нох. Эрзашкара цициг (лат. Felis chaus) олу. Акха цициг ду иза а. Когаш тӀехь жимма лекхо ду иза. ДегӀан дохалла 50-90 см. ЦӀога 20-30 см. Лергаш тӀехь чо бу ирах бахана. ДегӀа тӀехь морсо чо бу. Бос можо-мокха бу. ДегӀ лахара сирло ду, букъ мокха бу. Букъа тӀехула таьӀно мокха сизаш ду.
Эрзашкара цициг |
---|
Эрзашкара цициг |
|
Felis chaus Schreber, 1777 |
|
|
|
Уьш хуьлу меттиг: Къилбехьара Ази, Афганистан, Иран, Юккъера Ази, Гергара Малхбале, Африкин цхьана декъехь, Малхбале Закавказехь Копет-Дагахь, Мургабски оазисашкахь, Вахшу, Пянджу, Аму-Дарья,Сыр-Дарья лахенашкахь. Вайн республикерчу Шелковской районехь хуьлуш ду и тайпа цицигаш. Церан лелар буькъчу эрзашлахь, коьллин кондаршлахь бецийн, шочан тоьлгашкахь, хӀурдан йистошца, хин тогӀешкахь ду.
Ижо буьйсанна лоха цара. Дийнахь а лела уьш ижонна тебаш. Акха нӀаьнеш, котамаш, акха бедаш, гӀезаш, лекъаш кхин долу олхазарш доу цара. Олхазарийн тойнеш а дохадо, кӀорнеш а йоу. Боларахь лела иза долалой. Дечиг тӀе хьала а долу. Ша ор даккхар к1езиг хуьлу цуьнан. Цхьогалан, кхин долчу экхано д1атесна бен схьалоцу цо. Январь-март баттахь оре дог1у иза. К1орнеш апрелехь-июнехь йо. КӀорнеш 2-10 хуьлу.