Чили́ев Му́са Мажи́дан воӀ (вина 1955 6 июнь, ГӀиргӀазойн ССР Фрунзехь) — российн а, гӀалгӀайчоьнан а политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, ГӀалгӀайчоьнан правительствон председатель (2011—2013), Федерацин Кхеташонан декъахо (2018 шерера 2019 шеран сентябрь кхаччалц).

Чилиев Муса Мажидан воӀ
Чилиев Муса Мажидан воӀ
Республика ГӀалгӀайчоьнан Правительствон пачхьалкхан Ӏедалан кхочушдаран меженашкара Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо
 — 2019 шеран 8 сентябрь
Хьалха хилларг Дидигов Мухарбек
Когаметтаниг Барахоев Мухарбек
Республика ГӀалгӀайчоьнан Правительствон председатель
(д. кх. 2010 шеран 10 март — 2011 шеран 21 март)
 — 2013 шеран 19 сентябрь
Хьалха хилларг Воробьёв Алексей
Когаметтаниг Мальсагов Абубакар
Вина терахь 1955 шеран 6 июнь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (69 шо)
Вина меттиг ССРС, ГӀиргӀазойн ССР, Фрунзе
Дешар
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Вина 1955 шеран 6 июнехь ГӀиргӀазойн ССР Фрунзе гӀалахь (хӀинца Бишкек)[1].

1977 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет оьрсийн меттан а, гӀалгӀай меттан а, литературин а хьехархочуьнан квалификацица.

Ишколан хьехархо, цул тӀаьхьа ишколан директор болх бира. 1991 шарахь кхелхира Москоха, волавелира хьуьнарчалла лело[2].

2004 шарахь йаьккхира лакхара экономикин говзалла шен хьахалерачу alma materехь, оцу хенахь цӀе хийцина йара «Нохчийн пачхьалкхан университет» аьлла.

Политикин карьера

бӀаьра нисйан

2004 шарахь дуьйна — Российн Къинхьегаман а, социалан лардаран министраллин цхьаьна департаментан куьйгалхочун гӀовс. 2009 шарахь ГӀалгӀайчоьнан президентан Евкуровн омарца хӀоттийра финансийн министран а, Республика ГӀалгӀайчоьнан Правительствон председателан гӀовсан а дарже, ткъа 2010 шеран 10 мартехь хилира правительствон председателан декхарш кхочушдийриг[3].

2011 шеран 21 мартехь Республика ГӀалгӀайчоьнан Халкъан Гуламан депутаташа рогӀера доцучу ховшаршкахь берриш реза болуш къобал вира Чилиев правительствон председателан даржехь[4] (президентан Евкуровн № 186 йолу 2013 шеран 19 сентябран омарца ГӀалгӀайчоьнан керла премьер-министр хӀоттийна Мальсагов Абубакар[5]).

2018 шеран 9 сентябрехь Халкъан гуламан депутаташа керлачу хенан йухахаьржина волу президент Евкуровс, дӀакхайкхийра Чилиев Мусан Федерацин Кхеташонан декъахочун — кхочушдаран Ӏедалан меженийн векалан бакъонаш йалар[6].

2019 шеран 26 июнехь президента Путина тӀеийцира Евкуровс дарж дитар, цуьнан меттана ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хӀоттийра Калиматов Махьмуд-Ӏали[7].

2019 шеран 8 сентябрехь Калиматовс Федерацин Кхеташонехь ГӀалгӀайчоьнан кхочушдаран Ӏедалан векал хӀоттийра Барахоев Мухарбек. Иштта, Чилиевн йуьззина йолу бакъонаш дӀаевлира[8].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Чилиев Муса Мажитович. Избирательная комиссия Республики Ингушетия. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь. Архивйина 2021-10-28 — Wayback Machine
  2. Хусейн Таргимов. Муса Чилиев стал новым сенатором от Ингушетии. gazetaingush.ru (2018 шеран 9 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь.
  3. Чилиев Муса Мажитович. Кавказский узел (2011 шеран 30 март). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь.
  4. Муса Чилиев утвержден на должность премьер-министра Ингушетии. Regnum (2011 шеран 21 март). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь.
  5. О Председателе Правительства Республики Ингушетия. Указ № 186 от 19 сентября 2013. ingushetia.ru (2013 шеран 27 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь.
  6. Сенатором от Ингушетии назначен бывший премьер республики Муса Чилиев. Коммерсантъ (2018 шеран 9 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь.
  7. Путин принял отставку Евкурова. Его сменит бывший прокурор. Русская служба Би-би-си (2019 шеран 26 июнь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 30 сентябрь.
  8. Глава Ингушетии назначил сенатором Мухарбека Барахоева. Коммерсантъ (2019 шеран 8 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 30 сентябрь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан