112-гӀа Башкирийн дошлойн дивизи


112-гӀа гва́рдийн Башки́рийн дошло́йн Ле́нинан о́рденан, ЦӀи́енба́йракхан, Суво́ровн а, Куту́зовн а о́рденийн диви́зи — къоман-регионан хьесапца Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь дакъалаца кхоьллина долу цхьаьнакхетар. Вовшахтоьхна Уфахь 1941 шеран декабрехь.

112-гӀа Башкирийн дошлойн дивизи
Эскарийн тайп дошлой
Вовшахкхетар 1942 шеран 28 январь
ДӀасахецар (хийцар) 1943 шеран 14 февраль
Когаметтаниг 16-я гвардейская кавалерийская дивизия
 
Башкирийн дошлойн дивизин байракхь

Кхолларан бахьана хилира ССРС ПДК Башкирийн АССР правительствос 1941 шеран ноябрехь республикин ресурсийн чоьтах 2 дошлойн дивизи кхолла дехар дар. Иза ЕКП(б) обкоман бюрос а, Халкомсово а къобал динчул тӀаьхьа 1941 шеран 17 а, 29 а ноябрехь, БАССР арахийцира сацам, цуо билгалдоккху дивизеш кхуллу низам.

Республикин бахамах дӀаелира 13300 говр, говран гӀирс, духар, хӀоъ, докъар. Салтий вовшахтуьйхира коьртаниг Башкирийн АССРн юьртийн кӀоштий чоьтах. Ладаме барам баьччанаш башкирех а, гӀезалойх а, ЦӀиен Эскаран Кхолларан коьрта урхаллин бакъонца, кхечу тӀеман гуонашкара фронтера цӀаберзийра. 1941 шеран декабрехь — 1942 шеран январехь схьакхечира гуттаренна болу полкийн баьччаш: майор Кусимов ТӀахӀир Таипович (275-гӀа дошлойн полк), майор Нафиков Гарей Абдуллович (294-гӀа дошлойн полк), майор Макаев Гариф Давлетович (313-гӀа дошлойн полк). 1941 шеран 25 декабрехь схьакхаьчна шен дарже кхечира дивизин баьчча полковник Шаймуратов, иза фронтера схьавийхира инарла Л. М. Доваторан гвардин дошлойн корпусан йукъара 1-ра башха дошлойн полкан баьччан даржера.

Кхоллар хилира 1941 шеран октябрехь-ноябрехь фронте 74-гӀа а, 76-гӀа дошлойн дивизи дӀахьажийна меттигехь, республикин Уфан кӀоштан Дёма станцехь (112-гӀа Башкирийн дошлойн дивизи) а, Благовещенскан кӀоштехь (113-гӀа дошлойн дивизи) а.

1942 шеран 2 мартехь Къилба-Уралан тӀеман гуон комиссис мах хадийра 112-гӀа дошлойн дивизин кечаман, фронте дӀаяха кийча йу аьлла. 1942 шеран 22 мартехь БАССР Лакхара Советан Президиуман председатела Ибрагимов Рахьим Киреевича дивизина йелира Башкирийн АССРн Лакхара Советан Президиуман а, Халкъан Комиссарийн Советан а байракх. Вовшахтоьхна йолуш башкираш бара – 81,4 %, гӀезалой – 14,5 %, оьрсий – 3,3 %, кхин къаьмнаш – 0,8 %.

ХДК директивица 113-гӀа дошлойн дивизин салтий дӀабелира кхин салтий тӀе ца тоьу кхечу дакъошна (112-гӀа дошлойн дивизи, 9-гӀа резерван дошлойн полк (Туймазы гӀала), 11-гӀа дошлойн дивизи).

1942 шеран 11 апрелехь 112-гӀа Башкирийн дошлойн дивизи дӀахьажо йолийра Москохан-Донбассан цӀерпоштнекъан Ефремово станце. 1942 шеран 1 майхь юкъаягӀара 8-гӀа дошлойн корпусан декъа (баьчча инарла-майор Жадов А. С.) 21-ра ломан-дошлойн дивизица а, 55-гӀа Алтайн дошлойн дивизица а цхьаьна[1].


ТӀеман некъ

бӀаьра нисйан

1942 шеран 2 июлехь дуьйна 112-гӀа дошлойн дивизи дакъалоцуш ю Брянскан фронтан 3-гӀа эскаран тӀамехь, Сталинградан тӀамехь Олым эркан дозанца. 1942 шеран 2 - 8 июлехь Алешки — Мали Борки — Святоша дозанехь 112-гӀа дошлойн дивизин дакъоша хӀаллакбина 320 мостагӀийн салтий а, эпсарш а, хӀаллакйина тӀеман гӀирсашца йолу 2 ларма, могӀанера йукъара яьхна 57 куьйга а, чархан а пулеметаш, 12 йоккха топ, 2 танк, 10 киран автомобиль, мостагӀчун кхин тӀеман техника[2].

1942 шеран 10 июлера 9 октябрь кхаччалц дивизис тӀемаш бира Косинка-Тербуны-2 (Курскан область) дуьхьалонан дозанехь. 1942 шеран 10 июлехь Лобановка эвла мукъайоккхуш кхелхира 294-гӀа дошлойн полка баьчча майор Нафиков Г. А.. 1942 шеран 31 июлехь «ЦӀиен седа» газетехь, оцу гӀуллакхал хьалха дивизехь хиллачу К. Симоновн, очерк йелира «Башкирийн дивизехь» цӀе йолуш.

1942 шеран 22 октябрехь Лакхара коьртабаьччаллин Ставкан сацамца юхакхоьллира Къилба-Малхбузан фронт, 5-гӀа танкийн эскаран юкъаягӀара 8-гӀа дошлойн корпус (царна юкъахь 112-гӀа дошлойн дивизи а). 8 ноябрехь корпус кхечира Дон эркан тӀе, долийра контртӀелатар.

1942 шеран 16 декабрехь 112-гӀа Башкирийн дошлойн дивизис дакъалецира Юккъера Донан тӀелатаран операцехь Къилба-Малхбузан а, цхьа дакъа Воронежан фронташкахь.

1942 шеран декабран шолгӀачу декъехь — 1943 шеран январан юьххьехь 8-гӀа дошлойн корпусан декъахь дакъа лецира Донецкан областера станци Чернышков а, Чернышковский гӀала а, Морозовск гӀала а мукъа йохуш.

Буса 31 декабрехь корпусан дивизеш, 53-гӀа механизаци йина бригадаца цхьаьна мостагӀчонан дуьхьалон гуо тесира. Уьш, боданах пайда эцна, герга баьхкира Красни Яр кӀотарна, гуо лаьцна, Ӏуьйрана цӀеххьана тӀелетта схьаяьккхира иза. Хьалха бара 112-гӀа дивизин дошлой.

МостагӀ цецваьлла висира, жигара дуьхьало йан а ца елира. Красни Яр кӀотаран гарнизон лаьттара «Оберст Штагель» тобанах, царна юкъахь 100 сов стаг вара, Чернышковскин гергарчу аэродромехь лаьтта, авиацин дакъошна йукъара. Карадаьхкира иштта оперативан кехаташ, чӀогӀа радиостанцеш, 20 гергга йайн а, 100 гергга киранан а машенаш, дааран сурсаташца кхо ларма, цхьаъ — медицинан молханашца.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Акманов И. Г., Касимов С. Ф., Кульшарипов М. М., Ахмадеев Т. Х. том 2 // История Башкортостана с древнейших времён до наших дней. — Уфа: Китап, 2006.
  2. Ахмадеев Т. Х., Кузыев Р. У., Сираев З. И., Юлдашбаев Б.Х, Усманов Х. Ф. История Башкирской АССР (Учебное пособие). — Уфа.: Башкирское книжное издательство, 1980.