Шейх Заедан цӀарах маьждиг
Шейх Заедан цӀарах маьждиг (Ӏаьр. مسجد الشيخ زايد) — дуьненахь даккхийчарах (7-гӀа меттиг) маьждигах цхьаъ. Ӏарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь Абу-Даби шахьарехь лаьтташ долу маьждиг. Эмиратийн хьалхара паччахь хилла волу шейх Зайд ибн Султан ан-Нахайанан цӀарах схьадиллина ду. Цуьнан кош маьждиган йистехь ду.
Маьждиг | |
Шейх Заедан цӀарах маьждиг | |
---|---|
مسجد الشيخ زايد | |
Пачхьалкх | |
ГӀала | Абу Даби |
Координаташ | 24°24′43″ къ. ш. 54°28′26″ м. д.HGЯO |
Болам, ишкол | суннатийн |
Маьждиган тайпа | Рузба-маьждиг |
Архитектурин хатӀ | Ӏаьрбийн а, гӀажарийн а, маврин а |
ГӀишлош яр | 1996—2007 шераш |
Чухоам | 40 000 стаг |
Нартолийн дукхалла | 87 |
Момсарийн дукхалла | 4 |
Момсаран локхалла | 107 |
ГӀирс | шагатӀулг (мрамор) |
Сайт | szgmc.ae |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Маьждиг схьадиллина 2007 шарахь мархийн баттахь.
Дубай шахьарехь долу Джумейра маьждиг чу санна милла (бусалба вацахь а) ваха йиш йу.
2008 шеран бекарг (март) баттахь Туризман министерствос дӀакхайкхира, маьждиган чохь экскурсеш йо бусалба а, керста а нахан.
Маьждиган чувалар а, экскурси йар а маьхза (махбоцуш) ду.