Абрамов, Сергей Борисович
Абра́мов Серге́й Бори́сович (в. 1972 29 февралехь, Москох) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо а, урхалча а. 2015 шеран октябрехь дуьйна даржехь ву пачхьалкхан «Ростех» корпорацин герзан, тӀеман гӀирсан, башха химин кластеран индустрин директор.[1]
Абрамов Сергей Борисович | ||||
---|---|---|---|---|
| ||||
|
||||
|
||||
Хьалха хилларг | Беляков Александр | |||
Когаметтаниг | Катренко Владимир | |||
|
||||
Хьалха хилларг | Кадыров Ахьмад | |||
Когаметтаниг | Алханов Ӏалу | |||
|
||||
Хьалха хилларг | Ӏели Исаев | |||
Когаметтаниг | Кадыров Рамзан | |||
Дин | керста | |||
Вина терахь | 1972 шеран 29 февраль (52 шо) | |||
Вина меттиг | Москох, ССРС | |||
Зуда | Калашник Алла Анатольевна | |||
Бераш | Абрамов Николай Сергеевич | |||
Дешар | Ташкентан пачхьалкхан экономикин университет | |||
Динлелор | православи | |||
СовгӀаташ | ||||
Пачхьалкх | ССРС → Росси | |||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Хьалха — ОАО «РЖД» президентан хьехамча[2]. Хьехархойн гӀуллакхехь хилла, цӀерпоштнекъан университетехь МГУПС—РТУ лелийна авторан класс. Хилла Нохчийн Республикин президентан декхарш кхочушдийриг (2004) а, правительствон председатель (2005) а. Кхин а зиеделла ву Российн Федерацин Чоьтан палатан аудитор а, ОАО «РЖД» ЦӀерпоштнекъийн вокзалийн дирекцин хьаькам (2007—2015) белхашкахь.
Дешар а, карьера йолор а
бӀаьра нисйан1989 шеран сентябрера 1991 шеран сентябрь кхаччалц болх бира Ӏилманан-арахецаран «Электропровод» цхьаьнакхетаран инженер-конструктор даржехь.[3]
1992 - 1995 шерашкахь болх бира «Синектика» банкан валютан операцин декъехь.[4] 1995 шеран аьхка банкера лицензи дӀайаьккхира, ткъа 1998 шеран июлехь банк дӀайаьккхира[5].
1995—1999 шерашкахь Абрамов — Республикин говзаллийн акционерийн коммерцийн «Галлабанк» банкан валютан операцийн урхаллин патрон ву (Ташкент, Узбекистан).[3]
Узбекистанан экономика базаре дехьайолуш Абрамов кхайкхира республикин правительство пачхьалкхан хӀазнан декхарийн, векселийн, кхин мехалла кехатийн базар кхоллийта. Узбекистанехь Абрамов «ноль тӀиера» кхоьллира къоман мехала кехатийн базар, йохк-иэцаран барам 2013 шеран июлехь кхаьчна 14,6 млрд сум йа 220 млн гергга российн сом[6].
1996 шарахь Абрамовс чекхдаьккхира Ташкентан пачхьалкхан экономикин университетан «Бухгалтеран чот а, аудит а» говзаллийца дуьхьала воцуш дешаран дакъа.
2000 шарахь Абрамов хӀоьттира ӀАЦ «Экран» (Ерригроссийн Ӏилманан-талламан медицинан техникин РФ Могашаллин министраллин институт) инарлан директоран экономикех а, финансех а жоп ло гӀовсан дарже. 2001 шеран январехь хӀоьттира Омскан социалан-коммерцин банкан урхаллийн директор.
2004 шарахь дуьхьала а воцуш чекхйаьккхира РФ Президент волчура Российн пачхьалкхан гӀуллакхан академи «дуьненайукъара йукъаметтигаш» говзаллийца.[7] ГӀуллакхехь болчарна йукъахь цӀе яхна ву «лакхара классан говза финансист» аьлла.[8]
Нохчийчохь бина болх
бӀаьра нисйан2001 шеран мартехь Абрамов Сергей хӀоттийра Нохчийн республикин финансийн министр.
Оцу даржехь гайтира ша морса а, компромисс йоцуш а пачхьалкхан хьашташ лардархо. Даржера мукъаваьллачу ФКХГӀ инарла-лейтенантан Бабкин Сергейн тешаллийца, Абрамовгара республикин хӀазнера законаца бух боцуш ахча даккхалур дацара, тоьпаш тухур йу аьлча а[9]. Шех лаьцна оцу шерашкахь Абрамовс аьлла:
Со реформатор хета суна. Со говзанча менеджер ву, дика йевза финансаш, экономика[10] |
.
2002 шеран 13 майхь Москох йуккъехь, Российн Федерацин Финансийн министраллан гӀишло чуьра араволуш тӀе машен туьйхира. Цигахь хье лазийра, динбухка бойра, шортта дӀаветтавеллера[11].
2003 шеран 10 январехь Нохчийчоьн администрацин коьрто Кадыров Ахьмада дӀаваьккхира Абрамов финансийн министран даржера, цуьнан метта хӀоттийра Исаев Ӏели.
Чоьтан палатан председателан хьехамча
бӀаьра нисйан2003 шеран январехь Абрамов хӀоттийра Российн Федерацин Чоьтан палатан председателан Степашин Сергейн хьехамча. Оцу шеран мартехь Абрамов Нохчийн Республикин бюджетан ахча дохкар толлуш, оперативан тергонан палатан инспекцин коьрте хӀоьттира.
Нохчийн Республикин премьер-министр
бӀаьра нисйан2004 шеран 16 мартехь хӀутту премьер-министр[12], ткъа 9 майхь, НР Президент Кадыров Ахьмад стадион тӀаьхь эккхийтина вийначул тӀаьхьа, хилира Нохчийчоьн президентан декхарш кхочушдийриг[13]. Абрамовс президентан декхарш кхочуш дира пхеа баттахь, керла президентийн харжамийн жамӀаш даллалц, цигахь туьйлира Алханов Ӏалу. Тешаллашца, Абрамов Нохчийчохь бехха болх бан дагахь вара, Соьлжа-ГӀала меттахӀотто гӀертара пхеа шарахь, нохчийн мотт Ӏамо волавелира. Нохчийн хьаькамашца йукъара кхетам тобира, рационалан дойура бюджетан ахча, иза бахьнехь чагӀбелира федералан центрера тешам. Низам нисдаран дуьхьала болчарна иза ца дийзира. Кадыров вийначул тӀаьхьа ши бутт баьлча Абрамов виен гӀоьртира Соьлжа-ГӀалахь. Шен ирс хиларна премьер дийна висира[14].
2005 шеран 18 ноябрехь Абрамов чӀогӀа лазийра автомобилан бохамехь Москохан бухарчу Рублёво-Успенски шоссе тӀаьхь, лийлира бакъдина доцу виен гӀиртина боху эладиташ, иза хиллачул тӀаьхьа НР премьер-министран декхарш кхочушдар тӀедиллира Кадыров Рамзанан. Абрамов вехха Центран клиникан дарбан цӀийнехь дарба леладойтуш Ӏиллира[15] курс реабилитации в подмосковном санатории, а затем вылетел в Мюнхен для завершения лечения.[7] 2006 шарахь товеллачул тӀаьхьа керла балха хӀоттийра Москохахь.
2006 шеран мартехь мукъаваьккхира Нохчийн Республикин правительствон коьртан даржера шен лаамца. Кадыров Рамзан цунах лаьцна элира: «Суна новкъа ду, хӀунда аьлча Сергей Борисовича дукха гӀуллакх дина республика меттахӀоттош. Суна доккха хӀума хета тхойшиннан доттагӀаллин йукъаметтигаш, иза сан ваша санна ву. Мичхьа делахь а, оха латтор йу доттагӀаллин йукъаметтигаш. Иза даиман а хир ву сан хӀусамехь везаш волу хьаша».[14]
Чоьтан палатан аудитор
бӀаьра нисйан2006 шеран 10 июлехь Пачхьалкхан думо РФ Чоьтан палатан аудитор хӀоттийна.
