Альмагест
«Альмаге́ст» (лат. Almagest, схьадаьлла Ӏаьр. الكتاب المجسطي, al-kitabu-l-mijisti — «Сийлахь-боккха хӀоттам», кхин а «Астрономин 13 жайнин чуьра сийлахь-боккха математикин хӀоттам») — 140 шо гергга долуш йукъабаьлла Птолемей Клавдийн классикин къинхьегам, цунна чохь ду оцу заманан Желтойчоьнан а, Гергара малхбален а астрономин дерриг хаарш. «Альмагест» кхойтта бӀешеран дохаллехь лаьттина астрономин талламийн бух.
Альмагест | |
---|---|
Жанр | трактат |
Автор | Птоломей Клавдий[1] |
Йазйина терахь | 148 |
ЦӀе
бӀаьра нисйанЙуьхьанца Птолемейн къинхьегаман цӀе тиллира «Астрономин 13 жайнин чуьра сийлахь-боккха математикин хӀоттам» (шир.-желт. Μαθηματικῆς Συντάξεως βιβλία ιγ, лат. Syntaxis Mathematica). ТӀаьхьо, тарло III бӀешарахь, цунна цӀе йелира «Боккха гулам» (шир.-желт. Ἡ μεγάλη σύνταξις, лат. Syntaxis Magna) аьлла — «Жима астрономин» дуьхьала инг. Little Astronomy (математикин а, астрономин а гулам, Ӏамо безара Евклидан Йуьхьигел тӀаьхьа, амма Птолемейн къинхьегамал хьалха).
Йуьхьанца Птолемейн къинхьегаман цӀе тиллира «Астрономин 13 жайнин чуьра сийлахь-боккха математикин хӀоттам» (шир.-желт. Μαθηματικῆς Συντάξεως βιβλία ιγ, лат. Syntaxis Mathematica). ТӀаьхьо, тарло III бӀешарахь, цунна цӀе йелира «Боккха гулам» (шир.-желт. Ἡ μεγάλη σύνταξις, лат. Syntaxis Magna) аьлла — «Жима астрономин» дуьхьала инг. Little Astronomy (математикин а, астрономин а гулам, Ӏамо безара Евклидан Йуьхьигел тӀаьхьа, амма Птолемейн къинхьегамал хьалха). ТӀаьхьарчу Антикаллехь Птолемейн жайнах кхин а олура «Уггаре сийлахь гулам» (шир.-желт. Ἡ μεγίση σύνταξις). Птолемейн сочинени Европехь йуха гӀарайелира ЙухаметтахӀотторан муьрехь манускрипт Ӏаьрбийн матте гочдича. Ӏаьрбийн матте желтойн дош «уггаре сийлахь» гочдича (шир.-желт. μεγίστη, византийн аларехь «мегисти») цӀе санна тӀеийцира, транскрипци йира «аль-маджисти» (Ӏаьр. المجسطي) йа (мисран аларехь) «аль-маджистӀий» аьлла, ткъа иза, шен рогӀехь, латинаца схьаделла «Альмагест» (лат. Almagestum) санна, тӀаьххьара йукъаралело цӀе хилира цунах[2][3].
Чулацам
бӀаьра нисйан«Альмагеста» дуьненан геоцентрин система дикка чулоцу, цуьнца Дуьне лаьтта Ӏалам кхолларан йуккъехь лаьтта, ткъа дерриг стиглахь дерг цунна гуонаха лела. Оцу моделан математикин бух кечбина Книдан Евдокса, Гиппарха, Перган Аполлонийс, ша Птолемейс. Тидаман бух хилира Гиппархан астрономин таблицаш, шен рогӀехь, желтойн тидамаш боцуш, уьш тӀетовжура, вавилонан астрономийн тептаршна.
Астрономин математикин баххаш
бӀаьра нисйан«Альмагестан» хьалхарчу шина жайнахь охьабиллина астрономин математикин бух[4]. Цу тӀе хьалхарчу жайнахь Птолемейс даладо, шен система хӀоттийна коьрта хьелаш:
- Стигал хьийза кхоче йу.
- Дуьне гоьрга ду, дуьненан йуккъе хӀоттийна ду.
- Дуьне тӀадам лара мегар ду меттаха ца довлу седарчийн кхоченга йолчу йукъаметтигца дуьстича.
- Дуьне меттах ца долу.
Цуо чӀагӀдо и хьелаш зиеделла факташца, йемала до дуьхьала дерг.
Кхин дӀа йуьйцу седарчий леларан математикин теори — Гиппарха тойина теори (хӀетте прецессин теори Птолемейс гӀуо йира, кӀезиг нийса болу хаамаш а лелийна). ХӀора планета, Птолемеца, цхьабосса лела гуонаха (эпициклца), цуьнан йукъ, шен рогӀехь, лела кхечу гуонца (деферентца). Цуо гуш болу цхьанаэшшара боцу планетийн болам кхето таро ло, цхьаьна тӀегӀане кхаччалц кхетадо уьш къегина хилар а.
