Шайх Ӏабдул-Бакъи Джамо (1922 шеран 14 декабрь, Эз-Заркъа12 май 2016, Эз-Заркъа) — Урданан пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, юридически а, парламентан а гӀуллакхийн министр[1], цул тӀаьхьа Урданин динан гӀуллакхийн министр. Дай Урдане кхелхина Нохчийчуьра Нажи-Йуьртан кӀоштара Гилнара.

Ӏабдул-Бакъи Джамо
ГӀуллакхан тайпа политик
Вина терахь 1922 шеран 14 декабрь({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Эз-Заркъа
Кхелхина терахь 2016 шеран 11 май({{padleft:2016|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (93 шо)
Кхелхина меттиг Эз-Заркъа
Гражданалла  Урдан
Пачхьалкх Урдан
Да Джамо
Нана Бука
Зуда Самихьа (Гуц), ХӀадия
Бераш КӀентий: ХӀарун, Ӏабдулла, Ӏумар, йоьӀарий: ДжихӀан, ХӀиям, ИльхӀам, Асмаъ

Ӏабдул-Бакъин дай схьабевлла ломан Хой эвлара, кхелхина Гилна эвла[2]. Тайпана Ялхо вара[3].

Джаму, нохчаша цунах Джамиль олура, воккха Ӏелам стаг хилла. Иза шина вешийца, зудчунца, кӀентаца, битира Даймохк хьиджран терахьца 1319 шеран 15-гӀачу дийнахь еарахь (1901 шо григорианан рузманца).

Уьш арабевлира Нажи-Йуьртан кӀоштан Гилнара. Цуьнца бара йуьртахой а, кхечу нохчийн эвланашкара кхин бахархой а, берриш 73 доьзал. Мухажираш арабевлира ворданашкахь. Цара шарахь гергга некъ бира. Зуда а, кӀант а белира шелонна Туркойчохь, Алвар эвлахь. Циггахь кхелхира кхин а масех мухажир. Дийна бисинарш дӀакхечира Урдане, цигахь йиллира эвла (хӀинца — гӀала) Эз-Заркъа. Царна йукъахь вара вуьрхӀитта Ӏелам стаг. Уьш бевзира махкахь, шайн дош лелаш а бара Ӏаьрбийн Ӏелам нахана йукъахь[4].

1952-чу шарахь Ӏабдул-Бакъис чекхйаьккхира Мисарахь йолу Аль-Азхар университет[5].

Дуьхьала вара Нохчийчохь тӀом болорна, Удуговс Ӏабдул-Бакъи жуьгтех ваьлла, иза сионистийн гӀуллакххойх цхьаъ ву элира[6].

«Ислам — баьццара оба йац, туркойн куьй а бац, маж а йац. Ислам — адаман са ду, иза духаршца кеч ца ло, ткъа дикачу гӀуллакхашца кечдо. Суна, нохчочунна, деза ду нохчийн духар, Ӏаьрбийн а, туркойн а дац. Со АллахӀа кхоьллина нохчий, Иза воцчунна ца хаьа аса мел хӀастам бо Цунна иза бахьнехь», — дийцира Ӏабдул-Бакъи Джамос.

2016 шо кхаччалц Ӏабдул-Бакъи Джамо коьртехь вара паччахьаллин Кавказан диаспорин[8].

Ӏабдул-Бакъин шиъ зуда хила Самихьа (Гуц) а, ХӀадия а, барх бера а хила кӀентий: ХӀарун, Ӏабдулла, Ӏумар, йоьӀарий: ДжихӀан, ХӀиям, ИльхӀам, Асмаъ.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Чеченский лев арабской пустыни Архивйина 2016-06-10 — Wayback Machine
  2. Вести Чечни 12.05.16г — Чечня
  3. Гарсаев Л.М., Гарасаев Х.-А.М. Чеченские мухаджиры и их потомки в истории и культуре Иордании. Историко-этнографические очерки // . — Грозный: Грозненский рабочий, 2019. — С. 366. — 416 с. — ISBN 978-5-88195-949-4.
  4. Зарина Зубайраева. Шейх Иордании Абдул-Баки Джамо:«Я считал, что на возрождение Чечни уйдет не менее ста лет. И очень рад, что ошибался». IslamRF.Ru — Информационно-аналитический портал (2008 шеран 28 октябрь). Архивйина 2024 шеран 7 мартехь (ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Ибрагимова З.Х. Царское прошлое чеченцев. Политика и экономика. — Москва: Пробел-2000, 2009.
  6. Интервью 1. Муса Темишев. Генерал Рохлин и ядерные чемоданчики Джохара Дудаева Архивйина 2016-08-20 — Wayback Machine
  7. НА 95 ГОДУ ЖИЗНИ СКОНЧАЛСЯ ШЕЙХ АБДУЛ-БАКИ ДЖАМО
  8. Айнди Беккаев. Н. Джамо: «Мы должны продемонстрировать всему миру величие и красоту нашего края». www.ChechnyaTODAY.com (12 марта 2010). Архивйина 2016 шеран 18 сентябрехь

Литература

бӀаьра нисйан
  • Чечня: в когтях дьявола, или, на пути к самоуничтожению: история, аргументы и факты глазами очевидца
  • Чечня глазами чеченца
  • Дожди меняют цвет: о бурных днях Чечни, о себе, о людях моего поколения
  • События в Чечне и их возможное воздействие на углубление системного кризиса в России: доклад на клубе «Содержательное единство», 08.12.94г