ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

ЧагӀалкх[1][2], ТӀур[3] (лат. Canis aureus) — барзах тера йу иза, цул дегӀана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду цӀока берзачул сирла йу цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу хӀумнаш йоу чагӀалкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чагӀалкхо, тӀаьхьара дӀа а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, йа лекъ и тайпа хӀума топ а тоьхна йийчи иза тӀекхачале лачкъайо чагӀалкхо. ЙаахӀума чохьйолу тӀоьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чагӀалкхо дӀахьо. УгӀар тамашена ду чагӀалкхан, цкъа жӀалех угӀу иза, тӀаккха бер доьлхуш санна йека[2].

ЧагӀалкх
Тель-Авивера Йаркон цӀе йолу бешара чагӀалкх
Тель-Авивера Йаркон цӀе йолу бешара чагӀалкх
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Canis aureus Linnaeus, 1758
Ареал
сурт
Ларйен статус

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. «Русско-чеченский словарь» (авторы — А.Т. Карасаев, А.Г. Мациев)
  2. 1 2 Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а.(нох.). — Соьлжа-ГIала (Грозный), 1992.
  3. Алироев И. Ю. Сравнительно-сопоставительный словарь отраслевой чеченского и ингушского языков и диалектов. — Махачкала: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1975. — С. 94. — 386 с. — 550 экз.