Високо́сан шо (лат. bis sextus — «шолгӀа ялхалгӀа»[1][2][3]) я высоко́сан шо (къамелехь лелон[1], аттачу маттахь лелон[4]) — юлианан а, григорианан а рузманашкара дохалла 366 де долу шо, високосан доцучу шарахьчул цхьа де-буьйса кӀезиг хуьлу. Юлианан рузманехь високосан шо ду хӀора доьалгӀаниг, григорианан рузманехь оцу бакъонах къаьстина бакъо ю.

Йукъадаккхаран истори

бӀаьра нисйан

Вайн эрал 45 шо хьалха 1 январехь дуьйна руман диктаторо Гай Юлий Цезара йукъаяьккхина Румехь коьртехь Созиген волчу александрийн астрономаша йина йолу рузма, цуьнан хьесап дара астрономин шо 365,25 де-буса (365 де-буса а, 6 сахьт а) латтар. Оцу рузманех юлианан рузма ала долийра. Сов долуш долу ялх сахьт нисдан, йукъадаьккхира високосан шо. Кхо шо хуьлура 365 де-буьйсанах лаьтташ, ткъа хӀора доьалгӀа шеран тӀетухура кхин а цхьа де-буьйса февралехь.

Руман рузма кхаа дийнах цхьаъ юханехьа дагардаран бух тӀехь яра, царех календ (беттан хьалхара де), нон (беттан доьалгӀа дакъа) я ид (беттан йукъ) олура. Мартехь, майхь, июлехь, октябрехь идаш беттан 15-гӀа деношкахь хуьлура, ткъа нонаш — 7-гӀа дийнахь, бисинчу беттанашкахь — 13-гӀа а, 5-гӀа а деношкахь ший а. Терахь юханехьа дагардора уллерчу календан, идан, я нонан тӀиера; иштта апрелан хьалхара дийнах апрелан календаш олура, мартан тӀаьххьара де — апрелан календел хьалхара денош (Pridie Kal Apriles), мартан тӀеххьарчул хьалхарчу дийнах — апрелан календ кхача кхоалгӀа де, иштта дӀа. Иштта терахьаш билгалдахар дукха лаьттира юлианан рузманехь. Февраль тӀаьххьара шеран бутт бара руман рузбанехь. Дуьххьара високосан шо хилира вайн эрал 45 шо хьалхараниг хилира

Цезарь вийра керла рузма йина ши шо даьлчи, шолгӀа високосан шо доладелира иза веллачул тӀаьхьа. Рузма леларх жоплуш болу мозгӀарш ца кхетна хила тарло хӀора диъ шо даьлчи де тӀетохаран принципах, цуьнан меттана йукъадетта буьйлабелира хӀора кхоалгӀачу шеран февралехь цхьацца де. Цезарал тӀаьхьа 36 шарахь хӀора кхоалгӀа шо високосан дара, цул тӀехьий бен нис ца дира император Августа високосан шерийн нийса низам (кхин тӀе рузма нисъярхьама юхадехира хьалха тӀедиттина месех де а). Руман а, мисаран а терахьаш 1999 зорбатоьхна оксиринхан тептаршца дуьстича[5][6], гучуделира, Румехь високосан шераш вайн эрал 42, 39, 36, 33, 30, 27, 24, 21, 18, 15, 12, 9 шераш хьалха, 8 а, 12 а шерашкахь хилар, ткъа цул тӀаьхьа хӀора доьалгӀа шо[7].

Григорианан рузма

бӀаьра нисйан

Тропикийн шеран (шина бӀаьстенан йукъара де-буьйса нисдаларна хан) юккъера дохалла ду 365 де 5 сахьт 49 минот. Юккъера тропикийн шеран а, юккъера юлианан рузман шеран (365,25 де-буьйса) а дохаллин йукъара башхалла ю 11 минот гергга, оцу 11 минотах 128 шарахь вовшахкхета цхьа де-буьйса гергга.

Масех бӀешо даьлчи гучуделира килсан Ӏиданаш доьзна долу бӀаьстенан де-буьйса нисдалар шаршар. XVI бӀешарахь бӀаьстенан де-буьйса нисдалар хуьлура 10 де хьалха 21 мартал, иза леладора Пасха лоруш.

Гулделла гӀалат нисдархьама, кхин тӀе и гӀалат ца дархьама, 1582 шарахь руман папас Григорий XIII-гӀачо йира рузман реформа. Юккъера рузман шо дика даийта маьлхачунца, барт бира висакосан шерийн низам хийца. Хьалха санна високосан дисира доьалгӀа шо, амма 100 декъалуш долчу шерашна кхин бакъо йира 100. Иштта шераш високосан хуьлу, нагахь кхин а 400 декъалахь.

Кхузара йогӀу високосан шерийн бакъо:

  • 400 декъалуш долу шо — високосан;
  • 100 декъалуш долу кхин шераш —високосан дац;
  • 4 декъалуш долу кхин шераш — високосан.

БӀешерийн тӀехьа ши ноль йолуш долу тӀаьххьара шераш, деаннах кхоъ високосан дац. Иштта, 1700, 1800, 1900 шераш високосан дац, хӀунда аьлчи уьш декъало 100, амма ца декъало 400. 1600 а, 2000 а шераш — високосан ду, хӀунда аьлчи иза 100 а, 400 а декъало. 2100, 2200, 2300 шераш —високосан дац. Високосан шарахь кхин цхьа де тӀетуху — 29 февраль.

ТӀаьххьара високосан шо хилира 2016 шо, ткъа хиндерг 2020 шо.

Жугтийн рузма

бӀаьра нисйан

Жугтийн рузманехь високосан шо олу, бутт тӀетухучу шерах. Цуьнан бахьана ду, жугтийн рузма беттаца лелош хилар, беттан бохалла 29,53059 мелхан де ду, цундела беттан шо тӀаьхьадуьсу астрономин мелхачул 11 де гергга. Беттан шераш мелхан шерашца нисдархьама високосан шо хуьлу кхойтта бетах лаьтташ. 19 шеран йукъа догӀу 7 високосан шо, иза хуьлу 235 беттан рузманан бутт. Шеран юккъера дохалла хуьлу 235 × 29,53059 / 19 = 365,24677 де.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Толковый словарь русского языка: В 4 т. / Под ред. Д. Н. Ушакова. — М.: Сов. энцикл.: ОГИЗ, 1935—1940.
  2. Рус. пер.: Фасмер М. Этимологический словарь русского языка. — 1-е изд. — Т. 1-4. — М., 1964—1973.
  3. Високосный год // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  4. Словарь современного русского литературного языка / В 17 т. АН СССР. Ин-т рус. яз. М.; Л., 1948—1965.
  5. A. Jones. The Astronomical Papyri from Oxyrhynchus. American Philosophical Society, 1999. ISBN 978-0-87169-233-7. P. 177.
  6. Roman to Julian Conversion: Analysis A.U.C. 730 = 24 B.C
  7. Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 289. — 478 с. — 105 000 экз. — ISBN 5-02-014354-5.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Високосный год // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.