2007 шеран 1 октябрехь РФ Чоьтан палато хенан дӀаваьккхира Абрамов ша куьйгалла дечу приватизацин а, пачхьалкхан бахаман урхаллин а терго йаран агӀонера, бахьна дара тӀаьххьарчу баттахь ведомствон белхалойх лаьцна кхоъ болх беш вара цуьнан куьйгакӀела. Хиллачух дуьйцуш, Чоьтан палатан коьрто Степашин Сергейс хаийтира, белхалой лецар бакъоларйаран меженийн а, палатан кхерамазаллин гӀуллакхан а белхан жамӀ ду аьлла. Цу тӀе Степашина тӀетуьйхира, Абрамовх шен шеко йац, амма этикан агӀора иза дӀавала веза. 2007 шеран 1 октябрехь Абрамов мукъаваьккхира шен декхарех, ткъа 2007 шеран 11 октябрехь Пачхьалкхан Думин депутатийн сацамца даржера мукъаваьккхира.[7]
Доьзал
бӀаьра нисйанАбрамов Сергей вина 1972 шеран 29 февралехь Москохахь. БархӀ шо долуш да велла, кхиъна таро йоцучу доьзалехь[7] Зуда Калашник Алла Анатольевна (йина 1963 шеран 19 ноябрехь), болх беш йу РФ Внешэкономбанкехь. КӀант Николай (вина 2004), дешархо ву[10].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ростех :: О компании :: Органы управления :: Сергей Борисович Абрамов . rostec.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 февраль. Архивйина 2019-07-25 — Wayback Machine
- ↑ Дирекцию железнодорожных вокзалов – филиал ОАО «РЖД», возглавил Виталий Вотолевский « Корпоративное телевидение ОАО «РЖД»(бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 февраль. Архивйина 2019-02-09 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Сергей Абрамов — Биография | Persones.ru . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 21 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 22 мартехь Архивйина 2012-03-22 — Wayback Machine
- ↑ АБРАМОВ Сергей Борисович (РЖД) - Биография - БД "Лабиринт" . www.labyrinth.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 февраль.
- ↑ Банки России. Карточка банка СИНЕКТИКА. banksbd.spb.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 февраль.
- ↑ http://mosmonitor.ru/articles/economy/birzhevoy_klaster_uzbekistana_prodolzhaet_razvivatsya Биржевой кластер Узбекистана продолжает развиваться
- ↑ 1 2 3 4 Абрамов, Сергей . lenta.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 февраль.
- ↑ Грани.Ру: Обязанности главы Чечни будет исполнять премьер республики Сергей Абрамов . graniru.org. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 февраль.
- ↑ Генерал ФСБ — о тех, кто помогал налаживать мирную жизнь в Чечне
- ↑ 1 2 Ъ-Власть — «Под аквапарк в Гудермесе уже выделена площадка»
- ↑ Инциденты с Сергеем Абрамовым, газета «Коммерсантъ» № 218 (3302) от 19.11.2005
- ↑ Премьер-министром Чечни стал Сергей Абрамов
- ↑ Чечню временно возглавил Сергей Абрамов
- ↑ 1 2 Сергей Абрамов останется желанным гостем в доме Кадырова // НТВ.Ru
- ↑ Персональная страница. Сергей Абрамов вернется в Грозный после курса реабилитации в Германии Архивйина 2015-11-24 — Wayback Machine
Хьосташ
бӀаьра нисйан- Анна Васильева (2010). Вокзал для своих. Коммерсант-Деньги, N. 44 (801), 8 ноября 2010.