Бутт а, Малх а леларан теори
бӀаьра нисйанКхоалгӀачу жайнахь охьадуьллу — дерриг Гиппархца — Малх леларан теори[5].
ДоьалгӀачу жайнахь Птолемейс хаъал кхиайо гиппархан Бутт леларан теори. Цуо чолхе йоккху Гиппарха модель (цуьнца Бутт лелар кхетадо эксцентрикехула лелар санна, йалайо кхин тӀе эпицикл, ткъа беттан эксцентрик-деферентан йукъ лелийта Дуьненан гуонаха. Цул сов, Птолемейс йукъабоккху беттан эпициклан лестаран болам — «просневзис» (шир.-желт. πρόσνευσις). Оцу массо хӀумано таро йелира 10′ кӀезиг бен гал ца бовлуш хьалххе Беттан меттиг лара — оцу заманахь хезза а доцу нийсалла![5] Амма, Птолемейн теорица, Беттан тӀекхача барам а, цуьнан гуш болу боккхаллин барам а чӀогӀа хийцабала безара, ткъа иза хаалуш дацара.
«Альмагестан» маьӀна дийриш
бӀаьра нисйанГелиоцентрийн система йукъайаллалц «Альмагест» чӀогӀа ладаме астрономин къинхьегам бара. III бӀешарахь дуьйна Птолемейн жайна Ӏамош а, маьӀна доккхуш а дара дерриг дуьненахь. VIII бӀешарахь жайна гочдира Ӏаьрбийн матте, кхин а бӀешо даьлча иза кхечира Европе. Птолемейн модель уггаре коьрта йара астрономехь XVI бӀешо кхаччалц. Уггаре гӀарабевлла «Альмагестан» маьӀна доккхурш:
- Антикаллин: Гален Клавдий, Порфирий, Искандрин Папп, Искандрин Теон, Гипатия, Прокл Диадох, Киренан Синезий, Иоанн Филопон.
- ЙуккъерабӀешерийн исламан: ал-Хорезми, Ал-ФаргӀани, Сабит ибн КъуррахӀ, Ал-Баттани, Ас-Суфи, Аль-Бируни, Ӏумар Хайям, Ат-ТӀуси.
«Альмагест» чохь буьйцу Птолемейс дӀабиллина хилам эвекци — ниссачу гуонаха Бутт дӀатаӀарх[6].
Птолемейн седарчийн каталог
бӀаьра нисйанVII а, VIII а жайнашкахь йу Гиппархан ша Птолемейс а, кхин искандрин астрономаша а чекхйаьккхина седарчийн каталог; каталог тӀера седарчий совдаьхна 1022 кхаччалц (Гиппарха уьш дара 850)[7]. Гиппархан каталог тӀера седарчийн хьал Птолемейс, схьагарехь, нисдина, процессина нийса йоцу 1˚ бӀешарахь а лелош (нийса хуьлу ~1˚ 72 шарахь). Координатийн систематикин гӀалат доьзна кхин а, Птолемейс эклиптикин охьатаӀар ахгуонан 11/83 ларарна, аьлча а 23.855, ткъа каталог хӀотточу муьрехь иза 10.5 минот кӀезиг хилла. Птолемейн дустаран гӀирсийн декъадаларан барам 10 минотал сов ца йолура. Амма шоралла йустаран йуккъера меттигера гӀалат хуьлура 20 минот гергга (дохаллин — мелла а сов хуьлура).
Гиппархан каталог чохь хийцамаш беш, Птолемей тӀетовжура шен тидамийн жамӀашна а. «Альмагестехь» буьйцу цуо лелийна астрономин гӀирсаш: армилляран кхачо (астролабон) — стиглара догӀмийн эклиптикин координаташ билгалйоху гӀирс, стигахь сенийн йукъаметтигаш йусту трикветрум, Мелхан а, Беттан а сенийн диаметраш лору диоптр, Анин тӀехулара локхалла лору квадрант а, меридианин гуо а, де-буьйса нисдаларан хенан тидаман де-буьйса нисдаларан хӀоз.
XV бӀешарахь бен ца йаьлла кхин седарчийн каталог (Улугбекан), цуьнан бух ша тидам бар бу бу[8], лараран нийсаллица иза сов ца йолура «Альмагестал»[9][10]. Дуьххьарлера Европин лакхара нийсаллин каталог зорба тоьхна Тихо Брагес (Коперникан каталог «Альмагестан» хаамашна тӀетевжина йара).
Планеташ леларан теори
бӀаьра нисйанЙемалалла
бӀаьра нисйанПтолемейс дӀакхайкхадо жайнахь, седарчийн дохалла далийна руман император Пий Антонинан паччахьаллин йуьххьехь, аьлча а 137 шеран июльна (дохаллаш тӀаьхь-тӀаьхьа хийцало дуьненан семин прецесси бахьнехь). Амма таханлера лерамаша гайтина, «Альмагестехь» далийна дохаллаш цхьаьна ца догӀу 58 шерца бен[11]. И факт комментаторша кхетаво тай-тайпана. X бӀешарахь гӀажарийн астрономо Ас-Суфис тардалийтира, «Альмагестан» тидамийн хаамаш Птолемейс ца бина, ткъа Искандрин Менелайс бина, II бӀешарахь ваьхна Тихо Брагес кховдийра шуьйра баьржина кхин кхетам: Птолемейс лелийна Гиппархан тидамаш, цуо царна коррекци йира прецесси тӀе а тоьхна, амма лелийра прецессин нийса боцу барам (1° 100 шарахь 1° 70 шарахь меттана)[11]. Кхин версеш а хилла кхидош.
Америкин физико Ньютон Роберт Рассела зорба тоьхна «Птолемей Клавдийн зулам» (1977) жайнин, цунна чохь цуо бехке вира Птолемей «Альмагестера» хаамаш теорешна кӀела балорна а, галбахарна а, кхин а Гиппархан кхиамаш шен дола бахарна а. Цхьа могӀа Ӏилманан историкаша лору и бехке вар, кӀезиг бух болуш хилар[12][13][14]. «Альмагестан» хаамийн анализо гойту, хаамийн ладаме дакъа, уггаре къегина седарчийн муххале а, Птолемейн хьуьнарца хилар[11].
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Berry A. A Short History of Astronomy (брит. инг.) — London: John Murray, 1898.
- ↑ Матвиевская Г. П. Становление плоской и сферической тригонометрии (из истории математических идей) / Рецензент: д. ф.-м. н. Е. В. Шишкин. — М: Знание, 1982. — С. 22. — 64 с. — (Математика, кибернетика; №5). Архиван копи 2017 шеран 21 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Г.Е.Куртик, Г.П.Матвиевская. Птолемей и его астрономический труд // Альмагест / Перевод с древнегреческого И. Н. Веселовского, Науч. ред. Г.Е.Куртик. — М.: Наука, 1998. — С. 435. — 672 с. — ISBN 5-02-015167-X.
- ↑ Еремеева, 1986, с. 263.
- ↑ 1 2 Еремеева, 1986, с. 264.
- ↑ Эвекция // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Еремеева, 1986, с. 265.
- ↑ Бронштэн В. А. Клавдий Птолемей. М.: Наука, 1988. С. 196.
- ↑ М. Shevchenko. An Analysis of Errors in the Star Catalogues of Ptolemy and Ulugh-Beg. // Journal for the History of Astronomy, Vol. 21 (1990), NO. 2, P. 200.
- ↑ Geometrical and Statistical Methods of Analysis of Star Configurations … — A.T. Fomenko — Google Books
- ↑ 1 2 3 Ефремов Ю. Н. Имена и координаты звёзд, указ. статья, стр. 48-49.
- ↑ Ефремов Ю. Н., Завенягин Ю. А. Астрономия и хронология. Архивйина 2009-07-03 — Wayback Machine
- ↑ Красильников Ю. Д. «Преступление» Роберта Ньютона Архивйина 2008-07-03 — Wayback Machine
- ↑ Хамильтон Т. Н., Свердлов Н. М. Приговор Птолемею Архивйина 2009-04-28 — Wayback Machine — перевод статьи Hamilton T.N, Swerdlow N.M. (1981). Judgement on Ptolemy. Journal for the history of astronomy 12, p. 59
Оьрсийн гочдар
бӀаьра нисйан- Клавдий Птолемей. Альмагест / Перевод с древнегреческого И. Н. Веселовского, Науч. ред. Г.Е.Куртик. — М.: Наука, 1998. — 672 с. — ISBN 5-02-015167-X.
Литература
бӀаьра нисйан- Бронштэн В. А. Клавдий Птолемей. М.: Наука, 1988.
- Еремеева А. И. Памятные даты истории астрономии в 1987 году // Астрономический календарь на 1987 г. — М.: Наука, 1986. — С. 262—268.
- Еремеева А. И., Цицин Ф. А. История астрономии (основные этапы развития астрономической картины мира). — М.: Изд-во МГУ, 1989. — 348 с.
- Ефремов Ю. Н. Имена и координаты звёзд // Земля и Вселенная. — 1993. — № 1. — С. 45—53.
- Куртик Г. Е., Матвиевская Г. П. Птолемей и его астрономический труд.
- Ньютон Р. Преступление Клавдия Птоломея. М.: Наука, 1985.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Звёздный каталог Альмагеста
- Каталог Альмагеста онлайн
- Наследие Клавдия Птолемея (на сайте «Фоменкология»)
- Звездный глобус Альмагест и Брайтстар (4d) - пространство-время http://history-maps.ru/pictures/all_0/u_6_0/g_8_1/small_860/
- Сравнение Альмагеста Птоломея и Дюрера (Альфонсинские таблицы) http://history-maps.ru/pictures/all_0/u_6_0/g_8_1/small_891/