Ӏамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департамент

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департамент (инг. United States Department of State я State Department), — Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн мехка урхаллин кхочушдаран Ӏедалан федералан меже ю. Цо Президентаца консультацеш дӀахьо, дуьненайукъара юкъаметтигаш латтайо, кхечу арахьарчу гӀуллакхийн министраллин белхаш кхочушдо.

Сийлахь меттиг
Ӏамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департамент
38°53′39″ къ. ш. 77°02′54″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Йиллина терахь 1789 шеран 27 июль[2][3][…]
Сайт state.gov(ингалс.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кхийолу кхечу арахьарчу гӀуллакхийн министраллаш санна иза кхоьллира 1789-чу шарахь, цу хенахь пачхьалкхан кхочушдаран департамент яра иза. Цунна тӀехь декхарш дара, масала  Цхьанатоьхначу Штатийн арахьара политика дӀаяхьар а, дозанал дехьа йолчу дипломатин миссишна тӀехь урхалла дар, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхолламехь Цхьанатоьхна Штаташ йовзийтар.

Цул сов, Пачхьалкхан Департаменто болх бо кхечу пачхьалкхашкахь социалан, политикин программаш дӀахьучу коммерци лелош йоцучу организацешца.

АЦШ пачхьалкхан секретарь ву департаментан куьйгаллехь.

  1. Global Research Identifier Database (инг.) — 2015.
  2. (unspecified title) // (untranslated)
  3. Federal Register (инг.)Washington, D.C.: Office of the Federal Register, 1936. — ISSN 0097-6326; 2167-2520