Биологин эволюци (латинан маттера evolutio «даржар» дош ду) — популяцийн генетикан дӀахӀоттам хуьйцуш а, адаптацеш кхуллуш а, тайпанийн кхолладалар а, хӀу дар а, экосистемаш а, биосфера а хийцаялар а юкъайогӀуш дийна Ӏалам кхиаран Ӏаламан процесс ю.

Эволюцин процессийн бух болу механизмаш юьйцуш масийта эволюцин теори ю. Таханлерачу дийнахь дукхачу хьолехь тӀелаьцна эволюцин синтетикан теори. Иза классикан дарвинизман а, популяцин генетикан синтез ю[1]. Эволюцин синтетикан теорино дуьйцу эволюцин материалан (генетикан мутацеш) а, эволюцин механизман (Ӏаламо къастор) а юкъахь йолу зӀе юьйцу.

Хьалхара Ӏаламо къасторца йозуш эволюцин теори хӀоттина Дарвин Чарлзо.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. Kutschera U, Niklas KJ. The modern theory of biological evolution: an expanded synthesis (англ.) // Naturwissenschaften. — 2004. — Vol. 91, no. 6. — P. 255—276.