Хе́льмут Шён (нем. Helmut Schön, 1915 15 сентябрь, Дрезден1996 23 февраль, Висбаден) — немцойн футболист а, футболан тренер а. 2012 шо кхаччалц дуьненан а, Европин а чемпионат йаьккхина и цхьа тренер бен вацара; 2012 шарахь изза дира Дель Боске Висентес. 1984 шарахь дуьйна ву ФИФАн уггаре лакхара «ГӀуллакхаш дарна» орденан кавалер, иза йелла футбол кхиорехь доккха дакъа лацарна.[1]

Футбол
Шён Хельмут
Файл:Shoen.jpg
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1915 шеран 15 сентябрь({{padleft:1915|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг Дрезден
Кхелхина терахь 1996 шеран 23 февраль({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (80 шо)
Кхелхина меттиг Висбаден
Гражданалла Германин байракх Германи
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
1925—1930 Германин байракх Дрездения
1930—1932 Германин байракх Дрезднер
Клубан карьера[* 1]
1932—1950 ЦӀен байракх, юккъехь кӀайн гуо бу Ӏаьржачу свастикица/Германин байракх Дрезднер ? (?)
1946—1947  Германин байракх Санкт-Паули ? (?)
1950—1951 Германин байракх Герта (Берлин) ? (?)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ловзархочун кхиамаш нисйе бӀаьра

1937 - 1941 шерашкахь иза лезира 16 матчехь Германин гулйина командин йукъахь, чутуьйхира 17 гол. «Дрезднер СК» командица хилира Германин чемпион 1943 а, 1944 а шерашкахь.

Тренеран кхиамаш нисйе бӀаьра

«СГ Дрезден-Фридрихштадт» командица 1950 шарахь ГДР чемпионатехь шолгӀа меттиг йаьккхира.

Сааран гулйина командин тренер хилира, цуьнца дакъа лецира дуьненан чемпионатан 1954 харжаман ловзаршкахь.

Футболех ловзаран Германин гулйина команда Шёнан куьйгаллехь 1966 шеран дуьненан чемпионатехь шолгӀа хилира, 1970 шеран дуьненан чемпионатехь кхоалгӀа хилира, 1972 шеран Европин чемпион хилира, 1974 шеран дуьненан чемпион хилира, шолгӀа меттиг йаьккхира 1976 шеран Европин чемпионатехь.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. FIFA Order of Merit holders. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 21 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 5 сентябрехь Архивйина 2015-09-05 — Wayback Machine

Литература нисйе бӀаьра

  • Helmut Schön. Fußball. Erinnerungen. — B.: Ullstein Verlag, 1978. — ISBN 3-550-07676-2.


Хьажоргаш нисйе бӀаьра