Чан
Чан — органиках йа минералах йевлла кегийра чӀогӀа дакъолгаш йу. Чан йу жима, диаметр микронан дакъош тӀиера максимум — 0,1 мм кхаччалца йолу дакъолгаш. Цул даккхийра дакъолгаш гӀамарш йукъара лору, церан барам 0,1 - 5 мм хуьлу.
ХӀусаман чан
бӀаьра нисйанХӀусаман чена йукъахь йаха ховша таро хуьлу хӀусаман ченан веччалгаш, уьш йу сапротрофаш. Адаман герга елахь а, ша сапрофит кхераме йац — цуо йуург ца талхайо, уьнан лазарш а ца даржадо, кхечу садолчу хӀуманаш санна, масала, дехкий, мукхадехкий, мозий, чхьаьвригаш. Иштта веччалгаш паразитийн зирхӀ дӀаса а ца хьо (чхьавригаш а, зингаташ а санна). Амма хӀусаман ченан веччалгийн дахаран сурсаташ уггар доккха бахьна ду аллергин а, астман а лазараш хиларан.
Чорда къевлинчу квартирехь шина кӀирнаха охьахуу 12 эзар гергга ченан дакъолгаш 1 квадратан сантиметр цӀенкъан а, ирх лаьттачу мебелан а. Оцу ченалахь ду 35 % минералан дакъолгаш, 12 % текстилан а, кехатан а хьасанаш, 19 % цӀуокан пелагаш, 7 % зезаган дургалш, 3 % кӀурзан а, кӀуран а дакъолгаш. Йисина 24 % билгалъяьлла йоцу, космосан чан[1] ю. Компьютеран модель ечу хенахь Аризонан университетан Ӏилманчашна карийра, талам бечу меттигашкахь ченан дукхаха долу дакъа адаман хӀусам чукхочу хӀавааца, боьхачу мачех а, духарах а ца йолу[2].
Ченаш лелхар
бӀаьра нисйанЧенан (ченахӀаваийн эдарш — аэрозолаш) чухоаман эккхар ду химин кхолларийн кхерамех цхьаъ, хуьлу доза долчу шортенехь (гӀишлойн чоьнаш чохь, тайп-тайпанчу гӀирсаш чохь, ломах йаьхначу шахташкахь). Ченан лелхарш хила тарло дамадаккхарехь, ялтийн элеваторашкахь (деман чан) иза басарех, саьнгалх, шекарх, кхечу чанкепарчу дуучу сурсатех кхетча, кхин а пластмассаш, молханийн препараташ, дагор охьу чархаш тӀехь (кӀоран чан), текстиль дарехь.[3][4]
Атмосферан чан
бӀаьра нисйанСхьайалар
бӀаьра нисйанМохо чан ойу латтах, ораматаш аракхуссу дургал, тӀаплаьмнаш аракхуссу чим иштта кхин дӀа а.
Чено климатан бе Ӏаткъам
бӀаьра нисйанАтмосферера ченан барамо боккха Ӏаткъамбо климатан. Ченан дакъолгаш дӀахӀуду мелхан радиацин дакъа, ткъа кхин а конденсацин хӀоьънаш дакъалоцу мархаш кхуллуш[5].
Чан оьздангаллехь
бӀаьра нисйанХьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Илонова В. А., «Откуда родом пыль?», М.: «Санитарное просвещение», 1996 г.
- ↑ Ученые смоделировали ... домашнюю пыль . iScience.ru. iScience.ru (12 ноября 2009). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 6 март. Архивйина 2011 шеран 24 августехь Архивйина 2011-11-13 — Wayback Machine
- ↑ Предупреждение и локализация взрывов газа и пыли в угольных шахтах
- ↑ Процесс взрыва пыли
- ↑ Анна Говорова. Атмосферная пыль Земли удвоилась . Новостной проект Infox.ru. ООО «Инфокс-Интерактив» (16 января 2011). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 21 февраль. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
- ↑ LABORAрTORIA — LAB EXPO Архивйина 2018-01-15 — Wayback Machine