Шираламасталла[1] йа шираправосла́ви — москохан патриарха Никона а, паччахьа Алексей Михайловича а бина килсан хийцамаш тӀе ца оьцу оьрсийн православин ламастан харш чуьра дерриг а цхьаьна динан некъаш а, кхолламаш а. Хийцамийн Ӏалашо йара Оьрсийн килсан Желтойн килсанца, уггаре хьалха Константинополан килсанца Далла гӀуллакх дарехь унификаци йар, ткъа факт хилла хийцамаша секуляризацин хьелаш кечдора[2].

Далла гӀуллакхдаран хийцамаш къобал бина, чӀагӀбира 1650—1680-гӀа шерашкахь Москохахь хилла цхьа могӀа килсан гуламийн сацамашца. Хийцаман дуьхьала берш 1656 шеран Москохан килсан гуламо (жӀар тухуш шип Ӏелг лоцурш) а, 1666—1667 шерашкара Боккха Москохан гуламо[3]. а анафеме белира Ӏеса нах бу аьлла[4] Хийцамаша йийкъира Оьрсийн килс. Иза бахьнехь йукъайелира бекъабеллачеран оппозицин тобанаш, тӀаьхьа уьш йекъайелира дуккха а берташна[5].

Екатерина II-гӀа йолучу хенахь, 1778 шарахь, дош «бекъабелларш» боху дош официалан кехаташ тӀаьхь а, бартакхолларехь а магийна дацара[6]. 1788 шарахь дуьйна «бекъабелларш» дешан меттана йукъадаьккхира «шираламастхой» дош[7]. В 1803 году слово «раскольник» вновь возникает на страницах официальных документов[6]. Шираламасталлин тӀаьхьабозурш (цхьаьннахтешарш боцурш) Российн империн 1905 шеран 17 апрелан омарца официалан аладолийра «бекъабелларш» килсан а, дуьненан а Ӏедало хьийзабора.

XX бӀешарахь Оьрсийн православин килс ан шираламасталлин агӀор йолу позици хаъал кӀадйелира, цуо далийра 1971 шеран массанхьара килсан гуламан билгалонга, масала, «1929 шеран 23 (10) апрелера Патриархан Сийлахь синодаца 1656 шеран Москохан килсан гуламан а, 1667 шеран Боккха Москохан гуламан дуьйнаш дӀадахаран сацам чӀагӀбина», цуьнца и бехкамаш тӀебехкина бара шира оьрсийн ламасташна а, православин керсталла лелочарна а, и дуьйнаш лара «Ца хилла санна»[8].

«Дуьйнаш» дӀадахаро метта ца хӀоттийра шираламастхойн ламазан (евхаристийн) къамел массанхьара православин килсанашца. Шираламастхоша, хьалха санна, шеш бен ца лору дуьззина православин керстанаш, ОьПК Москохан патриархи лору кхечуннахастамбеш. Шираламасталлин гуран чохь динан хилам ан агӀора йац цхьа ойла а, цхьаалла а. Шираламастхойн дозаллин йукъаметтиге хьаьжна уьш бекъар тӀелаьцна шина тобане — мозгӀаргӀаьрга а, мозгӀарзгӀаьрга[9] а. МозгӀаргӀара «керлаламастхой» «шолгӀачу чинан» Ӏосаллера лору[10]; дукхаха болу мозгӀарзгӀнаша (зугӀаргӀар а, цхьацца нетгӀар а) керлаламастхой «хьалхара чинан» Ӏеса на хлору , шираламастхошна йукъа эцча ламазан декъа буьтуш йуха жӀартоьхна хила веза[11].

Таханлера Российн уггаре боккха шираламастхойн кхолламОьрсийн православин шираламастхойн килс — мозгӀаргӀеран йу[12].

