Самбиев, Элим-Султан Халадович

(Элим-Султан Халадович Самбиев тӀера хьажжина кхуза)

Элим-Султан Халадович Самбиев — нохчийн лор а, Ӏилманча а, Российн Федерацин Сийлахь лор, Российн медико-технически академин член-корреспондент, СССРн могшулла Ӏалашйаран тӀехдикахо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР могшулла Ӏалашйаран министран когаметтаниг.

Элим-Султан Халадович Самбиев
Вина терахь 1936 шеран 12 декабрь({{padleft:1936|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг Жима АтагӀа
Кхелхина терахь 2015 шеран 15 июнь({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (78 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Корматалла лор, Ӏилманча
Гражданалла  ССРС Росси
Бераш Лайла, Аза, Руслан, Муслим
СовгӀаташ

Биографи нисйе бӀаьра

1955 шарахь цо чекхйаьккхина Бурнехь (Жуалынан кӀошт, Жамбилан область) йолу школа. 1956 шарахь иза Кхазакхстанехь иза институте схьа ца ийцира. 1957 шарахь, Нохч-ГӀалгӀай АССР меттехӀоттийнчултӀехь, иза цӀавеара. 1964 шарахь цо чекхйаьккхира Къилбаседа-ХӀирийн пачхьалкхан лоьраллин институт.

1964 шарахь Элим-Солта волавелира Шелан кӀоштан больницехь болхбан. 1965 шо дуьйна 2001 шо кхаччалц цо болхбира республикин могшулла ларйаран министерствехь. Министерствехь болхбешшехь, цо лоьран болх ца буьйтура: цо болхбира № 1 а, № 2 а йолу Соьлжа-ГӀалин больницешкахь а, № 1 йолу Соьлжа-ГӀалин поликлиникехь а.

Цуьнан деа берах кхоъ лоьран болх беш ду.

Литература нисйе бӀаьра

  • Ахмадов Т. З. Первые чеченские врачи. — Грозный: ФГУП "Издательско-полиграфический комплекс "Грозненский рабочий"", 2009. — С. 193-195. — 304 с. — 2000 экз. — ISBN 978-5-900231-54-9.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра