Чилин Депутатийн палата
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Депутатийн палата (испан. Cámara de Diputados) — Чилин парламентан лахара палата. Депутатийн палата лаьтта 120 декъашхочух, уьш хаьржина нисса кхаж тасарца, мохк бекъна, 60 харжамийн гуонехь (Республикин Конституцин 47 йаззам). Депутаташ хоржу 4 шеран, юха харжа таро а ю. Векалийн палатан Ӏалашо законаш Сенатаца а, Республикин Президентаца а цхьаьна тӀеэцар ю. Депутатийн палато терго йо пачхьалкхан Ӏедалан межешна тӀаьхь.
Чилин Депутатийн палата (Cámara de Diputados de la República de Chile) | |||||
| |||||
Лахара палата | |||||
Председатель | Алехандро Сепульведа Орбен | ||||
---|---|---|---|---|---|
--- партин юкъара | Маьрша регионан парти | ||||
--- хаьржина | 2010 шеран 11 март | ||||
Депутаташ | 120 | ||||
Политикин тобанаш (фракцеш) | Демократин реза партеш, Хийцамийн коалици | ||||
ТӀаьхьара харжамаш | 2013 шеран 17 ноябрехь | ||||
Веб-сайт | www.camara.cl |
Депутатийн кандидаташна болу бехкамаш бийцина Конституцин 48 йаззамехь:
1. Кхаж таса бакъо йолу гражданин хилар.
2. 21 шо хан кхаьчна хилар.
3. Йукъара ишкол йа цуьнан эквивалент чекхъяьккхина хилар.
4. Харжамаш хилале шина шерал алсама хоржучу харжамийн гуонехь вехаш хила везар.
Законаш дахаран процесс
бӀаьра нисйанКов:Политика |
Чили |
Серера йаззам |
Законаш дахаран процесс йолало законан проект депутатийн Сенате йа Палате дӀагайтарца (Республикин Конституцин 65 йаззам).
Законаш даха бакъо ю:
1. Республикин Президентан.
2. Цхьаьннан йа масех депутатан.
Цхьадолу бакъонан гӀуллакхаш, кхочушдаран Ӏедало кховдо бен мегаш дац, цундела кховдо ца мега Республикин Президенто бен.
Бухара гӀуллакхаш нис ца до деккъа президенто кховдорца бен:
1 — муьлхха а кепара налог юкъаяккхар, дӀаяккхар йа барам хийцар;
2 — керла йукъараллин гӀуллакх йа автономин, пачхьалкхан предприятешкахь белхан меттиг кхоллар, уьш дӀаяхар, церан функцеш а, бакъонаш а билгалъяхар;
3 — схьаэцар йа пачхьалкхан кредитан йа финансийн цхьаьнаэшараллан кхераме хӀоттон йолу кхин кепара операцеш яр;
4 — белхан алапан, пенсийн, жерой бисинчеран пенсийн, арендан мах, муьлхха а кхин кепара мехаш, пачхьалкхан администрацийн, урхаллийн, кхолламийн кредитан хӀоттаман барам хийцар, ткъа кхин а доларчу секторан белхалошна минимум белхан алапа хӀоттор;
5 — коллективан барт барехь хьолаш а, процедураш а хӀиттор;