолу Горагорскан йуккъера ишкол. 1980 шарахь чекхйаьккхира И.М.Губкинан цӀарах йолу маьхкдаьтта-химин а, газан а промышленностан институт геологи а, маьхкдаьтта, газ йоллу меттиг талларан говзаллица. Геологин-маьӀданийн Ӏилмийн кандидат. 1981—1996 шерашкахь болх бира «Грознефтехь», цигахь некъ бира лакхарчу геолог даржера маьхкдаьтта а, газ а йаккхаран «Горскнефть» урхаллин хьаькам дарже кхаччалц. 1996—1997 шерашкахь — «ЮНКО-Грознефтеоргсинтезан» генералан директор вара. 1997—1999 шерашкахь — «ЧеНеКо-Нефтепродуктан» генерал директор, Къилба маьхкдаьттан компанин генералан директоран маркетингехула волу гӀовс, маркетинган вице-президент белхаш бира. 2000—2004 шерашкахь — ОАО «Грознефтегазан» инарлин директор. 2004—2007 шерашкахь — ОАО "НК «Роснефтан» оперативан урхаллин а, мониторинган а департаментан директоран хьалхара гӀовс, маьхкдаьттагазйаккхаран департаментан директоран хьалхара гӀовс. 2007—2015 шерашкахь — ООО "Компания «Полярное Сияние» генералан директор. 2016 шеран мартера 2017 шеран август кхаччалц — ПАО АНК «Башнефтан» оперативан урхаллин департаментан директоран гӀовс[2]. 2017 шеран августехь ПАО АНК «Башнефтан» директорийн Кхеташонан ДаржехӀотторан а, совгӀатдаран а комитето магорца чӀагӀдина Хамидов Баудин ООО «Соровскнефтан» генералан директоран дарже хӀоттор[3]. СовгӀаташ: Сийлаллин Орден[4] (2005 ш.), Сийлахь маьхкдаьттадаккхархо.
Доьзалла
бӀаьра нисйанШи кIант, ши йоI.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Баудин Хамидов назначен генеральным директором ООО «Соровскнефть» Архивйина 2017-11-07 — Wayback Machine
- ↑ Баудин Хамидов назначен генеральным директором ООО «Соровскнефть» 25 Авг 2016
- ↑ http://www.angi.ru/news/2840680-%D0%93%D0%B5%D0%BD%D0%B5%D1%80%D0%B0%D0%BB%D1%8C%D0%BD%D1%8B%D0%BC-%D0%B4%D0%B8%D1%80%D0%B5%D0%BA%D1%82%D0%BE%D1%80%D0%BE%D0%BC-%D0%9E%D0%9E%D0%9E-%D0%A1%D0%BE%D1%80%D0%BE%D0%B2%D1%81%D0%BA%D0%BD%D0%B5%D1%84%D1%82%D1%8C-%D0%BD%D0%B0%D0%B7%D0%BD%D0%B0%D1%87%D0%B5%D0%BD-%D0%91%D0%B0%D1%83%D0%B4%D0%B8%D0%BD-%D0%A5%D0%B0%D0%BC%D0%B8%D0%B4%D0%BE%D0%B2(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 07.04.2005 года