Ялсаманера арабахар

ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2019, 2 февраль).

Адам а, Хьава а я́лсамане́ра а́раба́харХиламан жайнан дийцаршкара библин эпизод, йогӀу къине вожарал тӀаьхьа.

Хьосташ а, комментареш а

бӀаьра нисйан

Апокрифан Юбилейн жайнаца, къине иэгале Адам а, Хьава а ялсаманахь даьхна ворхӀ шарахь.

Къине иэгначул тӀаьхьа Дала олу (3:14-3:19):
* Лаьхьане: «НаьӀалт хилла хьуна массо а даьхнашна а, аренан акхарошна а хьалха; хьо лелар бу хьайн гайн тӀаьхь, юур ю ахьа чан хьайн дерриг дахарехь; дов дуьллур ду хьуна а, хьан зудчунна а юккъе, хьан хӀунна а, цуьнан хӀунна а; цуо хьуна коьртах тухур ю, ткъа ахьа цуьнан кӀажанах каеттар ю.»
* Хьавага: «Совбоккхуш совбоккхур бу сингаттам хьан пхоралла долуш; цамгарехь бераш дийр ду; майра везийтар ву, иза хьуна тӀаьхь эла хир ву.»
* Адамега: «НаьӀалт хилла латтан хьуна хьалхара; сингаттамца дуур ду ахьа хьай дахарехь цунна тӀиера; баьӀаш а, кӀохцалш а кхиор ду цуо хьуна; юур ю ахьа аренан бецаш; хьацарца дуур ду ахьа бепиг, хьо схьаваьллачу латте верзалца, хьо а чан ю, чене юха а воьрзур ву.»

Къине иэгначул тӀаьхьа «тиллира Адама шен зудчунна цӀе: Хьава, хилира бехачеран массеран а нана. Делира Дала Адаман а, цуьнан зудчунна а цӀуканан духар, тӀе-кога юьйхира царна». (3:20-3:21). Цул тӀаьхьа Адам а, Хьава а доьссира дуьнен тӀе.

  Элира Дала: иштта, Адам хилира Тхо санна, гӀуо а, дика а девзаш; хӀинца цуо мел кхийдадахь а шен куьйгаш, ца эцна дахаран диттах, ца кхаьллина, ца висина гуттара а ваха. Араваьккхира иза Дала Ялсаманан бешара, ша схьаваьлла волу латта лело. Эккхийра Адам, хӀоттийра малхбалехь Ялсаманан беша уллехь малик а, цӀеран тур а дахаран диттан тӀебоьду некъ ларбеш. (Библия: сокращение Быт неизвестно, см. список допустимых)  

Комментари Мидраш Рабба(ингалс.): Элира рабби Аба бар Кагана[1]: ДӀайиллира цунна Сийлахьчо, беркате ву Иза, дохковаларан неӀарш. «ХӀинца?..» — хаттар хӀоттадо «ХӀинца хӀун ду?». Дала хоуьйту, хьал юхадерзо йиш йолуш хилар, хьоьжу, адам дохко долуй теша. Цунна Адама нийса жоп ца ло, цунна бакъо ца ло Дахаран дитт тӀера даа. Дохко ца ваьллачул тӀаьхьа (ша къа динчул тӀаьхьа доцуш) Адам хьакъ долуш ца хилира гуттаренна а долчу дахарна.

Керсталлин ламастехь

бӀаьра нисйан

Малик цӀеран турца

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Мидраш «Берешит Раба» 21:6

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан