Хурцилава, Муртаз Калистратович

ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Хурцила́ва Мурта́з Калистра́тович (1943 шеран 5 январь, Бандза эвла, Гегечкоран кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн а, гуьржийн а футболист, турсло а, тренер а. ССРС спортан говзанча (1962), ССРС спортан дуьненайукъара классан говзанча (1966), ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1969).

Футбол
Хурцилава Муртаз
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Хурцилава Муртаз Калистратович
Вина терахь 1943 шеран 5 январь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (81 шо)
Вина меттиг Бандза эвла, Гегечкоран кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС
Гражданалла  ССРС
 Гуьржийчоь
Локхалла 175 см
Йозалла 76 кг
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1961—1975 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 293 (15)
1975—1976 Байракх ССРС Торпедо (Кутаиси) 47 (4)
Тренеран карьера
Байракх ССРС Локомотив (Самтредиа)
1977 Байракх ССРС Динамо (Зугдиди)
1982 Байракх ССРС Гурия
1987—1989 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) гӀоьнча
1990 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гурия
1993—1994 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Шевардени 1906
1994—1995 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Самтредиа
1996, март-апр. Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Шевардени 1906
1996—1997 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Одиши (Зугдиди)
1998—1999 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Динамо (Тиблиси)
1999 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Локомотив (Тиблиси)
1999—2001 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь (кегийр.)
2001—2003 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь гӀоьнча
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Мюнхен 1972 футбол
Европин чемпионаташ
Дети Бельги 1972
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

ССРС гулйина командин ловзархо. ССРС гулйина командин йукъахь 4-гӀа меттиг йаьккхина 1966 шеран дуьненан чемпионатехь. Хурцилава, гуьржийн ловзархойх, шиннах цхьаъ хилла Советийн Союзан къоман командин капитан хӀоттийна — и сий дина шолгӀаниг вара Чивадзе Александр. ССРС чемпионатехь левзира тибилисин «Динамохь» Лакхарчу лигехь, кутаисин «Торпедохь» Хьалхарчу лигехь.

Левзина ваьлчи тренеран болх бира. 1990 шарахь цуьнан куьйгаллица Ланчхутера «Гурияс» Гуьржийчоьнан Кад баьккхира, ткъа 1995 шарахь «Самтредиа» клуб хилира мехкан вице-чемпион.

1998 шеран апрелера 1999 шеран май кхаччалц кечйира Динамо (Тиблиси)[1][2].

1999 шеран майхь дуьйна — Гуьржийчоьнан кегийрхойн гулйина командин коьрта тренер, цуьнца цхьаьна 1999 шеран июнехь дуьйна — Локомотив (Тиблиси) клубан коьрта тренер[3]. Амма «Локомотиван» куьйгалхочун даржера шен лаамца дӀавелира 3 бутт баьлчи, шеш УЕФА Кедан 1/32 финалехь желтойн ПАОКан 0:7 эшча[4], ткъа 2001 шеран апрелехь тӀаьхьий-хьалхий кхузза эшча дӀавелира кегийрхойн гулйина командин коьртачу тренеран даржера а[5].

2001 шеран августехь Габелия Отарица цхьаьна хӀоттийна Чивадзе Александран гӀоьнча Гуьржийчоьнан къоман командехь[6]. 2003 шеран апрелехь, гулйина командин тренер Иво Шушак хӀоттийча, дӀавелира гулйина командин тренеран даржера[7]. ХӀинца веха Тиблисехь, гӀишлошйаран бизнес лелош ву[8].

Зуда а, ши доьзалхо а, кхоъ берийн бер а ду. КӀант Георгий — футболист, левзира гуьржийн клубашкахь, 1995 шарахь левзира АЦШхь «Ралли» клубехь (штат Къилбаседа Каролина)[9].

ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо (5): 1962, 1967, 1969, 1972, 1973

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан