Ӏилманан ишкол
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Ӏилманан ишкол — кечйина Ӏилманан хьажаран система, ткъа иштта и хьажар къобалдеш йолу Ӏилманан йукъаралла. Ӏилманан ишкол кхоллар хуьлу лидеран Ӏаткъамца, шен эрудицино, хьаштон гуоно, белхан хотӀо керла белхалой тӀеберзош хилча. Ӏилманан коллективан чуьра юкъаметтигаша таро ло шайна идейн тӀегӀан тӀиера хууш дерг (талламан жамӀаш доцуш) вовшен довзийта, цуо дикка ойу кхоллараллин Ӏилманан белхан эффект[1].
Хьежарш ишколан чуьра хийцалуш хуьлу, цуо фракцеш а, декъадаларш а хилийтаран бух кхуллу, тӀаккха кхоллало, кхуьу керла Ӏилманан ишкол. Ӏилманан ишколаш кхоллало кафедрийн, институтийн, пачхьалкхийн, муьлххачу тӀегӀан тӀиера Ӏилманчийн цхьанакхетараллийн гуранчохь.
Кхетам
бӀаьра нисйан«Ӏилманан ишкол» термин лелайо шина меттигехь:
- Йукъара хьажарш, ойланаш, хьаштош цхьанатуху Ӏилманчаш, балабо уьш луьстачу уьйране. Цуо тӀеерзайо керла къона похӀманаш, тӀаккха дуккха а шерашна билгалдоху Ӏилманан керла областаш кхиаран некъаш а, боларш а. Иштта ишкол дуьнентӀеялар доьзна ду нисделлачу ирсен гӀуллакхашца, арахьара гӀо оьшу цунна.
- Жима Ӏилманан коллектив, вовшехтоьхна кхолламаллица, билгалчу темица, йукъара хьажаран а, хьаштийн а, ламастийн а системица, шеш юьсуш а, кхуьуш а йолу Ӏилманан чкъор хийцаделчи а.
Ӏилманан ишколан хьесапаш:
- Ӏилманан йукъара хьашташ а, талламан маьӀна а
- Ӏилманан жамӀийн лакхара тӀегӀа а, ишкол къобалъяр а
- кар-кара ялар, лидеран билгала роль а, ишколан дика перспективаш а
Ӏилманан теорехь къастабо кхетамаш:
- Ӏилманан ишкол
- Ӏилманан некъ
- Ӏилманан бала
Истори
бӀаьра нисйанПротоӀилманан муьран ишколийн шеш йозуш йоцу центраш я институташ хила таро яра. ТӀехьа Ӏилманан ишколийн маьӀнехь кхетадора реалан формалан йоцу Ӏилманчийн коллективаш.
Ширачу заманахь кхоллалора исбаьхьаллин а, философин ойланан а ишколаш — аристотелан перипатетикаш.[2].
Юккъерчу бӀешерашкахь жайназорбатохаро кхоьллира ледаме техникин аьтту масех цхьана географин центр дӀалоцуш йолу Ӏилманан ойлан ишколаш кхоллаяла. Цуо аттачу яьккхира Ӏаморан а, тайп-тайпана ишколийн ойланаш яржоран а процесс. ХӀоранна а царех кхечира пропагандан гӀирс — рогӀехь арадуьйлу журналаш, гуламаш, бюллетенаш, кхин Ӏилманан периодика. Шен зорбан меже — чӀогӀа йолу билгало ю Ӏилманан ойланан ишколан. Иза гайтина Ӏилманан исторехь, шен белхан Ӏилманан жамӀаш лахар атта до цуо.
Таханлера Ӏилманан ишкол дукха хьолахь университеташ ю. Церан структура кхуллу кафедраш —кхоллараллин пхьолгӀанех тераниш, ткъа царна коьртехь болу Ӏилманчаш (дукха хьолахь профессорш) — пхьерех, «коьртаниш» ишколашкахь, кӀезиг дац тӀехьа церан гӀараевлла цӀераш царна тахкар. Ӏилманан агӀора яккхийра ишколаш кхоллало тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь а, академийн талламан центрашна, Ӏилманан-талламан институташна гуонаха а.
Т. И. Заславскаяс билгалдоккху ши маьӀна: 1) иерархи йина а, ша юхакхоллалуш йолу Ӏилманан йукъаралла, дуьненан Ӏилманчу хазна йиллина йолу; 2) даймехкан Ӏилманехь билгала лахьта лоцуш йолу, керлачу чкъоьрийн говзанчашца, къаьсташ йолу билгалчу методологица ша юхакхуллуш йолу йукъаралла[3].
Биохимикан Абелев Гаррин хетарехь, нагахь дӀадаьллачу бӀешеран юккъехь Ӏилманчаш ишколашна бекъабалар дика гуш хиллехь, иза догӀура парадигман муьран тӀекхачале хьалха, ткъа хӀинца, парадигмаш кхоллаелча[4]
Ишколаш тӀехь-тӀехьа кӀазглуш ю, хӀунда аьлчи вайн хаарш алсама структураш йолуш хуьлуш ду. Ишколаш, хила тарло, кхолламан цхьанакхетарш юьсуш санна — лаборатореш, отделаш, кадраш кӀезиг балхара дӀадуьйлан дела лаьтта онда белхалойн тобанаш дуккха а шерашкахь. Церан кхоллало вовшен тера хьажараш, критереш, иза, сунна хетарехь, чӀогӀа тер аду ишколех. Амма цхьаьна, суна хетарехь, иммунологехь а, вирусологехь а ишколаш яьржа, еша юкъарчу оцу областан хааршан структурехь.
Амалш билгалъяхар
бӀаьра нисйанИшколан хила веза Ӏилманан лидер (и веллачул тӀехьа хьехархой я цуьнан идейш) а, лархой (дешархой) а[5].
Масех Ӏилманан ишколан таро ю цхьана хенахь цхьатерра Ӏилманан Ӏалашонаш кхочушъян, амма иштта делахь а, къаста теоретикан бухца (принципашца) а, практикехь уьш кхочушъян тӀеварца а, программашца а, кепашца а, гӀирсаца а. Цуьнца кхетадо тайп-тайпанчу ишколийн Ӏилманчаша йина жамӀийн башхаллаш.
Ӏилманан ишколех уггар жигараллин концентрацин кхоллараллин энергин кхерч хуьлу, чӀогӀа жигара Ӏаткъам беш Ӏилманан прогрессан[6].
Ишколаш — Ӏилма кхиаз хиларан симптом ю. Парадигмаш чӀагӀйина, дӀехьадевлча «нормалан» Ӏилмане ишколаш дӀайовлу сцени тӀиера. ДӀахӀутту теоретикан а, методикан а позицин йукъаралла массо а оцу Ӏилманан векалийн[7].
- Ӏилманан ишколан амал билгалйоккху йукъара
- Ӏилманан меттаца
- хьажаран системица
- талламан кепашца
- Ӏилманан мехалашца
Ӏилманан ишкол шен Ӏилманан ламасташ а, жамӀаш а нахала даха гӀерта. Цуьнан шен идентификаце а, къаьстина хиларе а кхочу талламан дозанаш билгалдахарца.
- Ӏилманан ишколаш чекхйовлу муьраш
- Талламан программо цхьанатуху Ӏилманчаш.
- Талламан коллективах ишкол хуьлу.
- Керла Ӏилманан некъ, дакъа, дисциплина кхолладабар.
- Ӏилманан-дешаран ишколаш керлачу Ӏилманчийн чкъоьран.
- Керла ишколаш йовлар хьалхалерчарах.
- Кхианчу Ӏилманашкара ишколийн конкуренци.
- Талламан программа чекхъяьлла хилар. Ишкол йохар.
Ӏилманан ишколийн дахаран муьрех долу хаттар Ӏилманан литературехь кӀезиг дийцина. Наггахь уьш дӀайовла финансаш ца тоарна. Амма, хьалхе лелон ишколаш билгалйохуш дукха хьолахь тергаме ца оьцу церан дахаран мур, цундела дукхахдерг гӀодо шен кхиамешкахь севца йоллушехь гӀараевллачарна, ткъа совцуш йоцу дика перспектива йолу Ӏилманан ишколаш гӀо доцуш юьсу[8].
Ӏилманан ишколаш дӀайовлар (уьш дӀаяр) нисло шина коьртачу кепашкахь: бюрократизаци а, коммерциализаци а. Оцу шинний а кепан уьйр ю долуш долчу жамӀийн модернизацица а, модификацица а, проекташна куьйгалла а деш юьсу Ӏилманан лахам меттана, цуо хӀаллакайо кхолларалла, тӀаккха ша Ӏилманан ишкол а[9].
Тайпа
бӀаьра нисйанӀилманан ишколийн коьрта тайпанаш:
- Ӏилманан некъ
- Ӏилманан-талламан (Ӏилманан инкубатор)
- Ӏилманан-дешаран
- Ӏилманан-арахецаран
Хьажа иштта
бӀаьра нисйан- Ишкол (Ӏилманехь а, исбаьхьаллехь а)
- Ӏилма
- Ӏилма Ӏамор
- Довзар (философи)
- Дуьненан Ӏилманан сурт
- Ӏилманан кеп
Литература
бӀаьра нисйан- Рапацевич Е. С. Педагогика // Большая современная энциклопедия. Минск: Современное слово, 2005. С. 667—668.
- Криворученко В. К. Научные школы // Знание. Понимание. Умение. 2011. № 2 (март — апрель).
- Устюжанина Е. В., Евсюков С. Г., Петров А. Г. и др. Научная школа как структурная единица научной деятельности. М.: ЦЭМИ РАН, 2011. 73 с.
- Школы в науке. М.: Наука, 1977. 523 с. (Наукаведение: проблемы и исследования)
- Библиография по проблемам научных школ. Новосибирский НЦ.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ведущие научные школы России: Справочник. М.: Янус-К, 1998. 624 с.
- ↑ От названий и самого помещения (гимнасий), и расположенного поодаль храма Аполлона Ликейского (Ликей, шир.-желт. Λύκειον впоследствии образовались имена отдельных видов учебных заведений.
- ↑ Социология перед судом истории Вестник РАН, 1995, том 65, № 1, с. 52-64.
- ↑ Г. Абелев. Автобиографический очерк.
- ↑ Научная школа — определение Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
- ↑ Ярошевский М. Г. Логика развития науки и научная школа // Школы в науке. М.: Наука, 1977. С. 7-97.
- ↑ Т. Кун. Структура научных революций. — М.: Прогресс, 1977.
- ↑ Павельева Т. Ю. Научные школы в системе науки: философский анализ. Диссертация доктора философских наук. М., 2012.
- ↑ Устюжанина Е. В., Евсюков С. Г., Петров А. Г. и др. Заключение // Научная школа как структурная единица научной деятельности. М.: ЦЭМИ РАН, 2011.C. 72-73.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Куперштох Н. А. Научные школы России и Сибири: проблемы изучения. Научные школы в Сибирском отделении РАН.