1500 шо
Хиламаш
бӀаьра нисйан- Дуьненан бахархой 500 миллион стаге кхаьчна.
- 5 январь — герцог Сфорца Лодовикон эскарша дӀалаьцна Милан.
- 26 январь — Яньес Пинсон, Висенте хилла хӀинцалера бразилин штатан Пернамбукун бердашкахь Бразилин латта тӀевоьссина дуьххьарлера европахо. Амма, цхьаболчу историкашна хетарехь португалхо Дуарте Пашеку Перейра (порт. Duarte Pacheco Pereira) веина къилбаседа-малхбален Бразили 1498 шарахь, ши шо хьалха Яньес Пинсон Висентел а, Диего де Лепел а, Кабра́л Пе́дру А́лварешал а.
- 12 февраль — цхьаболчу историкашна хетарехь испанин конкистадораш коьртехь Диего де Лепе волуш биссира 5° 30' къ.ш. Къилба Америкин бердаш тӀе (тахана иза Бразилин мохк бу) 1500 шеран 12 февралехь, цигара дӀа къилбехьа бахара, Сан-Агустин мере кхаччалц (хӀинца Кабу-Бранку мара, 7° 09' къ.ш.).
- 17 февраль — Хеммингштедт эвлан гергарчу тӀамехь куьйгаллехь Вульф Изебранд волчу Дитмаршенан ахархоша иэшийра даниг эскар.
- 8 апрель — Францин паччахьа Людовик XII-гӀачо иэшийна герцог Сфорца Лодовико Новарера тӀамехь.
- 10 апрель — дӀайиллина Аугсбурган рейхстаг. Reichsexekutionsordnung арахецарех, къамелаш дира империн Берлинан апелляцин суьдан кхел кхочушъяран низамех а, пачхьалкх 6 империн гуонна екъарх а.
- Горица графалла ГабсбургӀеран мехкех дӀатохар.
- Шо долалуш — Литвара элий Бельский Семен, Стародубский Семен Иванович, Новгород-Северский Василий Иванович Оьрсийн пачхьалкхе дехьабовлар.
- 1500—1503 — Оьрсийн пачхьалкхан Сийлахь Литван олаллаца болу тӀом.
- Аьхке — Дорогобужан гергара Ведроша эркан тӀиерачу тӀамехь литван эскар иэшийра оьрсийн эскаро, воевода эла Острожский Константин йийсаре кхаьчна. Оьрсийн эскарша дӀалаьцна Къилбаседа латта.
- Юха дуьйладелла Монголин а, Цийчоьнан а йукъара тӀемаш.
- 9 апрель — португалин хӀордахо Алвареш Кабрал Педру 13 кема долчу флотца ХӀинде вахана.