Хотталург дожар
Хотталург дожар (инг. substantive case, оьрс. вещественный падеж) хIара дожар нохчийн а кхи массехь маттехь бен дац. ЦӀердешан хотталург дожаро - хӀуманах йина йолу материал, я цунах цхьа дакъа схьадоккхуш долу дерриге а гойту. Хотталург дожаро жоп ло «стенах?» йа «хьанах?»[1].
Хотталург дожар нохчийн маттахь
бӀаьра нисйанНохчийн маттахь хотталург дожаро гойту- объект объектахь йазар; къамел хьанах, стенах лаьцна ду; хӀума стенах йина йу и. дӀ. кх.[2].
Хотталург дожаро - «стенах?» йа «хьанах?» хаттарашна жоп ло[3].
Чакхенаш хӀокха дожаре ишт хуьла: -ах, -ех, -х.
Масала:
- Вахех йалла йахалур йацара Милана. ( хьанах йалла? )
- Соьлжех кхеташ хи ду Орга. ( стенах кхетта Орга?)
- Ненах хаьдда, доьлхуш хийзира бер. ( хьанах хаьдда бер?)
- Нана дийцахь суна Даймахках лаций. (стенах лаций дийца?)
- ↑ А.И. Халидов. .
- ↑ .
- ↑ Infourok Ц1ердош а,билгалдош а .Карладаккхар. 4 кл . Инфоурок. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 6 июль.