Шекаран диабет (лат. diabetes mellītus) — эндокринин цамгарийн тоба йу. И цамгар йоьзна йу дегӀо марзалла (глюкоза) тӀеэцар талхарца а, инсулин гормон йуьззина йа гӀехьа кепехь цатоарца а. Цу хьокъехь кхуьу гипергликеми — иза цӀийнехь глюкоза совйалар ду. Цайоьрзу кепехь токху шекаран диабет. Оцу цамгарца йерриг а хӀумаллийн хийцамийн тайпанаш (углеводан а, хьоналлин а, белокийн а, минералан а, хинан- туьхан а) йуху[3][4]. Иштта цхьайолчу дийнатийн а хуьлу шекаран диабет, масала цицкийн а, жӀалийн а[5].

Шекаран диабет
МКБ-10-КМ E08-E13, E10.E14, E11
МКБ-9-КМ 250[1][2]
MedlinePlus 001214
MeSH D003920
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Шекаран диабет классашка екъар

бӀаьра нисйан

Шекаран диабетан тайп-тайпанчу билгалонашца классификацеш йу. Йерриг а цхьаьна уьш диагнозан хӀоттаме йукъайоху. Цаьрца лазархочунна цамгаран ма-дарра сурт хӀоттадо.

Этиологин классификаци

бӀаьра нисйан

Ӏ. Хьалхарчу тайпанан йа «жимчу стеган» шекаран диабет. Жимачунна а, воккхачунна а хила тарло (валлалц инсулин цатоар кхиош йолу β-клеткийн йохар)

II. Шекаран диабетан 2-гӀа тайпа (инсулинорезистентност кхиаран хьокъехь инсулинан секрецин дефект)

  • MODY - β-клеткийн белхан генетикан сакхташ

IӀI. Диабетан кхийолу кепаш:

  • инсулинан а/йа цуьнан рецепторийн генетикан сакхташ,
  • набан (Pancreas) экзокринан цамгарш,
  • эндокринин цамгарш (Иценкон-Кушинган синдром), акромегали а, къаьсташ йоцу дӀаьвше йекхахӀоъ йар (оьрс. диффузный токсический зоб), феохромоцитом и дӀ.кх.,
  • молханаш меттахйаьккхина диабет,
  • уьно карзахйаьккхина диабет,
  • шекаран диабетаца йолу генетикан синдромаш.

IV. Бераха болчу зударийн шекаран диабет — гипергликемица доьзна патологин хьал ду. Цхьацца бераха болчу зударийн хуьлу гипергликеми. Бера дуьненчу даьллачул тӀаьхьа цӀаьххьана дӀайолу иза.

Дуьненайукъарчу могушалла Ӏалашйаран кхолламо (ВОЗ-о) магорца къастайо рогӀера берах болчу зударийн шекаран диабет:

  • Берах хилле шекаран диабетан 1-ра тайпа
  • Берах хилале шекаран диабетан 2-гӀа тайпа
  • Берахчера шекаран диабет — оцу терминаца билгалйоккху берах йолчу муьрехь муьлха а глюкозаца толеранталла йохар[6].

Цамгар чӀагӀйалар классификаци

бӀаьра нисйан
  • Диабетикан микро- а макроангиопати
  • Диабетикан нейропати
  • Диабетикан ретинопати
  • Диабетикан нефропати
  • Диабетикан ког

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. база данных Disease ontology (инг.) — 2016.
  2. (unspecified title) — 2018-06-29 — 2018.
  3. Сахарный диабет (краткий обзор). Библиотека доктора Соколова. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 14 сентябрь.
  4. Клиническая эндокринология, 2002.
  5. Сахарный диабет у кошек. Ветеринарка.ру. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 16 сентябрь.
  6. Эндокринология. Под ред. Н. Лавина. Пер. с англ.— М., Практика, 1999. — 1128 с. ISBN 5-89816-018-3