Ӏазим (цӀе)
Ӏази́м (Iарб. عظيم) — Ӏаьрбех йаьлла йолу боьршачу стеган цӀе, нохчийн мате гочдича хуьлу - «cийлахь», «гӀараваьлла», «ладаме», «гоьваьлла», «тӀехдика»[1]. Яьржина ю ислам дин лелочу дукхаха долчу къаьмнаш юкъахь.
Ӏазим | |
---|---|
عظيم | |
Схьайалар | Ӏаьрбийн |
Сте-боьрша | боьрша |
Этимологин маьӀна | Сийлахь, гӀараваьлла, ладаме, гоьваьлла, тӀехдика |
Ден цӀе | Ӏазиман кӀант |
Зударийн шала цӀе | Ӏазимат |
Кхечу меттанашкара аналогаш | |
Бихкина йаззамаш | |
Аль-Ӏазим — АллахӀан цӀерех цхьаъ |
Аль-Ӏазим
бӀаьра нисйанАль-Ӏазим (Iарб. العظيم — Аль-Ӏази́м) — АллахӀе доьхуш бен лело ца мега АллахӀан цӀарех цхьаъ. Аль-Ӏазим цӀе хьахийна Къуръанахь 4-зза[2]. Цуьнан дукха маьӀнаш ду, АллахӀан возалла гойтуш. Исламан Ӏелам наха маьӀна доккху Аль-Ӏазим цӀеран: Везаниг; Цуьнан возаллин юьхьиг а чаккхе а йац; Цуьнан локхаллин доза дац; Цунах тера цхьан а вац; Цуьнан дух, возалла, массо хӀумалла а доккха ду, Цуьнга цхьан а кхачалур вац.[3].
Ӏабд аль-Ӏазим
бӀаьра нисйанӀабд аль-Ӏазим (Iарб. عبد العظيم — Ӏабду-ль-Ӏази́м) — Ӏаьрбех йаьлла боьрша стеган шала цӀе. Ӏабдул-Ӏазим цӀе лаьтта шина дашах Ӏабд (лай) а, аль-Ӏазим (Везаниг), Ӏаьрбийн маттара годича «Везачун лай», «Сийлахьчун лай».
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Баранов Х. К. Арабско-русский словарь: ок. 42 000 слов.. — 3-е. — М.: Издатель Валерий Костин, 2001. — 944 с. — 2000 экз. — ISBN 5-901278-05-4. — С.524.
- ↑ 2:105, 2:255, 42:4, 56:96
- ↑ Аль-Азим // Прекрасные имена Аллаха.(ТӀе цакхочу хьажорг) Wasat.Ru