Харьковщенко Игорь Александрович (укр. Ігор Олександрович Харковщенко, 1967 17 январь, Одесса, УССР) — советийн а, украинийн а футболист, турсло, тӀаьхьа — тренер.

Футбол
Харьковщенко Игорь
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Харьковщенко Игорь Александрович
Вина терахь 1967 шеран 17 январь({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (57 шо)
Вина меттиг Одесса, Украинийн ССР, ССРС
Гражданалла
Локхалла 178 см
Йозалла 73 кг
Позици турсло
Кегийрхойн клубаш
Байракх ССРС Черноморец (Одесса)
Клубан карьера[* 1]
1983—1984 Байракх ССРС Черноморец (Одесса) 0 (0)
1985—1991 Байракх ССРС СКА (Одесса) 236 (8)
1992 Украинин байракх СК Одесса 26 (4)
1993 Украинин байракх Норд АМ Подолье 33 (2)
1994—1995 Украинин байракх Верес 47 (2)
1995—1996 Украинин байракх Буковина 38 (0)
1996—1997 Украинин байракх Днепр 33 (4)
1997  Украинин байракх Днепр-2 1 (0)
1998 Российн байракх Газовик-Газпром 7 (0)
1998  Болгарин байракх Левски 3 (0)
1999 Болгарин байракх ЦСКА (София) 2 (0)
1999 Болгарин байракх Ботев (Враца) ? (?)
2000 Российн байракх Металлург (Липецк) 23 (0)
2001 Молдавин байракх Шериф 19 (0)
Тренеран карьера
2002—2004 Украинин байракх Арсенал (Киев) тренер
2005—2006 Украинин байракх Металлург (Запорожье) тренер
2007—2008 Российн байракх Сахалин
2008—2009 Российн байракх Терек тренер
2010 Украинин байракх Днестр тренер
2011—2012 Кхазакхстанан байракх Тобол тренер
2013—2016 Украинин байракх Говерла тренер
2018—2019 Украинин байракх Минай
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Карьера игрока

бӀаьра нисйан

Кхиийна одесского «Черноморцан» футболан ишколо. Хьалхара тренераш — Черкасский Матвей а, Иваненко И. а. 1983 шарахь карьера йолийра «Черноморцан» резерван командехь. 1985 шарахь дехьавелира одессин СКА, цунна йукъахь левзира 8 шарахь. 1993 шарахь чӀагӀйира хмельницкийн клуб «Норд АМ Подолье». Чемпионат 1993/94 шеран Ӏайн заманахь сецчи дехьавелира ровнон «Вересе», иза ловзуш йара украинин футболан лакхарчу лигехь. 1995/96 шарахь вара черновцин «Буковинехь». 1996 шеран аьхка кхайкхира днепропетровскан «Днепр» йукъа. Куьйгаллехь Грозный Вячеслав волуш командин капитан вара[1].

1998 шо долалуш дӀавахара Россех, эха шарахь левзира «Газовик-Газпром» (Ижевск) клубехь. 1998 шеран аьхка кхелхира Болгаре, цигахь Грозный Вячеславан куьйгаллехь левзира «Левски» клубехь[2]. Харьковщенко ловза волавелира коьртачу командехь, амма «А» тобанехь 3 матч левзина йисинчу хенахь шен чевнашна дарба лелийра. 1999 шарахь дехьавелира гуттаренна а «айсийначаьрца» мостагӀалла лелочу софийн ЦСКА. Иштта турсло хилира дуьххьалалера легионер, болгарин футболан коьрта шахьрера шинне а грандан йукъахь ловза кхиина. «Эскархошна» йукъахь украинхо чӀагӀ ца велира, тренеран штабан шех дог даьккхина команда йитира. Софийн ЦСКА йукъара дӀаваханчул тӀаьхьа цхьаьна хенахь левзира «Ботевхь» (Враца). 2000 шарахь левзира липецкан «Металлургехь». 2000/01 шеран Ӏайн заманахь дехьавелира тирасполан «Шерифе». Цхьаьна шарахь Молдавехь левзина цӀа вирзира Украине, цигахь левзира одессин йезархойн командашкахь «Ласуня», ИРИК, «Сигнал», «Иван». 2005 шарахь чекхйаьккхира ловзархочуьнан карьера.

Тренеран карьера

бӀаьра нисйан

Ловзархочуьнан карьера чекхйаьлча тренеран гӀуллакх долийра. Йуьхьанца гӀодеш вара Грозный Вячеславан киевн «Арсенал», запорожьен «Металлург», Соьлжа-ГӀалара «Терек» командашна йукъахь. 2007—2008 шерашкахь болх бира къилбасахалинан «Сахалин» клубан тренеран штабехь. 2010 шеран январехь дуьйна болх бира овидиополан «Днестран» коьрта тренеран ассистентан даржехь. 2013 - 2016 шерашкахь болх бира ужгородан «Говерлин» коьрта тренеран ассистент.

2018 шарахь коьрте хӀоьттира ужгородан «Минайн», иза ловза йолайелира Украинин шолгӀа лигехь. 2018 шеран августехь «Вересан» дуьхьалчу матчал тӀаьхьа билгалвелира матчан коьрта арбитрех Козорог Кристинех Ӏаткъаме сексистийн дешнашца: «Нагахь зуда футбол йевзаш йацахь, цуо бераш дан деза. Бераш дан деза, матчийн суьдхо хила ца еза»[3]. ФК «Минай» осудил слова тренера, а также оштрафовал его[4].

2019 шеран 2 майхь коьрта тренеран дарж дитира, ткьа куьйгалло шен агӀора иза тӀеийцира[5].

Ловзархочун

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан