Эска
ХӀокху йаззамна оьшу кхин хьажоргаш кхечу йаззамашна тӀе энциклопеди интеграци хилийта. |
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Эска — имам Шемалан Мишка кIоштехь наиб хилла ву. Эска тайпана чарто ву, цуьнан ден цIе Абки ( Акби ) хилла. Цуьнан цIийнан нах, 1821 шарахь, оьрсийн паччахьан эскаро кхин ГIачалкхан рагIцийн йолу йарташцийн Нойбоьра йагийча теркйисте охьа бахана.1852 шарахь дуьйна Мишка кIоштан ( виллайатан ) имаман наиб хилла. Цо доккха дакъа лаьцна Россей паччахьан эскаршца хиллачу къовсамашках. 1857 шарахь Имамат эшна хилар шен билгалла даьллачул тIехьа сацам бира Российн Iедалан векалшца берта ван. Кавказан Хьарцахьара Фланган куьгалхочо инарл Евдокимовс иза гIумкийн БоргIане цIе йолчу йуьрта ваха хьажийна. Кхелхина Эска бусулба терахьаца 1294 шарахь, эрмалойн терахьаца иза герга ду 1876-1877 шершна. ДIавоьллийна Эска БIачи-Йуьртара ГIансол хин бакъхьарчу бердан йистерачу ширчу кешнашкахь. Эский цIийнан нах Iаш бу Лакха Нойбоьрахь а, Гуьмсехь а ( Гуьмс- Эвла ).
Эска | |
---|---|
Вина терахь | хууш дац |
Кхелхина терахь | хууш дац |
Пачхьалкх | Имамат |
ТӀемаш | Кавказхойн–оьрсийн тIом 1763–1864 |
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |