1066 шо
1066 (эзар кхузткъа йалхалгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу кӀирандийнахь. Иза вайн эран 1066 шо ду, 66 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 66 шо бӀешеран, 6 шо 7-гӀа иттаннаш шерашкахь XI бӀешеран, 7 шо 1060-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйан- 6 январь — Гарольд Годвинсонах Ингалсан паччахь хуьлу.
- Ингалсан паччахьо Гарольд II-гӀачо йалайо Эдита, Эльфгаран йоӀ.
- Сентябрь — Ингалсан къилбаседехь доьссина Буьрса Харальдан а, Тостиган а эскар. Йоркехь Эдвинан а, Моркеран а тӀехь толам баьккхина.
- 25 сентябрь — ингалсан паччахьан Гарольд II-гӀачун а, Норвегин паччахьан Харальд III Буьрсачун а, Тостиган а йукъара Стамфорд-Бриджера тӀом.
- 1066—1093 — Норвегин паччахьо Харальд III Буьрсачун кӀанта Олаф III Тийна, дӀабаьхьна Норвегин керста йаран болх.
- 1066—1069 —Норвеги паччахь Магнус II Когаш берзина. Олафца цхьаьна урхалча.
- 28 сентябрь — коьртехь герцог Вильгельм волу норманнаш биссира Ингалсера Певенсехь. Норманди Ингалс йаккха йолайелира.
- 14 октябрь — Гастингсера тӀом. Ингалсаксонийн эскар ийшира. Паччахь Гарольд а, цуьнан вежарий Гирт а, Леофвин а кхелхира. Лондон норманнаша йаьккхира. Гарольдах йисина жеро пхеа бераца йедира малхбузехьа.
- 25 декабрь — Вильгельман таж тиллар.
- 1066—1087 — Ингалсан паччахь Вильгельм I Мехкашдахархо (1027—1087).
- Руман папас Александр II-гӀачо къобал до Вильгельм тӀелатар.
- Сельджукийн султанатехь Ӏедалехь ву мохк бохарх кӀелхьара боккху визирь Низам аль-Мульк (1017—1090) (1063 шарахь дуьйна визирь).
Бина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1066 шарахь
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1066 шарахь
- Гарольд II Годвинсон, ингалсан тӀаьххьара ингалсаксонийн паччахь.
- Эдуард Дохковолург, ингалсан паччахь.