Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович

(Яндарбиев, Зеламха Ӏабдулмуслиман воӀ тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 3 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 30 апрель).

Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович  (1952 шеран 12 сентябрь, Выдриха, Шемонаихан кӀошт, Кхазакхийн ССР2004 шеран 13 февраль, Доха, КъатӀар) — 1996 шарахь Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин куьйгалхо волу Дудаев Джовхар дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин Низамца Яндарбиев Зелимхан Пачхьалкхан куьйгалле веара (1996 шеран 21 апрель — 1997 шеран 12 февраль).

Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович
Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович
Байракх Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин призедент Байракх
 — 1996 шеран 21 апрель
Хьалха хилларг Джохар Дудаев
Когаметтаниг Аслан Масхадов
Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин 1-гӀа вице-президент
 — 1996 шеран 21 апрель
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг Саид-Хасан Абумуслимов
Дин ислам
Вина терахь 1952 шеран 12 сентябрь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг Выдриха, Шемонаихан кӀошт, Кхазакхийн ССР
Кхелхина терахь 2004 шеран 13 февраль({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (51 шо)
Кхелхина меттиг Доха, КъатӀар
Парти Нохчийн къоман йукъара конгресс а, Советан Коммунистийн парти а
Дешар
Динлелор ислам
СовгӀаташ
Орден «Къоман Сий»
Орден «Къоман Сий»
Пачхьалкх  НРИ
Буьйр дар Qoman Eskar
Латар

Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович Кхазакхстанехь вина ву. Тайпан Хьала — Кело ву. Нохчийн къам Сибрехара, Даймахка йухадоьрзучу муьрехь, Зеламха валош цуьнан доьзал цӀа беара, шайн дай баьхна Йоккхачу — АтагӀа. 17 шо кхечначу хенахь, кибарчик йуттуш, жагӀа кхоьхьуш балха хӀоьттира. 1972 шарахь сурне кхайкхира. Оццу хенахь, филологан (нохчийн мотт, литература) факультете Нохч — ГӀaлгӀайн Пачхьалкхан Университете деша хӀоьттина, 1981 шарахь дешна велира.

Университет йаьккхинчул тӀаьхьa Нохч-ГӀалгӀайн зорбанан цӀийнан куьйгалхо балха вахар. 1985—1986 СССР йаздархойн Барта йукъайогӀуш йолу исбаьхьаллийн литература нахалайаккхаран Коммитет Куьйгалхо хӀоттийра Зеламха. Хийцамийн зама тӀейеъча, политикин жигар болх болийра Зеламхас, «Барт» олучу цхьаьнакхетараллийн куьйгаллехь. Цул тӀахьа Нохчийчохь кхоллайелира «Вайнехан Демократан Цхьаьнакхетаралла», цуьнан Куьйгалле веара Зеламха. Нохчийн исторехь и цхьаьнакхетаралла даккхийчу элпашца меттиг дӀалоцуш йу, хӀунда аьлча, Маршонехь болийна боламан коьртехь бара оцу цхьаьнакхетараллийн декъашхой. Зуда йалийна вара, 5 берийн да а вара Зеламха (3 йоӀ, 2 кӀант). Воккхахволу кӀант вардан буха вахан велира, доьзткъалгӀа шерийн чаккхенехь. Жимахволу Даудана чевнаш йира Дохехь, Зеламхана дуьхьала гӀаскхийн къайлах сервисан ницкъахь дӀайаьхьначу операцехь диначу эккхарехь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан