Швед Алексе́й Ви́кторович (вина 1988 шеран 16 декабрь, Белгород, ССРС) — российн профессионалан баскетболхо. Российн гулйина командин йукъахь борзанан мидалш йехира 2012 шеран Олимпийн ловзарийн а, 2011 шеран Европин чемпионатан а. 2012 шеран 20 августехь, 2012 шеран Олимпиадехь баскетболех ловзаран Российн гулйина командин йукъахь аьттонца левзинчул тӀаьхьа (Аргентинин дуьхьала кхоалгӀа меттиг къовсу ловзарехь тӀаьххьарчу минотехь Алексейс кхоьссина кхаа очконо толам баьккхира матчехь), Шведан йелира «Российн спортан хьакъ долу говзанча» цӀе.

Швед Алексей
Швед Алексей «Химки» духарца
Швед Алексей «Химки» духарца
Российн байракх ЦСКА— № 91
Позици Комбогард
Локхалла 198
Возалла 86
Гражданалла  Росси
Вина терахь 1988 шеран 16 декабрь({{padleft:1988|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (35 шо)
Вина меттиг Белгород, ССРС
Драфт КъБА ца хаьржина, 2010

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Лондон 2012 баскетбол
Европин чемпионаташ
Борза Литва 2011
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Карьера нисйе бӀаьра

Баскетболех ловза волавелла Белгородера № 1 СБЖОРИхь . Алексейн хьалхара тренер вара цуьнан да Швед Виктор Николаевич.

Иштта тренировкаш йира Штейнбок Анатоли волчохь а.[1]

Ловза тӀелата турслочун а, ловзар дӀахьо турслочун а позицешкахь. Левзина «Конти» (Петарбух), «Буревестник» (Белгород), ЦСКА (Москох), «Химки» кегийрхойн командашкахь. 2009/2010 шо чекхдаллалц левзина москохан «Динамо» йукъахь арендин бакъонашца.

Швед Алексейс дакъа лаьцна 2010 шеран КъБА драфтехь Забелин Артёмца цхьаьна, амма ца хаьржира хьалхарчу а, шолгӀачу а раундехь[2].

КъБА нисйе бӀаьра

2012/2013 шо нисйе бӀаьра

2012 шеран 10 июлехь «Ассошиэйтед-прессо» хаам бира, Шведо йуьту ЦСКА, кхаа шарна контракт йаздо «Миннесота Тимбервулвз» клубаца $10 млн ахчанна[3]. Ши де даьлча официалан дехьавелира «Тимбервулвз»[4] йукъа.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. ШТЕЙНБОК Анатолий Иосифович | Российские спортсмены и специалисты | Спортивная Россия. infosport.ru. ТӀекхочу дата: 18 сентябрехь 2017.
  2. "Невыносимая предсказуемость". championat.ru. 2010-06-25. Архивировано из оригинала 2010 ш. 28 июнехь. Дата обращения: 2010 ш. 16 июлехь.
  3. Report: Wolves to add Alexey Shved (инг.). ESPN. ТӀекхочу дата: 12 июлехь 2012. Архивировано из оригинала 11 июлехь 2012 года.
  4. Wolves Sign Free Agent Alexey Shved. NBA.com (25 июлехь 2012). ТӀекхочу дата: 26 июлехь 2012. Архивировано из оригинала 28 июлехь 2012 года.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра