1370 шо
1370 (эзар кхо бӀе кхузткъе итталгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу шинарахь. Иза вайн эран 1370 шо ду, 370 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 70 шо бӀешеран, 10 шо 7-гӀа иттаннаш шерашкахь XIV бӀешеран, 1 шо 1370-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйан- Документашкахь шведийн махлелоран эвла Owla (хӀинца Оулу, Финлянди) дуьххьара хьахор.
- 28 январь — Москохахь йуьйгӀира Симонан монастырь[1].
- 17 февраль — Тевтонийн орденна а, Литвахойн сийлахь олаллин йукъара Рудаура тӀом, чекхбелира орденан толамца.
- 22 апрель — Парижехь йан йолийна Бастили гӀап.
- 24 май — 1367—1370 шерашкара тӀом чекхбаьлча Данина а, Ганзина а йукъахь Штральзундан машар бина. Машаро ганзин 60 гӀаланан толам кхайкхабо Данин паччахьан Аттердаг Вальдемаран тӀаьхь.
- Папас Урбан V бакъо йелла сий. Бригиттина керла орден кхолла а, монастырь йилла а.
- Тептаршца[2], Москохахь Ӏа сиха доьлла: «ахархой йалта чудерзо ца кхиина». Декабрехь а, январехь а цец воккхуш йовха йара: «февралан йуьххьехь аренаш йастайелира ахархоша гурахь лайн кӀела дахна йалта эгира».
- 4 декабрь — БӀешеран тӀом боьдуш Францин коннетабло Дюгеклен Бертрана дохадо ингалсан Нолленс Робертан эскар Понтвалланера тӀам тӀехь[en]
- 30 декабрь — хаьржина керла руман папа Григорий XI.
- 1370—1378 — Папа Григорий XI (1329—1378).
- Папа Авиньоне йухавар.
- Ноябрь — Ольгерд литвахойн, тверан, смоленскан полкашца Москохан шозлагӀа тӀелатар. 26—29 ноябрь Волоколамск ларйар. 6—16 декабрь — Ольгерд лаьттара Москохан бухахь. Машар бина.
- 1370—1382 — Мажарчоьнан паччахь хилла Анжуйн Людовик Польшин паччахь ву. Галици дехьайолу Мажарчоьнна.
- 1370—1372 — Галицера ахархойн гӀаттам.
- Мамайс Дешин Ордахь ханан Ӏарш тӀе хаийна Мухьаммад Булак.
- Византи туркошна йасакх йала йолайелла.
- Малхбален Гилянехь кхоллайелла йукъ Лахиджанехь йолу сейидгӀеран пачхьалкх.
- Хьусайн а, Тимар а Ӏоттавалар. Хьусайн эшийна. Тимура Балхан гуо бина. Хьусайн йийсаре кхаьчна вийна.
- 1370—1405 — Сийлахь-Воккха эмир ву Тимар (1336—1405). Мехкан урхалла до ЧагатайгӀеран марионеткийн ханийн цӀарах.
- 1370—1380 — Йуккъера Ази цхьаьнатоха гӀерта Хорезман а, Джентан а урхалчашца болу Тимаран ца соццу тӀемаш.
- 1370—1372 — Вьетнаман паччахь ву Чан Нге Тонг.
Бина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1370 шарахь
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1370 шарахь [[Файл:Facial Chronicle - b.08, p.416-417 - Death of Vasily Ivanovich of Berezuysk.jpg|thumb|left|160px|Эла-баьчча Василий Иванович березуйн велла, эла Ольгердан литвахойн эскарех Волока Ламск ларйеш
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 28 января 1370 года в Москве основан Симонов монастырь . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 8 февраль. Архивйина 2014 шеран 22 февралехь Архивйина 2014-02-22 — Wayback Machine
- ↑ Н. М. Карамзин, «История государства Российского»/Примеч. А.М. Кузнецова; Худож. - И. Цыганков. , том 5 - 8, глава I - Калуга: Золотая аллея, 1993. - 576 с., стр. 12