Сергей Георгиевич Чепелюк (1921 шеран 9 сентябрь, Приморьен мохк — 1985 шеран 19 июль, Москох) — кеманхо, генерал-майор, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Сергей Георгиевич Чепелюк
Вина терахь 1921 шеран 9 сентябрь({{padleft:1921|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1985 шеран 19 июль({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (63 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа военно-воздушные силы
Дарж инарла-майор, генерал-майор авиации
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Октябрьской Революции орден Красного Знамени орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Красной Звезды орден Славы

Чепелюк вина 1921 шеран 9 сентябрехь Приморскан махкан Дальнереченск гӀалахь. Иза оьрси вара. И жима волуш хенахь цуьнна доьзалла Соьлжа-ГӀала схьабеара. Кхузахь цо итт класс чекхйаьккхира[1].

1942 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Цо чекхйаьккхира Оренбурган эскаран авиацин кеманхойн школа. 1942 шеран декабрь дуьйна иза тӀамтӀехь вара. 1942 шо дуьйна Чепелюк КПСС декъашхо вара. Цкъа хьалха цо Къилбаседе Кавказ ларйаш тӀом бира, цул тӀаьхьа хилира Курскан тӀом а, Днепр хих дехьдовларан тӀом а, Украинин малхбузе бердан тӀехь тӀом а, Яссо-Кишинёван операци а, Румыни а, Болгари а, Венгри а мукъайаккхар а[1].

1944 шеран июлеь мостагӀийн эскар дара Бялы Камень юртан уллехь гуо бийна лаьтташ. Царна тӀе бомбанаш тоха аьлла омра делира Чепелюкан Ил-2 штурмовикийн тобане. Цу меттехь оцу дийнахь хенахӀоттам дика бацар — хӀаваэхь дукха кӀур бара. Кеманаш цу метте дӀакхаьчча зениткаш тӀе ятта ца йолайелира шаьш гучуйовла кхерам бахьнехь. Кеманаш гуо биначун эскаран тӀоьхула масийтта гуо бира Ӏалашонаш лоьхуш. Шайна Ӏалашонаш карийча кеманаш бомбанаш тӀетуьхийра. Кеманаш мостагӀан доккха зен дийра. ТӀаккха лаьттахь долу советан эскаран аьтту белира оццу дийнахь гуо бина немцой хӀаллакбан. 1944 шеран июнь кхачале Чепелюкс шен кеман тӀехь кхимца кхочуш дира 155 тӀеман тӀемавалар. 44 хӀаваан латарехь цо ша кхоъ мостагӀийн кема чудаийтира, тобанехь кхи шиъ хӀаллакдира[1].

1944 шеран 26 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Чепелюкан Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

ТӀема хенахь Чепелюкс кхочуш дира 200 гергга тӀеман тӀемавалар, хӀаллак бира дукха мостагӀийн салтий а, бронетехника а. 50 хӀаваан латарехь цо ша чудаийтира кхоъ мостагӀийн кема, кхиъ кхоъ цо хӀаллакдира тобанехь[1].

ТӀом чекхбелча Чепелюк ЦӀен Эскарехь болх беш вара. Цо карадерзийра реактивны кеманаш. 1951 шарахь цо чекхйаьккхира ХӀаваан Эскаран академи, 1954 шарахь — оцу академехь йолу адъюнктура. Иза вара полкан а, дивизин а куьйгалхо. 1976 шарахь цо чекхйаьккхира Коьрта штабан Эскаран академи. Иза СССР Оборонан министерствехь лакхара даржехь вара. 1984 шарахь иза тӀаьхьаллоне велира, цул тӀаьхьа Москвахь Ӏаш вара. Велира 1985 шеран 18 июлехь. ДӀавоьллина Кунцеван кешнашкахь[1].

ДагӀахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Москвахь иза Ӏийна цӀенон тӀехь хӀоттийна мемориалан у[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан