Идаев, Юсуп Шамсудди́нан воӀ
Ида́ев Юсу́п Шамсудди́нан воӀ (1938 шеран 25 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС — 1987 шеран 5 май, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артист.
Идаев Юсуп Шамсуддинан воӀ | |
---|---|
Вина терахь | 1938 шеран 25 июль |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС |
Кхелхина терахь | 1987 шеран 5 май (48 шо) |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Корматалла | театран артист |
Жигара шераш | 1956-1987 |
Театр | Х. Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драмин театр |
СовгӀаташ | Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артист |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1938 шеран 25 июнехь. 1957 шарахь ишкол чекхйаьккхина аьттонца экзаменаш дӀайелира Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институтехь. Амма цул тӀаьхьа, Ленинградан театран, музыкин, кинематографин институтан нохчийн актерийн студе дӀаоьцуш буй хиина, цуо цига чуделира кехаташ, аьттонца дӀайелира йерриг экзаменаш[1].
Институт чекйаьккхинчул тӀаьхьа цӀа а вирзина, сихха хилира Нохч-ГӀалгӀайн Х. Нурадиловн цӀарах театран коьрта актерех цхьаъ. ЧӀогӀа муьтӀахь вара шен белхан, кинош чохь дакъа лаца реза ца хуьлура, спектаклаш йукъара ца йахархьама. Жоьпаллица лелайора театран ролаш, амма карьерахо вацара. Театран директоран дарж тӀеийцира, дика куьйгалхо а хилира[1].
Дуьххьара суна Юсуп вайра 1961-гӀа шарахь. ЛГИТМИКан студент, иза Соьлжа-ГӀала веира нохчийн студин йукъахь. Буьйлалуш болу актераш чекхйоккхуш йара йоьлгӀа курс, цӀа баьхкинера «Ромео а, Джульетта а» спектаклца. Юсуп Ромеон роль ловзош вара, мел дика ловзайоа... Спектакле кхача хала дара, билеташ схьаоьцура цхьа бутт хьалха. Оцу заманера Нохч-ГӀалгӀайн театран актерашна а, царна йукъахь со а, спектакль хьажа йиш хуьлура хьовсархоша йуьзинчу чӀерка чуьра...
|
— дуьйцу Идаев Юсупан зудчо, Нохч-ГӀалгӀайн халкъан артисто, РСФСР хьакъ долу артисто Багалова Зулейхана[1].
Нохч-ГӀалгӀайн театран литературин декъан куьйгалхочо, НР Театран гӀуллакххойн бертан председателан гӀовсо, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан оьздангаллин хьакъ долу белхалочо Берсанукаева Хедас дийцира:
Цуьнан хьалхара театран балхо сихха гӀараваьккхира иза. Идаевга безам бахара соьлжа-ГӀалин дерриг зударийн декъан, цуьнга безам берш тобанашкахь зезагашца оьхура цуьнан спектаклашка. Цуо дипломан спектаклехь кхоьллина Ромеон васт уггаре дикачу ролашна йукъахь йисира[1].
|
Иштта аьтту болуш хилира Идаев коьрта ролехь волуш хӀоттийна «Аршин мал алан». Театран куьйгаллин барт бан бийзира ЛГИТМИКан куьйгаллица, Юсуп деша тӀаьхьуо гӀур ву, Соьлжа-ГӀалахь йерриг премьераш[1] чекхйевлча аьлла.
Театрера белхан хьалхарчу дийнахь дуьйна Идаев Юсуп оьшуш волу актёр хилира. ХӀора спектаклехь цунна лора коьрта ролаш, уьш тӀех дика ловза а йора цуо: «ЦӀий Ӏанийна ловзарехь» зуда йалориг (Гарсиа Лорка), «Хьешан цӀийнера хӀусаман нана» чохь Фабрицио (Карло Гольдони), «Тешнабехк а, безам а» спектаклехь Фердинанд (Фридрих Шиллер), «ЦӀен йовлакх дихкина сан гӀаргӀа» хӀоттош Ильяс (Чингиз Айтматов), «Сам даьккхина эхь-бехк» чохь Валентин (В. Шаврин)… ТӀаьххьарчу «бӀешерал деха лаьтта де» спектаклехь цуо чӀогӀа дика ловзийра кхо роль. Цуьнга ловзалора къоман драматурги а, ССРС авторийн пьесаш а, дозанал арахьара классика а[1].
Институт чекхйаьккхина хьалхарчу шерашкахь Идаев Юсупа ловзайора турпалхочун, турпалхочун-везарган, романтикин турпалхочун амплуара ролаш. Цул тӀаьхьа цӀеххьана комедин актёр санна гайтира ша. Цуо тӀаьх дика ловзайора тайп-тайпана ролаш. Вара шуьйра кхоллараллин диапазонан актер, ткъа иза наггахь бен хуьлуш дац. Суна ца хаьа цуо актерийн роль йохийна меттиг,
|
— боху Нохчийн театран исбаьхьаллин куьйгалхочо, Нохчийчоьнан а, Российн а говзаллин хьакъ долчу гӀуллакххочо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР а, Российн а пачхьалкхан совгӀатийн[1] лауреато Хакишев Руслана.
Идаев даиманна а хазахетара шен зудчунан кхоллараллин аьттунаш. Премьерашкахь иза кирхьанна тӀехьа а лаьтташ, хьехар а дора, гӀалаташна тӀе тидам а богӀуьйтура. Цуо ца йитина Багалова Зулейхан ГИТИСе хӀоьттира[1].
Цуьнан сценин вастийн амал оьздаллин йара. Цуо ловзийна дукхаха йолу ролаш йукъайахана нохчийн театран говзаллин дешин фондана. ЧӀогӀа дика хаьара нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанаш, чӀогӀа дика талмаж а вара[1].
ЧӀогӀа адамалла долуш вара. Цкъа цунна гуш йоккха стаг трамвай кӀела йаханера, иза дӀакхоссавелла чӀургашна кӀелхьара йаьккхира. Шен оьздангалла бахьнехь Юсупах театран къонах олура. Багалова Зулейханан а, Идаев Юсупан а цӀахь хьешашна некъ даиман а йиллина йара[1].
Кхелхина 48 шо долуш Айтматов Чингизан «БӀешерал деха лаьтта де» кхолламца спектакль хӀоттийна ваьлча. Цуьнан гергарчаьрга а, коллегашка а кадам бан баьхкира цуьнан похӀма йезархой, белхалошна тӀера, республикин Ӏедалан векалшка кхаччалц[1].
Доьзал
бӀаьра нисйанДа Идаев Шамсуддин Сапаран воӀ, ресхьаштбертан председатель болх беш хилла, лецира 1944 шарахь, кхелхира карагандин набахтехь. Юсупан берриш вежарий а, йижарий а белира махках даьхначу заманахь. Иза ша цхьаъ кхиира шен ненан Мациева Мединин.
Зуда — НГӀАССР халкъан артист, РСФСР хьакъ долу артист Багалова Зулейхан. КӀентий Рашид а, Рамзес а, йоӀ Рада.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Амина Висаева. Юсуп Идаев. Рыцарь театра Архивйина 2014-12-05 — Wayback Machine
- Дэти Сулумова. Юсуп Идаев. Он играл вдохновенно
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |