Юсуф

исламан пайхамар
(Юсуп тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 16 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 14 январь).

Ю́суф (Ӏаьр. يُوسُفُ‎‎) — иза исламан пайхамар ву. Къуръан чохь хьехийначу пайхамарех цхьаъ а ву. Яӏкъуб пайхамаран цхьайтталгӏа кӏант а ву Рахьилера. Даим бакълуьйриг (ас-Сиддикъ) а, исраилхойн пайхамарех цхьа пайхамар а, кхаа динехь лоруш деза адам а ду иза (исламехь а, жуьгталлехь а, насараллехь а).

Юсуф
Ӏаьр. يوسف‎‎
ӀабдуллахӀ, ас-Сиддикъ, Ибн Яӏкъуб, Аль-Карим ибн Аль-Карим ибн Аль-Карим ибн Аль-Карим
Говзалла dream interpreter, государственный служащий
Вина терахь XVII бӏешо в. э. тӏейале
Вина меттиг КанӀан, Шема
Кхелхина терахь XVII бӏешо в. э. тӏейале
Кхелхина меттиг Мисар
ДӀавоьллина меттиг
Къам, некъе исраилхой, жуьгтий
Да Яӏкъуб
Нана Рахьиль
Зуда Асенат, Зулейха
Бераш Манисса, АфрахӀам
Силсила Юсуф ибн Яӏкъуб ибн Исхьакъ ибн Ибрахӏим аль-Халил
Динлелор ислам
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла
Тамашийна гӀуллакхаш гӏенаш дитар

Юсуф Къуръан чохь а, Товрат чохь а уггар гӏарадевллачу адамех лоруш ву. Иза гӏараваьлла хилла гӏенаш тида хьуьнар хиларца. Юсуф чӏогӏа хаза а хилла. Сахьихь Муслим чохь деана ду, цунна хазаллин ах дакъа делла аьлла. Дала пайхамараллица сийдинчу доьзалера хилла иза, цундела Мухьаммад пайхамаро ﷺ цӏетиллина хилла цунна, иза: «комаьршаниг (аль-Карим) ву, комаьршачун кӏант, комаьршачун кӏентан, коьрмашачун кӏентан» — аьлла.

Къуръан тӀехь

бӀаьра нисйан

Юсуфа элира шена дега ЯӀкъубе: «ХӀай сан да, суна цхьайтта седа гира, малх а, бутт а гира суна, сайн сужуд дан даьхкина».

Яӏкъуба элира: «Дала гӀенаш тида Ӏамийна хьуна, цо шен къинхетам бийр бу хьоьх а, Яӏкъубан тӀаьхьенах а. Цхьана дийнахь лакхарчу даржехь хир ву хьо».

 
Юсуп-пайхамаран дийцар

Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. Юсуп хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан. ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш. Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуп, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена ИбраьхӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниӀмат дийр ду хьуна а, ниӀмат дийр ду Якъубан охӀланна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш йевзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур йу хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ Юсупан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.

Вежарша хьагӀ лелош хилла Юсупаца а, Биньяминца а, оьгӀаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена Юсуп а, Биньямин а вайл дукха хӀунда веза? Вайн дена Юсуп а, Биньямин а хӀунда веза, и шиъ жима а, гӀийла а воллушехь? Вай хӀунда ца деза цунна Юсуп а, Биньямин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хӀума ду иза! Юсуп жима кӀант хилла, цо дийцина гӀан шен вежаршка, чӀогӀа оьгӀаз бахана вежарий шайна гӀан хезча, церан хьагӀ чӀагӀйелла. Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежарий, цара аьлла: Ве и Юсуп, йа цхьана генарчу махка виги дӀакхосса иза. ТӀаккха шун да шуна шайна хир ву, цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу. Царах цхьамма аьлла: ХӀан-хӀа, муххале а, некъара цхьана гӀу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза. Массо вежарий цунна тӀетайна. Якъуб волчу нах бахийтар шайн цу хӀуманна тӀехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чӀогӀа кхоьруш хилла Юсупана цхьаъ хиларх, цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагӀ юй а, царна иза ца везий а. Якъуба Юсуп вохуьйтуш ца хилла вежаршца.

Юсуп шен вешица ловза а ловзуш Ӏаш хилла, гена а ца волуш, вежаршна иза хууш хилла, делахь а, вон дар тӀелаьцна цара. Цара аьлла: ХӀай тхан да! ХӀунда ца воуьйту ахь тхоьца тхан ваша Юсуп? Стенах кхоьру хьо? Иза тхан хьоме ваша ма ву, тхан жимах волу ваша ма ву, тхо цхьана ден вежарий ма ду. Вежарий даим цхьаьна ловзу, ткъа тхо хӀунда ца ловзу даха а дахана цхьане? «Ваийтахь иза тхоьца кхана, самукъа доккхур цо, ловза а ловзур иза, оха иза ларвийр ву». Якъуб воккха стаг хилла,Якъуб хьекъале а, кӀеда-мерза а хилла. Якъубана дезаш ца хилла Юсуп шена генавалар. Юсупана цхьаъ хиларх чӀогӀа кхоьруш хилла иза. Со кхоьру иза барзо ваарх, шу цуьнах гӀопул хилла а долуш. Цара аьлла: Цкъа а хир доцург ду иза! Тхо цуьнца а долуш муха вуур ву иза барзо? Муха вуур ву иза цо, тхо онда кегий-нах хилча? Бакъо йелла Якъуба Юсупана.

Хазахетта вежаршна чӀогӀа, Якъуба Юсупана бакъо йелча. Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуп кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу Юсупах къинхетам ца бина цара.

Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуп кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу Юсупах къинхетам ца бина цара, воккха стагах Якъубах а къинхетам ца бина цара. Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан дог а жима дог хилла. Ткъа, гӀу кӀорга хилла, гӀу бодане хилла, Юсуп ша цхьаъ хилла. АллахӀа кхаъ баьккхина хилла Юсупе, цо аьлла цуьнга: Са ма гатде, кхера а ма кхера. Бакъдолуш, АллахӀ хьоьца ву, хьан цхьа доккха гӀуллакх хир ду. Вежарий богӀур бу хьуна тӀе, ахь дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Шаьш дийриг уьш дина боьлча, Юсуп цара гӀу чу кхоьссича, уьш гулбелла цхьане, цара аьлла: ХӀун олу вай вешан дега? Царах цхьаболчара аьлла: Вай да ша иза барзо ваарх кхоьру бохуш вара, вай цуьнга эр ду: Бакъ луьйш хилла хьо хӀай тхан да, барзо виъна иза. ТӀетайна вежарий цунна, цара аьлла: Вай цуьнга эр ду: Барзо виъна иза. Цхьаболчу вежарша аьлла: Делахь а, хӀун билгало йу цуьнан? Цара аьлла: Цуьнан билгало цӀий хир ду. ТӀаккха вежарша ка схьа а эцна, цунна урс хьаькхна. Юсупан коч схьа а эцна, цунна басар дина цара. Хазахетта вежаршна чӀогӀа, цара аьлла: ХӀинца тешар ву вайн да!

Якъубана хьалха

бӀаьра нисйан

Уьш баьхкина шайн да волчу суьйранна, боьлхуш. Цара аьлла: ХӀай тхан да, къовсадала даханера тхо, Юсуп тхешан хӀумнаш уллохь витинера оха, тӀаккха барзо виира иза. Цара деара цуьнан куча тӀехь харц цӀий. Цара аьлла: ХӀара ду Юсупан цӀий! Церан да Якъуб пайхамар хилла, иза воккха стаг хилла. Иза шен бераллехь дукха хьекъале хилла. Якъубана хууш хилла, барзо адам диъча цо иза лаза дой, цо цуьнан коч ятӀа йой. Юсупан коч цӀена хилла, цӀий чу Ӏоьттина хилла, цундела хиъна Якъубана, иза харц цӀий дуй, барзах лаьцна долу дийцар а кхоьллина дийцар дуй. Цо аьлла шен кӀенташка: Муххале а, хӀара дийцар аш кхоьллина ду Хаза собар. Сингаттаме воьжна Якъуб Юсуп бахьанехь чӀогӀа, делахь а цо хаза собар дина.

Юсуп гӀу чохь

бӀаьра нисйан

Вежарий бухабирзира цӀа, цара витина Юсуп гӀу чохь, яахӀума йиъна вежарша, дӀабийшина уьш меттанаш тӀе. Юсуп гӀу чохь хилла, мотт а боцуш, даар а доцуш. Вежаршна вицвелла Юсуп, дӀабийшина уьш. Юсуп ца вижина дӀа, цхьа а виц а ца велла цунна. Якъуб Ӏийна Юсуп дагаоьхуш, Юсуп Ӏийна Якъуб дагаоьхуш. Юсуп гӀу чохь хилла, гӀу кӀорга хилла. ГӀу хьуьнхахь хилла, хьун йуькъа хилла. Иза буьйсанна хилла, буьйса бодане хилла.

