Чемпион
Чемпио́н (инг. champion схьадаьлла лат. campio) — цхьана спортан къийсамехь толам беккхина спортсмен йа спортан тоба.

Бувайсар Сайтиев, кхуза Олимпиадан чемпион, 6-за дуьненан чемпион
Цхьаболу спортан тайпанашкахь лакхара кхиам бу дуьненан чемпиона хилар. Олимпийн чемпион ву Олимпиадехь толам беккхина спортсмен йа спортан тоба. ШозлугӀа меттиг яккхинчарех (дато мидал) олу вице-чемпион.
Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошаман тӀехь яздина, чемпион ву суьдехь цхьана стаган метта къамел деш волу стаг аьлла. ТӀаьхьа чемпион олура шен лаамца миска нахега гӀо доккхуш волу рыцарех[1].
Ушакован дошамас боху чемпион цхьаьнге гӀо доккхуш волу стаг ву аьлла[2].
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Чемпион — Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона Архивйина 2014-09-02 — Wayback Machine
- ↑ Чемпион — Толковый словарь Ушакова(ТӀе цакхочу хьажорг)