Агаян Цатур Павлович (эрм. Ծատուր Պավելի Աղայան; 1912 шеран 12 январь[1], Заьйлик (Дашкаьсаьнан кӀошт), Дашкаьсаьнан кӀошт[2] — 1982 шеран 3 декабрь[1], Ереван) — советийн историк, политикин, йукъараллин гӀуллакххо, хьехархо. Историн Ӏилманийн доктор (1948), профессор (1950), Эрмалойн ССР ӀА академик (1968). Эрмалойн ССР Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо (1974). Эрмалойн ССР Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1985).

Агаян Цатур Павлович
эрм. Ծատուր Պավելի Աղայան
Файл:Цатур Павлович Агаян.jpg
Вина терахь 1912 шеран 12 январь({{padleft:1912|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})[1]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1982 шеран 3 декабрь({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1] (70 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа историк
Ӏилманан кхоче истори
Белхан меттиг Азербайджанийн ССР ӀА историн институт,
Эрмалойн ССР ӀА историн институт,
Ереванан пачхьалкхан университет
Альма-матер Москохан философин, литературин, историн институт,
Ереванан хьехархойн институт
Ӏилманан дарж доктор исторических наук[2][1] (1948)
Ӏилманан цӀе профессор,
Эрмалойн ССР ӀА академик
СовгӀаташ а, премеш а
Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденОрден «Сийлаллин Билгало»
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
Эрмалойн ССР Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо — 1974Эрмалойн ССР пачхьалкхан совгӀат — 1985

1938 шарахь чекхйаьккхира МФЛИИ историн факультет, цул тӀаьхьа — Ереванан хьехархойн институт.

1941 шарахь чекхйаьккхира Москохан пачхьалкхан М. В. Ломоносовн цӀарах университетан историн факультетан аспирантура, чекхйаьккхира кандидатан диссертаци, цул тӀаьхьа 1948 шо кхаччалц болх бира Азербайджанийн ССР ӀА историн институтехь Бакох гӀалахь.

 
Ц. Агаянан хӀоттийна
Ереванера мемориалан у (Корюнан ур., 25)

1948 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци «Ахархойн хийцамаш Азербайджанехь» темица (арахецна Бакохахь, 1956).

1948—1951 шерашкахь — Эрмалойн ССР ӀА Историн институтан лакхара Ӏилманан белхало.

1951—1954 шерашкахь — Эрмалойчоьнан Компартин ЦК Ӏилманан а, оьздангаллин а декъан куьйгалхо.

1954—1961 шерашкахь — Эрмалойн ССР ӀА Историн институтан керла историн декъан куьйгалхо. 1961—1968 шерашкахь куьйгалла дира ССКП ЦК марксизман-ленинизман институтан Эрмалойн филиална.

1963—1971 шерашкахь — Эрмалойчоьнан КП ЦК декъахо, 1971—1980 шерашкахь — Эрмалойчоьнан КП ЦК Тергонан комиссин декъахо.

1972—1979 шерашкахь — Эрмалойн ССР ӀА Историн институтан керла историн декъан куьйгалхо.

1977—1982 шерашкахь — Ереванан пачхьалкхан университетан ССКП историн кафедрин куьйгалхо.

1972—1979 шерашкахь — Эрмалойн ССР ӀА Историн институтан керла историн декъан куьйгалхо.

1977—1982 шерашкахь — Ереванан пачхьалкхан университетан ССКП историн кафедрин куьйгалхо.

Эрмалойн ССР ӀА корреспондент-декъахо (1950), бакъ волу декъахо (1963). 1968 апрелехь дуьйна — Эрмалойн ССР ӀА Йукъалаллин Ӏилманийн декъан академик-секретарь.

VI а, VII а кхайкхаман Эрмалойн ССР Лакхара Кхеташонан депутат хаьржинера.

Ваьхна Ереванехь, Кировн (хӀинца — Корюнан) урамера 25 цӀа чохь.

КӀант Генри (1937—2020) — биологин Ӏилманийн доктор[3].

Ӏилманан гӀуллакх

бӀаьра нисйан

Талламийн коьрта теманаш: йукъараллин ойланан истори, аграрийн йукъаметтигаш XIX бӀешарахь, революцин боламан а, социалистийн гӀишлошйаран истори.

Хаьржина белхаш

бӀаьра нисйан

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Большая советская энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия. 1969—1978.