Ӏазиз
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Ӏази́з (Ӏаьр. عزيز) — Ӏаьрбийн боьрша стеган цӀе, Ӏаьрбийн маттара гочдича хуьлу "эсала",«онда», «нуьцкъала»; «мехала», «хьомен». Нохчийн а, кхечу дукхах долчу исламан къаьмнашна йукъахь йаьржина.
Ӏазиз | |
---|---|
Ӏаьр. عزيز | |
Схьайалар | Ӏаьрбийн |
Сте-боьрша | боьрша |
Этимологин маьӀна | онда, нуьцкъала; мехала, хьомен, |
Ден цӀе |
|
Зударийн шала цӀе | Ӏазиза |
Кхечу меттанашкара аналогаш | |
Бихкина йаззамаш |
Ӏазиз
бӀаьра нисйанАль-Ӏазиз (Iарб. العزيز — Нуьцкъала) — АллахӀан цӀерех цхьаъ, лело ца мега еккъа АллахӀе кхойкхуш бен. ЦӀе Аль-Ӏазиз хьахийна Къуръанахь 7-за. Цуьнан дукха маьӀнаш ду, АллахӀан ницкъан кхетам гойтуш. Ӏелам-наха гойту, цхьан а хӀума дац, АллахӀал сов ницкъ болуш, иза гайтархьама дуьйцу АллахӀа адам кхоллар, церан лелар, дикачу нахана АллахӀа до гӀо, Ӏаламан хиламаш кхоллар.
Ӏабдул-Ӏазиз (Iарб. عبد العزيز — Нуьцкъалачуьн лай) — шала боьршачу стеган Ӏарбех схьайаьлла цӀе. Ӏабдул-Ӏазиз цӀе лаьтта шина дешах Ӏабд (лай) а, аль-Ӏазиз (Нуьцкъалниг), Ӏарбийн маттара гочдича «Нуьцкъалачуьн лай», «Ницкъ болчун лай».
Къуръан чуьра цитата
бӀаьра нисйан
АллахӀан ду стигланийн а, лаьттанийн а эскар, АллахӀ — Ницкъ берг, Хьекъале верг а ву.
Хьеставо АллахӀ, стигланашкахь а, латтанаш тӀехь а долчо. Иза — Ницкъ берг, Хьекъале верг.
Иза ву кийрахь Шена луъуш долу сипат кхуллуш верг. Кхин дела вац, Иза воцург, Ницкъ берг, Хьекъале верг.
ХӀан-хӀа! Иза АллахӀа хьалаваьхьна Ша волчу, АллахӀ ма ву Ницкъ берг, Хьекъале верг.
Муъмина божарий а, зударий а бу вовшешна гӀоьнчаш а, доттагӀий а. Цара ден боху магийнарг, хьарам до ца магийнарг, ламаз до, закат ло, АллахӀа а, Цуьнан ПайхӀамара а бохург до. АллахӀа къинхетам бийр бу царех. Бакъдолуш, АллахӀ ву Ницкъ берг, Хьекъале верг.
Иза — АллахӀ, Ӏедалхо, Сийлалахьверг, ЦӀена, Лардешверг, Ӏалашдийриг, Нуьцкъала, Ницкъ болу, Яхъйолу, Иза воцург кхин вац. ЦӀена а, гена а ву АллахӀ, цара Цунах накъостий беттарах.
Нагахь аша цунна (Мухьаммадна) гӀо ца лацахь, тткъа АллахӀа цунна гӀо ма-лаьцна, тешаш боцучара иза эккхийча. Иза вара хьех чохь хиллачу шиннах, тӀаккха элира шен новкъахочуьнга (Абу Бакре): «Самагатде, АллахӀ ма ву вайца». ТӀаккха АллахӀа баийтира цунна синтем, гӀолецира цунна, шуна гина боцучу, тӀемлошца. АллахӀа дира ца тешачеран дош уггаре лахара, ткъа АллахӀан Дош массу а хӀуманал лакхара ду. АллахӀ — Нуьцкъала, Хьекъале.