Шира Желтойчоьнан астро́номи — географин регионашка: шега Элладега, Малхбален эллинийн монархешка, Румега йа хьалхара Византега а ца хьоьжуш, шира желтойн маттахь йаздеш хилла адамийн астрономин хаарш а, ойланаш а. ДӀалоцу вайн эрал хьалхара VI бӀешеран тӀера вайн эран V бӀешеран мур. Ширажелтойн астрономи, астрономи кхиоран ладамечу муьрех цхьаъ хилла ца Ӏаш, амма дерриг Ӏилма кхиориг а хилла. Ширажелтойн Ӏилманчийн белхашкахь ду Керла заманан Ӏилмин бух тӀехь лаьтта дуккха а ойланийн хьосташ. ХӀинцалера а, ширажелтойн а астрономин йукъахь йу нисса кар-кара даларан йукъаметтигаш, ткъа кхечу шира цивилизацийн Ӏилмано Ӏаткъам ца бина желтой йукъалелаш бен.

Седарчийн гуламан Орионан — ширажелтойн литературехь хьехош болу уггаре хьалхара седарчийн гулам (Гесиод, поэма Къинхьегамаш а, денош а).

Ширажелтойн астрономин историографи

бӀаьра нисйан
 
Урани — ширажелтойн мифологера астрономин муза

Цхьацца кӀезиг хӀума доцург[1], вайга ца кхаьчна антикин астрономийн башха белхаш, вайга метта ца хӀиттало, философийн сочиненийн баххаш тӀехь, церан кхиамаш. Философийн даимна а бацара Ӏилмин теорин кӀоргаллех, лартӀехь кхетам, цу тӀе, шайн жайнашкахь ма-йаздарра, даимна а бацара Ӏилмийн кхиамийн нийсархой. Дукха хьолехь антикин астрономин истори тойеш лелабо йуккъера бӀешерашкара ХӀиндин астрономийн къинхьегамаш, хӀунда аьлча, хӀинцалера талламчех дукхаха болчара, хӀиндин йуккъерабӀешерийн астрономин бух ладамечу декъехь хуьлийта птоломейл (кхин тӀе гиппархал) хьалхара желтойн астрономин муьрера[2]. ТӀаккха а, таханлера историкийн хӀинца цхьана кепара кхетам бац ширажелтойн астрономи кхиарх лаьцна.

Антикин астрономин ламаста версис[3] дуьненан геоцентрин системин гуран чура планетийн иррегуляран болам кхеторан кхетаме гӀертуьйта. Астрономи кхиорехь йоккха роль ловзийна лору досократикаша, цара Ӏаламах кхетаран формула йелла, церан Ӏаламех лаьцна кхетамехь, иза ша лаьтта дахар ду, цуьнца цхьаьна Ӏаламан дахаран чоьхьара законийн философин бух белла. Амма, цуьнца цхьаьна, коьрта стаг хилла Платон (вайн эрал V—IV бӀешо хьалха), цуо математикашна хьалха планетийн чолхе леларш гайтаран Ӏалашо хӀоттийна (царна йукъахь йуханехьа лелар). Оцу программин бух буьллуш йоккха роль ловзийра Аристотелан дешаро. «Платонан Ӏалашо» чекхйаккха дуьххьара гӀоьртира Евдокс шен гомоцентрин кхачонийн теорица, цунна тӀеххье йеира Перган Аполлонийн эпициклийн теори. Цу тӀе Ӏилманчаш стиглан хиламаш кхето гӀиртина ца Ӏаш, абстрактан геометрин Ӏалашонан а, философин спекуляцин а бахьне санна хьовса гӀертара[4]. Цуьнца цхьаьна, астрономаш тидаман методикаш кхиор а, теореш йахар а ца леладора, ткъа оцу теореша таро лур йара цхьацца стиглан хиламаш хьалххе хаа. Оцу балхехь, лору, желтой чӀогӀа тӀаьхьабисинера вавилонхойл, цара генара схьа Ӏамош дара стиглан догӀмаш леларан законаш. Оцу агӀора, антикин астрономехь боккха каггам хилира церан кара вавилонхойн астрономийн тидамаш кхаьчча (иза хилира Македонийн Искандара мехкаш бахар бахьнехь). ТӀаккхий бен желтошна чам ца кхийтира седийн стиглан тӀехьа тидам баран а, седарчийн меттиг лоруш геометри лелоран а. Дуьххьара оцу новкъа ваьлла лору Гиппарх (вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀа дакъа), цуо хӀиттийра дуьххьарлера Малх а, Бутт а леларан кепаш, цара философийн тӀедахкарш кхочушдина ца Ӏаш, амма и тидамаш хьеха а хьоьхура. Оцу Ӏалашонца цуо кечйира керла математикин аппарат — тригонометри[5]. Антикин астрономин кульминаци хилира птолемейн планеташ леларан теореш (II бӀешо).

Альтернативан гарца, ширажелтойн астрономийн коьрта Ӏалашонашна йукъа ца багӀара планетийн теори хӀотторан баланаш. Оцу агӀончийн ойланашца, йехачу хенахь желтошна хаъанен ца хаара планетийн йуханехьа боламех, йа цунна башха маьӀна а ца лора[6]. Астрономийн коьрта Ӏалашо йара рузма йар а, седарчийн гӀоьнца хан билгалйаккхаран хьесапаш довзар а[7]. Цу тӀе коьрта роль тӀейазйо Евдоксна, амма ца йазйо гомоцентрин кхачонийн теори йарна, кхачайо стиглан кхачонан концепци йарна. Хьалхара гаран агӀончашца дуьстича, кхин а алсама бухера хуьлу Гиппархан роль а, кхин а чӀогӀа Птолемейн, хӀунда аьлча тидамийн хаамийн бух тӀера седарчийн гуш долу леларийн теори хӀотторан Ӏалашо йоьзна нисса оцу астрономех.

 
Афинин ишколРафаэлан фрескано гойту Шира Желтойчоьнан беза ойланчаш

Ширажелтойн астрономин Ӏилманан хьесап

бӀаьра нисйан

Ӏаламан геометризаци йар шира желтойн астрономин коьрта кхиам лара мегар ду, цуо шена чулоцу луьра логикин чӀагӀдаран тешалла евклидан геометрин кепара.

Муьрашка йекъар

бӀаьра нисйан

Ширажелтойн астрономин историю йекъа мегар ду пхеа муьре, антикин йукъаралла кхиаран муьрашца цхьаьна[8]:

  • Архейн (Ӏилмал хьалхара) мур (вайн эрал хьалхара VI бешерал хьалхара): Элладехь полисан структура хӀотталц;
  • Классикин мур (вайн эрал хьалхара VI—IV бӀешераш): ширажелтойн полис къаггалц;
  • Эллинхойн мур (вайн эрал хьалхара III—II бӀешераш): Македонийн Искандаран империн саьлнаш тӀехь кхоллайелла йаккхий паччахьаллаш къаггалц; Ӏилманца хьаьжча башха роль ловзайо Птолемейн Искандри коьрта шахьар йолчу Мисро;
  • Йожаран мур (вайн эрал I бӀешо хьалха — вайн эран I бӀешо), иза бусту тӀаьхь-тӀаьхьа йовш йолчу эллинхойн пачхьалкхашца а, Руман Ӏаткъам чӀагӀбаларца а;

Империн мур (II—V бӀешо): йерриг ЛаьттайуккъерахӀордйист Руман империн куьйгакӀела цхьаьнатохар, Желтойчоьнца а, Мисарца а.

И муьрашка йекъар дикка схемин кепехь ду. Цхьацца меттигашкахь оцу йа кхечу муьрера ду аьлла билгалдаккха хала ду. Астрономин а, Ӏилманан а йукъара амал классикин а, эллинхойн а муьрашкахь хаъал къаьсташ йу, дерриг цхьаьна схьаэцча вайн эрал VI—II бӀешерашкахь цахеддаш кхиар го. Кхечу агӀора, империн муьрера (башха астрономин приборашйаран областера) Ӏилманан цхьа могӀа кхиамаш бу, эллинхойн муьрера астрономашна кхаьчна аьттонаш йуха гайтар.

Ӏилманан хьалхара мур (вайн эрал VI бӀешо хьалха)

бӀаьра нисйан
 
Стигал латтош волу Атлант, (Атлант Фарнезе — вайга кхаьчна уггаре шира седарчийн глобус)

Гомеран а, Гесиодан а муьрера поэмаша желтойн астрономин хаарш мел ду гойту: цигахь хьахабо цхьа могӀа седарчий а, седарчий гулам а, стиглара седарчий навигацин а, шеран заманаш билгалйаха а леладо практикин хьехарш. Оцу муьран космологин агӀора гар дерриг схьаэцна мифашкара: Дуьне чӀепа лору, ткъа стигал — дуьненан тӀегӀоьртина чӀогӀа кад лору[9].

Цуьнца цхьаьна, цхьацца Ӏилманан историкашна, оцу заманан цхьаьна эллинхойн динан-философин бертан декъахошна (орфалла) бевзара цхьацца башха астрономин кхетамаш (масала, цхьацца стиглан гуонех лаьцна кхетам)[10]. Оцу ойланна реза бац дукхаха болу талламхой.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Главным из которых является Альмагест Птолемея.
  2. Нейгебауер, 1968, с. 165—174; Pingree, 1971; van der Waerden, 1987; Duke 2005.
  3. Изложенная в большинстве учебников, например в книге Паннекука (1966). Сжатое изложение этой версии см. в статье Pedersen 1994.
  4. Neugebauer, 1945; Evans, 1998.
  5. Toomer, 1978.
  6. Goldstein, 1997.
  7. Goldstein and Bowen, 1983.
  8. Деление истории древней Эллады на архаический, классический, эллинистический, имперский периоды является общепринятым среди историков (см., например, статью История Греции). Период упадка как особый период в развитии античной науки выделен, например, в работе Russo 2004.
  9. Рожанский 1980, c. 23.
  10. Житомирский, 2001; Веселовский, 1982.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьалхара хьосташ

бӀаьра нисйан
  • Арат, «Небесные явления», Историко-астрономические исследования, Вып. XX, 1988.
  • Аристарх Самосский, «О размерах и взаимных расстояниях Солнца и Луны». Русский перевод входит в статью И. Н. Веселовского «Аристарх Самосский — Коперник античного мира», Историко-астрономические исследования, Вып. VII, 1961 (см. стр. с.20—46).
  • Аристотель, «Метафизика», кн. XII, гл. 8. Online
  • Аристотель, «Метеорологика».
  • Аристотель, «О Небе».
  • Гемин. Введение в явления (перевод А. И. Щетникова), Схолэ, 5.2 (2011) 174—233. OnlineАрхивйина 2020-09-16 — Wayback Machine
  • Гесиод, «Труды и дни» (содержит древнейшие в греческой литературе упоминания некоторых созвездий). Из сб.: Гесиод, Полное собрание текстов, М., Лабиринт, 2001. OnlineАрхивйина 2009-01-24 — Wayback Machine
  • Гигин, «Астрономия», Санкт-Петербург, Изд-во Алетейя, 1997. Online
  • Клеомед. Учение о круговращении небесных тел (перевод А. И. Щетникова), Схолэ, 4. 2 (2010) 349—415. OnlineАрхивйина 2020-02-05 — Wayback Machine
  • Марк Манилий. Астрономика.
  • «Небо, наука, поэзия. Античные авторы о небесных светилах, об их именах, восходах, заходах и приметах погоды», М., МГУ, 1997.
  • Платон, «Тимей».
  • Прокл Диадох, «Комментарии на „Тимея“ Платона». Online
  • Клавдий Птолемей, «Альмагест, или Математическое сочинение в тринадцати книгах», М., Наука, 1998.
  • Теон Смирнский. «Изложение математических предметов, полезных при чтении Платона» (перевод А. И. Щетникова), Схолэ, т.3, 2009, с. 466—558. OnlineАрхивйина 2020-02-05 — Wayback Machine
  • Лебедев А. В. Фрагменты ранних греческих философов. От эпических теокосмогоний до возникновения атомистики. — М.: Наука, 1989.

Исследования

бӀаьра нисйан