Российн Федерацин Федералан Гулам
Росси́йн Федера́цин Федера́лан гулам — Российн Федерацин парламент, Российн векалийн а, пачхьалкхан Ӏедалан закононашкхолларан меженаш.
Российн Федерацин Федералан гулам | |
---|---|
Тайпа | |
Тайпа | шинапалатин парламент |
Палаташ |
Федерацин кхеташо Пачхьалкхан дума |
Куьйгалла | |
Федерацин кхеташонан председатель |
Матвиенко Валентина с 2011 шеран 21 сентябрь |
Пачхьалкхан думин председатель |
Володин Вячеслав с 2016 шеран 5 октябрь |
Структура | |
Декъашхойн |
620 (царна йукъахь: 170 Федерацин кхеташонехь, 450 Пачхьалкхан думехь) |
Федерацин кхеташо Комитеташ |
10 комитет а, 3 комисси а
Комитеташ
Комиссеш
|
Пачхьалкхан дума Комитеташ |
|
Харжамаш | |
Федерацин кхеташо Кхаж тасаран система | хӀиттайо мехкан хьесапашца |
Пачхьалкхан дума кхаж тасаран система | ийна |
Федерацин кхеташо ТӀаьххьара харжамаш | 1993 шеран 12 декабрехь |
Пачхьалкхан дума ТӀаьххьара харжамаш | 2021 шеран 17-19 сентябрехь |
Сайт | |
www.gov.ru |
Федералан гуламан Статус билгалйаьккхина Российн Конституцин 5 коьртехь. Федералан гуламан функцеш а, бакъонаш а йекъна шина палатин йукъахь — Пачхьалкхан думин (Россий Федерацин Федералан гуламан лахара палата) а, Федерацин кхеташонан (Россий Федерацин Федералан гуламан лакхара палата). Федералан гулам гуттаренна болх беш йолу меже йу. Палаташ цхьаьна хийшарш ца до, амма Российн Федерацин президентан кхайкхаме цхьаьна ладогӀа гулбала таро йу[1].
Структура
бӀаьра нисйанФедералан гулам лаьтта шина палатех: Пачхьалкхан думех а, Федерацин Кхеташонех[2].
Палатийн хӀоттам, иза гулбаран хьесапаш тайп-тайпана ду. Пачхьалкхан дума лаьтта 450 депутатах, уьш хоржу Ийна харжаман системица дуьххьала дӀа болу харжамашкахь. Федерацин Кхеташонан йукъавоьду Российн субъектийн шишша векал: векалийн а, кхочушдаран а пачхьалкхан Ӏедалан меженийн цхьацца векал (Российн Федерацехь 85 субъект йу, цигара схьа, Федерацин Кхеташонан 170 декъахо); кхин а Федерацин Кхеташонан йукъабоьлху президенто хӀиттош болу Российн Федерацин векалш, церан барам 30 стагал сов хила йиш йац, царех ворхӀаннал кӀезиг хӀотто йиш йу баллалц хан тоьхна. Кхин а Федерацин Кхеташонан валлалц болу меттиган бакъо йу Российн хилла президентийн[3].
Пачхьалкхан дума хоржу конституцица хӀоттийна ханна — пхеа шарна, ткъа Федерацин Кхеташонан шен хӀоттийна хан йац, амма цу тӀе Федерацин Кхеташонан декъахошна — Российн Федерацин субъектийн векалшна — Российн Федерацин субъектийн пачхьалкхан Ӏедалан меженийн бакъонаш дӀайовллалц хан ло[4]. Федерацин Кхеташо кхолларан низам а, Пачхьалкхан думин депутаташ харжаран низам а хӀоттадо федералан законашца. Цхьа стаг цхьаьна хенахь хила йиш йац Федерацин Кхеташонан а, Пачхьалкхан думин а декъахо.
Федералан гулам йукъара парламентан организм йу, иза цуьнан палаташ массо хенахь цхьаьна болх бо бохург дац. Цунна дуьхьала, Российн Федерацин Конституцис хӀоттийна, Федерацин Кхеташоно а, Пачхьалкхан думо а къаьстина хийшарш до. Палаташ цхьаьна гулйала тарой у Российн Федерацин Конституцис хӀоттийначу меттигехь — Российн Федерацин президентан кхайкхаме ладогӀархьама. Кхин а Конституцис магийна сенатораш а, Пачхьалкхан думин депутаташ а цхьаьна гулбала РФ президенте чӀагӀо йойтуш[5].
Парламентан центр
бӀаьра нисйан2000-гӀа шерашна йуккъехь дуьйна Россехь йийца йаьккхина Парламентан центран гӀишлон чохь Пачхьалкхан дума а, Федерацин Кхеташо а цхьаьнатохаран ойла[6][7]. 2012 шарахь и ойла тӀелецира президенто Медведев Дмитрийс[8]. Керла гӀишло йаран бахьна дуьйцура векалийн белхан кабинеташ готта хилар, церан белхан оьшу Москохара иттех адресера гуллакхаш генахь хилар, мехкан куьйгаллин гӀалин йуккъера Ӏедалан меженаш дехьайаха лаар, некъ бастархьама[8].
Центр хӀотто Москохан тай-тайпана кӀошташ кегийра: Кутузовн проспект, Фрунзен бердйист, «Москох-Сити», Тушинон аэродром, ЦӀен Пресня (стадионан меттехь), Москворецкан бердйист (Ракетийн эскарийн тӀеман академин йа «Росси» хьешан цӀенна меттехь), посёлок Коммунарка йолчура майда[7], парк «Музеон» а, Софийн бердйист. 2014 шеран сентябрехь хаьржира Мнёвниковн тогӀенера меттиг, цунна дуьхьала бевлира экологаш[9].
Федералан гуламан зорба
бӀаьра нисйанШайн болх бовзуьйтуш арахоьцу:
- «Парламентан газет»
- «Российн Федераци тахана» журнал
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Конституция России, ст. 95, 99, 100.
- ↑ Конституция России, ст. 95.
- ↑ Конституция России, ст. 95 п. 2.
- ↑ Конституция России, ст. 95 п. 3.
- ↑ Конституция России, ст. 82.
- ↑ Сергей Миронов выступит с предложением о строительстве Парламентского центра . Российская газета. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 февраль.
- ↑ 1 2 Строительство парламентского центра — Российская газета . www.rg.ru. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 февраль.
- ↑ 1 2 В Госдуме подтвердили переезд парламента в Нижние Мневники . Российская газета. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 февраль.
- ↑ Правительство Москвы собирается переселить российский парламент во Мнёвники . Гринпис России. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 февраль. Архивйина 2016-03-02 — Wayback Machine
Хьосташ
бӀаьра нисйан- Конституция Российской Федерации от 12.12.1993 // КонсультантПлюс. — 2014. — 1 августехь.