Мар Аба I-ра Сийлахь-воккха — 540−552 шерашкахь Малхбален килсан патриарх, резиденци Селевки-Ктесифонехь[en] хилла. Иза волуш Малхбален килсехь лелойолийра Мопсуестин Феодоран а, Нестори а анафора хьалха хилла шира Фаддейн а, Марийн а литурги йоцуш. Цуьнан урхаллин мур беара, Месопотамин керстачара руман-персийн тІемийн халонаш ла дезачу хенан, ткъа Сасанидийн пачхьалкхан а, Византийн а правительстваш килсан гІуллакхашна йукъагІертара, тІаккха а мур лору Малхбален килса чІагІйаларан мур. Мар Аба I-рачо йазйина, гочйина дукха динан кхоллараш. Аба ву чІогІа лоруш цІена стаг массо а хІинцалерачу Малхбален килсашкахь, цуьнан сий деш тиллина Калифорнера Сан-Диегохь йолчу семинарин[en] цІе. Цуьнан иэсан ларам бо шарахь шозза — Іийса пайхІамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен тІеваьллачу дийнера ворхІалгІа пІераскахь а, 28 февралехь а.

Мар Аба I-ра Сийлахь-воккха
Сурт
ГӀуллакхан тайпа динан баьчча
Вина терахь VI бӀешо
Вина меттиг Хала гІала
Кхелхина терахь 552
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх Сасанидийн пачхьалкх
Динлелор Керсталла
Викилармин логотип Мар Аба I-ра Сийлахь-воккха Викилармехь

Хинволу патриарх дуьнен тІеваьлла зороастрийн доьзалехь Хала гІалахь Месопотамехь. Керсталле валале Бет Гармай провинцехь губернаторан секретарь хилла[1]. Дешна, тІаккха хьехна Нисибин ишколехь, цигахь воккха Іелам стаг ву аьлла цІе йахара. Эдессехь грекийн мотт Іамийра, Феодоран а, Несторийн а коьрта тексташ шеман матте гочйира (я дакъалецира гочйарехь). Цуьнан шен белхашна йукъадогІу Библин а, Гомилин а маьІнаш дахар а, Синодалан кехат а. Патриарх харжале хьалха а Аба гІаравелира Мопсуестийски Феодоран агІонча ву аьлла. Эдесски Фомаца цхьаьна ПалестІинехь, тІаккха Коринфехь а Константинополехь а хилира, иза цигахь гаран тешалла дитина Индикоплов Козьмас[2]. Аба Византин коьртачу шахьрехь хиларан терахь 525 - 533 шерашна йукъахь ду, оцу хенахь кхин а гІарабевлла динан гІуллакххой хилла цигахь. 532 шарахь византийн императоро I-чу Юстиниана, кхаа коьртех болу къовсам чекхбаккха лууш, цхьаьнакхета лиира Абица, амма Абас жоп ца делира.

Мар Абин урхалло сацийра килса екъна лаьттина 15 шеран мур, оцу хенахь генарчу провинцешкахь хоржура цхьана хеначохь масех вовшашца гома болу епископаш. Аба девнийн кІошташка а вахана маслаІат дира. 544 шарахь цуо кхайкхира гулам патриарх харжаран формалан процедура чІагІйан. Амма цул тІаьхьа хилла Иосиф[en] (552−567), хІоттийна шахиншахан I-ра Хосрован Іаткъамца, бина барт а бохош. Гуламехь кхин а тІеэцна динан символ, йазйина иза ша Абас, гайтина, Малхбален килсан персийн амал[3].

Зороастризмах а, прозелитизмах а дІахадар бахьнех зороастрийхошна йукъахь, мар Аба Хосровс хьийзира. Мар Аба йийсар вина чувоьллина латтийра шен цІахь, цул тІаьхьа махках ваьккхира Азербайджане хьажийра. 7 шо даьлчи цунна бакъо йелира цІа верза, кхин дІа а париархан гІуллакх лело иза валлалц 552 шарахь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Labourt, 1904, p. 162.
  2. Labourt, 1904, p. 163.
  3. Baum, Winkler, 2003, pp. 33—34.

Литература

бӀаьра нисйан