ЦХР уездаш
Уезд (ций. 县, : xiàn, : сянь) — Цийн уездан тІегІанера коьрта административан дакъа. Уездаш гуттаренна а хилла Цийхь ТІом беш йолу пачхьалкхийн муьрера дуьйна (вайн эрал III бІешо хьалха), аьлчи а, шортта хьалха, Цийн кхин муьлххачу административан декъал. Цинь Шихуандис дуьххьала пачхьалкх цхьанатоьхча тойира цуьнан административан-мехкан структура, Цийхь йира 1000 уезд гергга.
Императоран Цийхь уезд ладаме административан дакъа дара, иза лахара тІегІа яра империн бюрократин структура — кхин а лахарчу тІегІанера урхалла лаьттара формалан а, бюрократин а йоцу системехь.
Цийн Республикин правительство дІаехира административан йекъайаларан ах тІегІанаш, кхин а гІоьртира кхолла уездан лахара волостан тІегІа. И кхаа тІегІан система официалан схьаийцира 1949 шарахь Цийн Халкъан Республико. Тахана ЦХР-ехь ю меттигерачу шеш-шайна урхаллин пхиъ тІегІа: провинци, гуо, уезд, волость, юрт. 1980-1990-гІа шерашкахь ЦХР цхьа могІа уездех йира галин уездаш.
ХӀара пачхьалкхашІаморехула чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀара Цийх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |