Шада[1][2]йуьртабахаман хӀума дӀахьо куьйган гӀирс, леладо ахархоша йуьртан бахамехь йол а, кхин йуьртан бахаман сурсаташ тӀедуттуш а, охьадассош а, кхин а лаьттах Ӏуьрг доккхуш, цунна аэрировани йан йа латта охкуш.

Болатан шаданийн геннаш.
1 а, 2 а — элан.
3 — кхаьллин.
4 а, 5 а — орамстоьмийн.
Шада болатан а, дечиган а.
U-кепара шада
Шуьйра шада йа U-кепара йа грелинетта

Шаданан сурт а, лелор а нисйе бӀаьра

 
Йол шаданца тӀейоттар

Шада лаьтта: гӀолин тӀаьхь — дечиган 3—5 см диаметр а, дохалла 1,5 метр гергга йолу гоьрга гӀад — тӀечӀагӀйина болатан шада, цуьнан хуьлу масех (3—7) мелла а саттийна га[3] (рожков[2]), уьш конструктцица хӀиттина ду чӀергца. ГӀола геннел кӀеззиг йуханехьа сеттина йу, ана хьолехь йозаллин йукъ кӀеззиг лаха таттайалийта. Иза оьшу мохь дӀахьуш шада карахь ца хьийзийта. Кхин а йоьлан рагӀ йеш йа машенан тӀейуттуш а леладо йеха гӀаж йолу шада — 2,5 метр. Дайн дийннадечиган шишша йа кхоккха геннаш долу йоьлан шаданаш, до шалго дечигах.

Шаданан конструкци лерина йу семса ораматийн масса(йол, гӀаш, кхин дерг) тӀе а йоьллина дехьайаккха, иштта шаданийн коьрта болх Ӏуттуш бу. Шада леладо:

  • йол, кхаьлли, ча, йараш тӀейуттуш-йассош;
  • йол йакъош самсайоккхуш;
  • орамашна кислород латто Ӏалашо йолуш лаьттан аэрированина (Ӏуьрг даккхар).

Геннашна боьххьехь горгалг болу (аьрта шада) шада леладо картол а, кхин орамстоьмаш а охкуш, тӀейуттуш, кхин а кӀора буттуш. Ишттачу шаданийн алсама геннаш хуьлу, 10—12 кхаччалц. Кегийра, ши га долу, аьрта шаданаш, огуш хьаьттахь цӀевнаш лоьцу шада[4]. Эчиган кхаьлл йутту шада.

Шада-белан хуьлу диъ чӀапашоралла 2 см гергга га, леладо деза латта охкуш.

Шуьйра шада йа U-кепара шада йа грелинетта – уьш ши гӀаж йолу 20-46 см деха 3-8 га долу латта кӀоргера самсадоккхуш йа охкуш леладо (масала, шозлагӀа охкуш), кхин а ишттачу шаданан йоккха шоралло таро ло самсадаккхар-ахкар сихдан. Шина гӀажмо таро ло шина кога тӀехӀотта ишттачу шаданашна, лаьттаха дерриг геннаш чудахийтархьама. Лаьттан шуьйра чкъор цхьаьна гӀаж тӀехь карчоро и гӀаж кагор йара, ткъа шина гӀажжо таро ло алсамо ницкъ тӀебала шаданна. Интермаша-туькнашкара йерриг "инзаре-белаш" – уьш ма-дарра шуьйра шаданаш ду шиъ йа цхьаъ гӀаж йолуш, наггахь кхин тӀе зеразакъ а хуьлу, чкъор харцо атта хилийтархьама а, дика самсадаккхархьама а.

Шаданаш мифологехь а, сийлаллашкахь а нисйе бӀаьра

Керстачеран мифологехь шаданаша гойту жоьжахатийн шайтӀанийн гӀирс санна, леладо къинош дерг хьийзош. Кхолгу шадаИблисан атрибутех цхьаъ. Тера легендаш йолайелла антикин хӀордан дела ву боху Посейдонан (Нептунан) карахь чӀерийлецархочун кхолгу йолу суьртех. ЙуккъерабӀешерийн Европехь цуьнан а, цхьаболчу кхин шира делий бу боху (Панан, Силенин, Гефестан, кхин болчеран) суьрташ шайтӀанийн йа Иблисан суьрташ ду моьттура, ткъа кхолгу — шада ду моьттура.

"Саьрмик" журналан эмблема йара шада лаьцна цӀен саьрмикан сурт; журналан рубрикех цхьаьнан цӀе йара «Хиенах шада!».

Девзаш долу «Америкин готика» сурт тӀехь шада композицин йукъ йу, цуо гойту кхерам.

Ламастехь шада, церан «боьха» болх бахьнехь (цуьнца дӀайоккху кхаьлли а), цӀа чудахьа цамагадо (деккъа божална чу хьо ), дила а ца дуьлу — чӀогӀа бехделча, цӀанда арахь догӀнехь дуьту.

Фразеологизмаш нисйе бӀаьра

  • Шаданца хи тӀехь йаздина — шеконехь долу, билгалдоцу, хууш, хила тарлуш доцу хӀуманех.
  • Французашна шада а топ йу

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Вилы // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  2. 1 2 Вилы // Большая советская энциклопедия : в 66 т. (65 т. и 1 доп.) / гл. ред. О. Ю. Шмидт. — М. : Советская энциклопедия, 1926—1947.
  3. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху автоссылка1 тIетовжаран йоза йаздина дац
  4. Вянки // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.

Литература нисйе бӀаьра

  • Вилы // Товарный словарь / И. А. Пугачёв (главный редактор). — М.: Государственное издательство торговой литературы, 1956. — Т. I. — Стб. 872—874
  • Шангина И. И. Вилы // Русский традиционный быт: Энциклопедический словарь. — СПб.: Азбука-Классика, 2003. — С. 166—169. — 688 с. — 5000 экз. — ISBN 5-352-00337-X.