ГӀу чура гӀалин чу

бӀаьра нисйан

Цу хьуьнхахь новкъа йоьдуш цхьа тоба хилла. Новкъахь уьш хьагбелла, цара лехна гӀу. ГӀу гина царна, цу тӀе цхьа стаг вахийтина цара, шайна хи даийта. Стаг гӀу тӀе веъна, шен ведар схьаэцна цо. Ведар чухецна цо, тӀаккха ведар деза карийна цунна! Хьаладаьккхира цо иза, ведар чохь кӀант хилла! Цецваьлла и стаг, цо кхайкхина (кхечаьрга). Кхаъ бу шуна, хӀара кӀант ву. Нахана чӀогӀа хазахетта, цара иза дӀахьулвина. Мисаре дӀакхаьчча уьш, базара дӀа а хӀиттина, цара кхайкхина: Хьан оьцу хӀара кӀант? Хьан оьцу хӀара кӀант? Ӏазиза эцца Юсуп, кӀеззиг дирхӀамех. Махлелохоша воьхкина Юсуп, царна ца воьвзина Юсуп. Ӏазиз (Потифар) иза а эцна, шен гӀали чу вахна, цо аьлла шен зудчуьнга: Ларам бе Юсупан, бакъдолуш иза нийса кӀант ву.

МуьтӀахьалла а, тешамалла а

бӀаьра нисйан

Потифаран зуда Зулейха Юсупана тешнабехк марзбан гӀоьртина хилла. Делахь а, Юсуп доьхьал ваьлла, цо аьлла: ХӀан-хӀа! Ас тешнабехк бийр бац сайн элана, баккъалла а цо суна дика дина, сан лерам а бина. Бакъдолуш, со Делах кхоьру. ОьгӀаз йахана тӀаккха Потифаран зуда, цо арз дина шен майрачуьнга. Ӏазизана-м хиъна зуда харц луьш юй. Цунна хиъна Юсуп тешаме вуй. Цо аьлла шен зудчуьнга: Бакъдолуш, хьо гӀалат боьвллачерах хилла. Юсуп Мисарахь шен хазаллица вевзина хилла, иза цхьанна гича, олуш хилла: Дац хӀара адам, сийлахь малик бен дац иза.

ЧӀагӀделла зудчуьнан оьгӀаз йахар, цо аьлла Юсупе:

— Делахь, гӀур ву хьо набахти чу!

Юсупа аьлла:

— Набахти гӀолий йу суна.

Цхьа денош дӀадевлча, Юсуп набахти чу вахийта веза аьлла хетта Потифарна. Потифарна хууш хилла Юсупан бехк боций. Набахти чу вахана Юсуп.

Дика тӀаьхьало

бӀаьра нисйан

Оцу доккхачу паччахьалло Юсуп Делах дӀа ца хьовзийна, йа иза хийца а ца хийцина цо. Юсупа АллахI хьехош хилла, Цунна Ӏибадат деш хилла, Цуьнах кхоьруш хилла иза. Юсупа Делан хьукманца кхел йеш хилла, Делан омрунаш чекхдохуш хилла. Юсупана паччахьалла доккха хеташ ца хилла, иза доккха хӀума лоруш ца хилла цо. Юсупана дезаш ца хилла паччахь санна валар а, паччахьашца ша (къемат дийнахь) вовшахтохар а. Муххале, Юсупана дезаш хилла (Делан) лай санна валар а, дикчу нахаца ша вовшахтохар а.

Юсупан доӀа иштта хилла:

— Сан Дела!, суна паччахьалла делла Ахь, къамелан тидар а делла Ахь; хӀай, стигланаш а, латта а кхоьллина верг, Хьо ву сан доладархо дуьненахь а, эхартахь а, бусалба волуш валийта ахь со, дикчу нахах дӀа а тоха ахь со.

АллахӀа иза валийтина бусалба волуш, Цо иза дӀатоьхна шен дайх, ИбраьхӀимах а, Исхьакъах а, Якъубах а, Делера салават а, салам а хуьлда царна а, вайн пайхамарна а.

Лияна Рахьилана БильхӀана Зильфана
Равбин Юсуп Дан Джад
ШамӀун Биньямин Нафтали Ӏашир
Лави
ЯхӀуза
Ясакар
Забулун