Историн сурт

бӀаьра нисйан

Шираламасталла лелочара шайн истори йогӀуш лору асхьабашка терра волчу эла Владимира Русан жӀаратохарна тӀера дуьйна, цуо тӀеэцна православи желтошкара. латинхошца хилла Флоренцин уних (1439) коьрта бахьна хилира Оьрсийн массанхьара килса Константинополан патриархан-униатах дӀакъастар, 1448 шарахь кхоьллира автономин Оьрсийн массанхьара килс, оцу хенахь оьрсийн епископийн килсан гуламо шайна митрополит хӀоттийра желтой декъахь боцуш. Шираламастхоша чӀогӀа леерам бо 1551 шеран Москохара Массанхьара БӀекоьртан килсан гуламан. 1589 шарахь дуьйна оьрсийн килсан коьртехь патриарх хилира[13].

 
Соловцешкара инокаша керла зорба тоьхна жайнаш тӀе цаэцарх лаьцна килсан гуламан кхел

Москохан килсера дала гӀуллакхдаран хийцаман практика, 1653 шарахь патриарха Никона дага а йаийтина, йукъайаккхар цхьаьна нисделла москохан дахаран кеп а, оьздангалла а европегахьа а озош секуляризацин йуьхьигца, иза доладелла 1654 шарахь Польшица тӀом болабаларца[14], цунна чӀогӀа дуьхьало йира ширачу ламастин агӀончаша. 1656 шарахь Оьрсийн килсан массанхьара килсан гуламехь массо шина пӀелгаца жӀара тухурш Ӏеса нах бу аьлла кхайкхийра, уьш дӀакъастийра Кхааннах, элира наьӀалт. 1667 шарахь хилира Боккха Москохан килсан гулам. Гуламо къобал дира керла зорбанан жайнаш, чӀагӀдира керла ламасташ а, чинаш а, шира жайнашна а, ламасташна а анафема йира. Шира ламастийн агӀончаш йуха а Ӏеса бу аьлла кхайкхийра. Мохк динан тӀеман йистте кхаьчнера. Дуьххьара гӀаьттира Соловцера килс, иза хӀаллакйира кхийсархоша 1676 шарахь. 1681 шарахь хилира килсан гулам, цуо доьхура къоначу паччахье Фёдора III Алексе́евичега байарх лаьцна, шираламастхойн жайнаш, килсаш, скиташ, монастыраш хӀаллакйар, шеш шираламастхой хӀаллакбар. Сихха килсан гуламал тӀаьхьа хӀаллакбан болийра. 1682 шарахь хилира массашкахь шираламастхой байар — дечиган цӀа чохь вагийра виъ тутмакх – протомозгӀар Аввакум, мозгӀар Лазарь, мозгӀаран гӀоьнча Феодор[15], соловцера инок Епифаний.

Амма патриархан Иоакиман хетарехь законаш хӀинца а дикка къиза дацара, оьшура шира ламастан виеран кхел йукъайаккха, иза а дира 1685 шарахьУрхалчо Софьяс 1685 шарахь арахийцира гӀарабаьлла «12 йаззам» — пачхьалкхан массеран йукъара законаш, цуьнца тӀаьхьа тайп-тайпана кхелаш йира: арабахарца, набахташца, ницкъаш барца, дийна боллушехь дечиган цӀенош чохь эзарнаш шираламастхой багорца.

Ф. Е. Мельниковс билгалдоккху, ширачу ламастан дуьхьала хийцамал тӀаьхьарчу берриг муьрехь «керлаламастан» килсан гуламийн а, синодийн а агӀорара хуьлура тайп-тайпана белхаш: эладит, аьшпаш, хуьттаренаш[13]. Башха гӀарайаьлла хуьттаре, масала, Ӏеса Арменинна а, мних Мартинна а килсан гуламо бина болх, кхин а Феогностов Требникна[13]. Профессор В. П. Козловс, «Армянин Мартинан белхех» а, «Феогностов Требникех а лаьцна», йаздо[16]:

  Вайн заманахь “Килсан гуламан гӀуллакхаш” а, “Феогностов Требник” а хилира Российн историн хьостийн фальсификацин классикин масалаш. Бакъ долуш, уьш лаьтта дика гуш идеологин Ӏалашо йолуш хууш галдаьхна историн хьосташкахь.  

Шира ламастаца дов латтош 1677 шарахь деканонизаци йира сийлахь беркатетешаме йолчу Кашинская Аннин[13].

Баккхийра модернизацин йукъараллин дахаран берриг агӀонийн хийцамаш бина Пётр I волуш, царна йукъахь килсан урхаллин хийцамаш, 1716 шарахь хийцира паччахь-аьзнин Софьин «Шийтта йаззам», шираламастхошна церан чот лело атта хилийта таро йелира ахлегалан баха, цунах шишша налог йуьллуш». Цу тӀе терго чӀагӀйира, таӀзар чӀагӀдира, регистраци а ца йеш, ши налог цалучарна. Дохко цабевллачарна а, ши налог цалучарна а гӀуда тухура, хӀоранза а гӀуда совдоккхуш, Сибреха а хьовсабора. Бекъабаларе нах йукъаозабарна (бекъабалар лорура муьлхха а шираламастан далла гӀуллакх дар йа треба йар), Петр I хьалха санна, виеран кхел йора, иза чӀагӀдира 1722 шарахь. Шираламастан мозгӀарш лорура харц дин Ӏамориш, йа православин мунепаӀалла динарш, нагахь уьш хьалха мозгӀарш хиллехь, таӀзар дора цунна а, вукханна а[17].

 
Митрополит Амвросий

Амма паччахьан правительствон шираламастхошна дуьхьала дина таӀзарша хӀаллак цабира оьрсийн керсталлера и некъ. XIX бӀешарахь, цхьацца ойланашца, оьрсийн бахархойн кхоалгӀа дакъа кхаччалц шираламастхой бара[18]. Шираламастхойн совдегаралла хьал долуш хуьлура, XIX бӀешеран хьуьнараллин коьрта гӀортийла йара. Социалан-экономика къагар шираламастхошца йолу пачхьалкхан политика хийцайалар дара. Ӏедал компромиссе делира, цхьа дин йукъадаьккхина. 1846 шарахь туркоша Боснин-Сараевон кафедрера эккхийна желтойн митрополит Амвросий (Папагеоргопулос) бахьнехь шираламастхойн-бевддамозгӀархойн аьтту белира килсан иерархи Австрин-Мажарчоь махка бевддачарна йукъахь метахӀотто. Йукъабелира Белокриницки барт. Амма массо а шираламастхоша тӀе ца ийцира керла митрополит, цхьа дакъа шеконехь дара цуо дин нийса тӀеэцарх (желтойн православехь леладора «тӀе хи доттар» керста дине волуш, хи чохь буха а таьӀаш ца луьйчура). Амвросийс 10 стаг тайп-тайпанна тӀегӀанан возалле ваьккхира. Йуьхьанца белокриницки барт лелаш бара мухажиршна йукъахь. Церан аьтту белира шайн могӀаршка донан гӀазакхий-некрасовгӀар йукъаозо. 1849 шарахь, дарже дуьххьара Российн белокриницки иерархин епископ Софроний хӀоттийча баьржира Россехь а. 1859 шарахь Москохан а, йерриг Российн а архиепископ Антоний хӀоттийра, иза 1863 шарахь митрополит хилира. Цуьнца цхьаьна, иерархи хӀоттор чолхе даьккхира епископан Софронийн а, архиепископан Антонийн а йукъара чоьхьара девнаша. 1862 шарахь шираламастхошна йукъара даккхий дицарш хиллачул тӀаьхьа Гуонан кехат дахьийтира, цуо «керлаламастан» православина дуьхьала гӀулч йаьккхира. Оцу кехатан дуьхьала болчарех гуонера боцурш элира.

Шираламасталлин географи

бӀаьра нисйан

1897 шеран дуьххьара бахархой багарбаран хаамашца Российн империн уездашкара а, гуонашкара а шираламастхойн а, «православи ца лелош болчеран» а дакъа


1871 шеран Москохан губернера дӀакъаьстинчеран (шираламастхойн) эвланийн карта

.

Иркутскан-Амуран а, йерриг Генара Малхбален а Епископ Афанасий, ОьПШК эвлайаийн тобанах дӀалаьрра .
 
Олонецкан шираламастхо, XX бӀешеран йуьхьиг

1897 шеран Российн имперехь бахархой багарбаран жамӀашца вара 2 204 596 шираламастхо, царех таханлера Российн дозанашкахь — 1 682 264 стаг. Шираламастхой уггаре лакхара дакъа дара Амуран областехь ду — 11,89 %. Таханлера Российн дозанашна арахьа 1897 шарахь ваьхна 522 332 шираламастхо, царех Польшин паччахьаллехь — 9423 (0,1 % берриг бахархойх), белоруссин а, балтикайистан а губернешкахь — 207 009 (1,66 %), украинин губернешкахь а, Бессарабехь а — 175 733 (0,69 %), Чоьхьара Кавказехь — 65 123 (1,32 %), Йуккъера Азехь — 65 044 (0,84 %).

Сийлахь синодан обер-прокуроран 1903—1904 шерашкара чоьтехь Российн имперера шираламастхойн барам бара 1 984 182 стаг (1909 шарахь — 1 900 500); бакъ ду, билгалдоккхура, хаамаш хӀиттийна епархин архерийн докладийн бух тӀехь, уьш билламе ду аьлла. 1909 шарахь Российн Православин килсера шираламасте ваьлла 1946 стаг (403 стаг — белокриницкичаьрга; 138 — бевддамозгӀархошкахьа; 1405 — мохгӀар воцучаьргахьа). Шираламасталлин йукъара Российн Православин килсах кхетта 5243 стаг.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Макарий, 1855.
  2. Зеньковский, 1970, с. 175.
  3. Окружное послание собора Древлеправославной Церкви ко всем древлеправославным христианам. Град Москва, 4 (17) мая 2009 года Неделя о самаряныне, пятая по Пасхе. О церковном расколе XVII века. Архивйина 2016-10-25 — Wayback Machine.
  4. В постановлениях соборов помимо термина «анафема» использовался также термин «проклятие»
  5. Раскол // Христианство: Энциклопедический словарь. Т. II. — М.: Большая российская энциклопедия (издательство), 1995. — ISBN 5-85270-153-X (второй том)
  6. 1 2 Раскол // Христианство: Энциклопедический словарь. Т. II. — М.: Большая российская энциклопедия (издательство), 1995. — ISBN 5-85270-153-X (второй том). — С. 447
  7. Предложения обер-прокурора Святейшего синода И. И. Мелиссино Екатерине II о необходимости изменения законодательства о раскольниках. 1763 г. // Отечественные архивы, № 4. 2007 [1]. Архивйина 2020-10-28 — Wayback Machine
  8. Деяние освященного поместного собора Русской православной церкви об отмене клятв на старые обряды и на придерживающихся их // Журнал Московской патриархии. — 1971. — № 6. Архивйина 2014  шеран  26 мартехь.
  9. Старообрядчество. Архивйина 2020-10-26 — Wayback Machine//Большая российская энциклопедия
  10. "Старообрядческий собор подтвердил полномочия предстоятеля РПСЦ и осудил экуменизм". NEWSru.com. 2007-10-22. Архивировано 2017 ш. 01 декабрехь. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 22 ноябрехь.
  11. Юхименко Е. М., Мальцев А. И., Агеева Е. А. Беспоповцы. Архивйина 2020-10-27 — Wayback Machine// Православная энциклопедия
  12. Агеева Е. А. Русская православная старообрядческая церковь. Архивйина 2020-10-30 — Wayback Machine // Большая российская энциклопедия
  13. 1 2 3 4 Мельников Ф. Е. «Краткая история древлеправославной (старообрядческой) церкви». Архивйина 2020-02-18 — Wayback Machine
  14. Зеньковский, 1970, с. 252—256.
  15. Феодор Иванов // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.М., 1896—1918.
  16. Козлов В. П. Тайны фальсификации: анализ подделок исторических источников XVIII—XIX веков. Пособие для студентов вузов. 2-е изд. – M.: Аспект-Пресс, 1996. С. 12
  17. Зеньковский С. А. Пётр I и раскол // Русское старообрядчество. — М., 2006. — Т. II.
  18. УТРО.РУ: Старообрядчество породило нравственных олигархов. Портал-Credo.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2017 шеран 23 октябрехь

Литература

бӀаьра нисйан
Ӏилманан
Кхин йерш

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан