ХӀу дӀадолуш йолу тайпанаш
ХӀу дӀадолуш йолу тайпанаш (инг. Endangered species, EN) — тӀейогӀучу хенахь дерриг дуьненахь я цхьа пачхьалкхехь хӀаллакхила кхерам болу биологин тайпанаш ду. Уьш дӀаяларан бахьанаш хила тарло доккха доцу масалла а, Ӏаламан Ӏаткъам а, зуламхойн (браконьерийн) таллар а.
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/5/5b/Bufo_periglenes2.jpg/285px-Bufo_periglenes2.jpg)
Хьалхалерачу заманахь нах дийнаташна сагатдеш бацара. Шайн кхача кечбан а, цӀокаш ян а, дийнаташ луш кхиболу гӀирс а дуьхьа мел оьшу хӀаллак йора уьш. Адамаш а, йохк-эцар а совдалар бахьана долуш цхьайолу тайпанаш хӀаллакхилла меттиг бара. XVI-чу бӀешерахь нахана дагадеара дийнаташ ларъян езар. Цу заманахь юкъадаьккхира хьалхара талларан дехкарш. Амма оцу дехкаран цхьа Ӏалашо яра — дийнатийн дукхалла меттахӀоьттича тӀаьхьа таллар дӀадоладар.
Ткъа юьхьанцара, таллар а, кхидолу дийнатийн хӀаллакдар а доьхкуш долу низамаш юкъадаьхна XIX-чу бӀешеран чаккхенгахь. ХӀунда аьлча, цу оьмарехь Европехь цхьацца дийнаташ (масала буланаш, оьрс. зубр) хӀаллакхуьлуш яра — 1627-чу шарахь хӀаллакхилира тур а, дӀайолуш яра тарпан а. 1918-чу шарахь тарпан дуьнен тӀера яйна дӀайелира. Дукхачу пачхьалкхашкахь хӀу дӀадолуш йолу тайпанаш лардеш Ӏедалш ду: масала, таллар дехкар а, цхьадолу латтанех пайда эцар дехкар а, йихкина меттигаш (оьрс. заповедник) кхоллар а. Де-факто хӀу дӀадолуш йолу тайпанийн юридикан гӀо кӀеззигчу барамехь бен ца хуьлу. Юкъаралло кхин гӀо ца деш и тайпанаш хӀаллакхуьлу.