Абу́ Бакр А́хьмад ибн аль-Хьуса́йн аль-БайхӀа́къи (Ӏаьр. أبو بكر أحمد البيهقي‎‎; 994, Хусравжирди1066, Нишапур) — сийлахь воккха исламан бакъон а, хьадисийн а Ӏилманча. ШафиӀий, ашӀарий, суьпий. ГӀараваьлла имам аль-БайхӀакъи цӀарца.

Абу Бакр аль-БайхӀакъи
أبو بكر أحمد البيهقي
Говзалла Хьадисийн а, бакъонан а Ӏилманча
Вина терахь 994({{padleft:994|4|0}})
Вина меттиг Хусравжирди
Кхелхина терахь 1066({{padleft:1066|4|0}})
Кхелхина меттиг Нишапур
ДӀавоьллина меттиг БайхӀакъ
Да аль-Хьусайн ибн Ӏали
Бераш ИсмаӀил
Динлелор Бусалба, сунний, шафиӀий, ашӀарий, суьпий
МазхӀаб шафиӀийн мазхӀаб
Хьехархой Ибн Тахир аль-Багдади, Абу-ль-Фаттах аль-Умари, Аль-Хаким ан-Найсабури, Ибн Фурак, Juwaynī, ʻAbd Allāh ibn Yūsuf, Абу Абдуррахман ас-Сулами[1], Абу Сахль ас-Салюки
Дешархой Абдуллах аль-Ансари, Абу-ль-Маали аль-Джувайни[2], Ibn Mandah Yaḥyá ibn ʻAbd al-Wahhāb
ГӀарадевлла белхаш Сунан аль-Байхаки, аль-Итикад ва-ль-хидайя, аль-Асмау ва-с-Сифат, Шуаб аль-Иман, Далаиль ан-Нубува, Аль-Баас ва-н-Нушур, Ахкам аль-Куран аш-Шафии, al-Ādāb lil-Bayhaqī, Kitāb al-zuhd al-kabīr

Цуьнан йуьззина цӀе: Абу Бакр Ахьмад ибн аль-Хьусайн ибн Ӏали ибн Муса аль-Хусравжирди аль-Хурасани. Иза вина аль-БайхӀакъ кӀоштарчу Хусравжирди(ингалс.) эвлахь, Иранерачу Нишапур гӀалан 12 километр генахь. Иза велла 74 шо долуш Нишапурехь. Цуьнан дакъа дӀадаьхьира БайхӀакъе, цигахь дӀавоьллина иза[3].

Делан дош Ӏаморан болх

бӀаьра нисйан

Аль-БайхӀакъис дешна бӀе сов хьехархочунца Хорасанехь, БагӀдадехь, Куфехь, Маккахь. 15 шо долуш иза деша волавелира Нишапурехь воккхачу Ӏилманчуьнца Аль-Хьаким ан-Найсабурица, цуьнан оцу хенахь дезткъа шо гергга дара. Уггаре диканиш бен ца хуьлура аль-Хьакиман дешархой, къона аль-БайхӀакъи уггаре дикачех дешархо хилира. ТӀаьхьа аль-БайхӀакъис шен жайнашкахь дукха хьадисаш далийра аль-Хьакимера[4].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан