Хьалхара адам
ХӀокху йаззамехь йа декъехь йу хьостийн исписка йа арахьара хьажоргаш, амма цхьацца чӀагӀдарийн хьосташ кхеташ ца хуьлу тӀетовжамаш ца хиларна. |
Хьа́лхара ада́м — адаман тайпанан да. Тайп-тайпана областера хааран гергара, амма хаьржинчу некъе хьаьжжина тайп-тайпана маьӀна долу кхетам.
Динехь
бӀаьра нисйанКъуръанца исламехь
бӀаьра нисйанАдамах лаьцна дийцар далош долу инжийлах къасташ, Къуръанехь Адам хьахаво масех сураташкахь. Цуьнан цӀе хьахош цхьацца аяташ Къуръан чохь даьржина ду.
Къуръанехь дуьйцу, АллахӀа Адам поппарах кхоьллина (Къуръан 32:6-7, 38:71, 15:28), цул тӀаьхьа маликашна хаийтина, хӀинца дуьйна адам хир ду Дуьнен тӀехь халиф (Къуръан 2:30, 38:26), цул тӀаьхьа маликашка сужда де Адаман аьлла (Къуръан 2:34, 7:11, 15:29, 18:50). Маликаша сужда дина, дуьхьала даьлла курадаьлла Иблис (Къуръан 7:11, 38:73-74). Адаман зуда кхоллар Къуръанехь ца яздо, цуьнан цӀе а ца хьахайо.
АллахӀа Адам шен зудчуьнца ялсаманан беша хаийна, латтийна царна даар, малар, паргӀато, цхьа бехкам а бина — «аьттехьа ма гӀуо диттана», дӀакхайкхийна жоьпалла а, тӀаьхьало а (Къуръан 7:19, 20:118-119, 2:35). АллахӀа хаийтина Адаман шайтӀанан зулам дан лаар, иза мостагӀ хилар а (Къуръан 20:117). Шайтано дийцина Адаман диттах дерг, «гуттаренна а вехар ву, Ӏедал хир» аьлла (Къуръан 20:120).
Адама шен зудчуьнца кхаьллина бехкаман диттан стоьмаш, цул тӀаьхьа иэхь хийтира, хааделира шайн бехкен меттигаш ерзина хилар, сихбелла гӀашца къовлабала буьйлабелира (Къуръан 20:121). И аят аллегорин ду, ма-дарра аьлчи цуо дуьйцург дуьххьара Адам шен зудчунца хилар ду, хьал хӀоьттина, хӀинццалц цӀена йолу адаман бехкен меттигаш «иэхье меттигаш» хилира.
Бехкам бохорна АллахӀа Адам зудчуьнца воссаво ялсаманан бешара зуламан латта тӀе (Къуръан 2:38, 7:24-25), амма дохко вала меттиг юьту. Адам зудчуьнца дохко бевлира, тӀе а ийцира церан тоба (Къуръан 7:23, 2:37).
Гечдина доллушехь Адам зудчунца Дуьнен тӀехь даха дитира. АллахӀа Адам нийсачу новкъа ваьккхира, Адам а, цуьнан зуда а, церан тӀаьхье а лиеш хир йолуш (Къуръан 20:122, 7:24-25). Адаман тӀаьхьешна АллахӀа белла харжам — машарехь а, бертахь а дахар, я тӀом бар, вовшенна мостагӀий хилла (Къуръан 7:24-25, 20:123-124).
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- оьрсийн маттахь
- Тренчени-Вальдапфель И. Общественный фон для двух мифов об Адаме // Происхождение Библии, М., 1964;
- кхечу меттанашкахь
- Beck Е., lblis und Mensch, Satan und Adam: der Werdegang einer koranischen Erzählung, «Le Museon», 1976, v. 89, fasc. 1-2.
- Gunkel Н., Die Urgeschichte und die Patriarchen, Gott., 1911;
- Hubner P., Vom ersten Menschen wird erzählt in Mythen, Wissenschaft und Kunst, Düsseldorf, [1969];
- Patai R., Adam we-Adamah, Jerusalem, 1942;
- Quispel G., Der gnostische Anthropos und die jüdische Tradition, «Eranos Jahrbuch», 1953, Bd 22;
- Röhrich L., Adam und Eva, [Stuttg.], 1968;
- Scһöpfungsmythen, Darmstadt, 1977;
- Strothmann F., Die Anschauungen von der Weltschöpfung im alten Testament, Münster. 1933;
- Westermann C., Der Mensch im Urgeschehen, «Kerygma und Dogma», 1967, Jg. 13, H. 4.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Марков А. В. Происхождение и эволюция человека. Обзор достижений палеоантропологии, сравнительной генетики и эволюционной психологии. Архивйина 2009-11-14 — Wayback Machine Доклад, прочтенный в Институте биологии развития РАН 19 марта 2009 г.
- Предыстория человека
- Африканская сказка о сотворении человека
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |