Хьехархо
Хьехархо — хӀинца уггаре йаьржина йукъараллин говзалла, (Ӏамадархо, педагог). Хьехархочун говзаллин чулацам — тӀехьадогӀу чкъоьрнаш кхиор а, Ӏамор а йу (шуьйро — дешархой). КуьйгакӀела хуьлу дешаран белхан директоран гӀовсан.
Конфуцийс йаздина:
Хьехархочун Ӏалашо — дешархочун ойланашна керла некъ дӀабеллар. Конфуций[1]
|
Говзаллин истори
бӀаьра нисйанКӀеззиг массара дийшира вай, Цхьацца хӀума Ӏемира вайн. Пушкин Александр
|
Хьехаралла а, хьехархой а бевза адамаллин ширачу заманахь дуьйна, амма уггаре йаьржина говзалла цунах хӀинцца дукха хан йоццуш хилла.
БӀешо хьалха дукхаха болу европин мехкашкахь а цабевлла кхочуш йора кхиоран а, Ӏаморан а Ӏалашо дукхаха дерг халкъан (доьзалан) педагогикин гӀоьнца, цуьнан шен дика агӀо а (цунах лаьцна сих-сиха дийло йа хуъушехь ца хьахадо дешаран хьаькмаша), гӀуон агӀо а йара. Бераш кхио а, Ӏамо а, хьовса а хьехархой лоцура кӀеззиг болчу таро йолчара (паччахьаш, паччахьан кертарчара, синан белхалоша) йа доьшийтара готта говзаллин Ӏалашонна, деккъа оьшуш меттиг хилча (тӀемлойн кечам, пхьола Ӏамор, кхин а).
Тайп-тайпана хенашкахь а, пачхьалкхашкахь а кхиоран а, Ӏаморан а декхарш тӀедохкура тайп-тайпанчу нахана: кхиорхой, куратораш, хьехархой. Хьалха К. Д. Ушинскийс дагатийсира хьехархошна дешарца йуьстина кхиоран хьалхара Ӏалашонаш, цуо гойту, кхечу агӀора вай дешарх атта Ӏехалур хилар, ткъа адамо ша оьзда кхиийна ца хиларна зуламе доккху дешар, цу тӀе кхин сов йукъараллин кхераме стаг хуьлу, кӀезиг дешна стагал а (масалин валаво Чичиков).
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Коджаспирова Г. М. История образования и педагогической мысли: таблицы, схемы, опорные конспекты. — М., 2003. — С. 16
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Педагогическая библиотека Архивйина 2019-03-22 — Wayback Machine.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |