Адриа́тикин хӀорд (итал. mare Adriatico, эмил.-ром. Mèr Adriâtic, вен. Mar Adriàtico, неап. Mar Adriateco, словен. Jadransko morje, хорв. а, босн. аJadransko more, алб. Deti Adriatik, лат. mare Hadriaticum), иштта Адриа́тика — ахкъевлина хӀорд, Апеннинийн а, Балканийн ахгӀайренашна йукъара Лаьттайуккъера хӀордан дакъа. Бердашца йу Итали (1000 км сов), Словени (47 км), Хорвати (1777 км), Босни а, Герцеговина а (20 км), Ӏаьржаламанчоь (200 км), Албани (472 км).

Адриатикин хӀорд
Амалш
Майда144 000 км²
Лаьтта меттиг
42°46′33″ къ. ш. 15°25′34″ м. д.HGЯO
Лаьттайуккъера хӀорд
Адриатикин хӀорд
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Оцу хӀордан цӀе йелла ширачу порто Адрияс[1], иза лаьттина бердан йисттехь По а, Адидже а эркийн дельташкахь. Йуьхьанца грекаш иштта олура хӀордан къилбаседа дакъа (желт. Adrias Kolpos), амма тӀаьхьа и цӀе кхечира берриг хӀордан а. Румхоша оцу хӀордах олура Mare Seperum йа Mare Hadriaticum.

Шина эзар шарахь По а, Адидже а эркаш ша охьакхоьхьу хӀуманашца дехьадаьккхина шен дельта кӀорге, хӀорд чӀогӀа гомах бу оцу меттигехь, ткъа хӀинца Адрия 25 км генахь йу хӀордан.

Адрия гӀалин а, Адриатикин хӀордан а сийна астероидан цӀе тиллина (143) Адрия аьлла, иза дӀайиллина 1875 шеран 23 февралехь австрийн астронома Пализа Иоганна Адриатикин хӀордан бердаца йолчу Пулехь.

Адриатикин хӀордан майда — 144 эз. км², кӀоргалла — 20 м тӀиера хӀордан къилбаседан декъехь 1230 м кхаччалц — къилба-малхбален декъехь. Бух нийса бу гӀийла таьӀна а болуш къилбаседа-маллхбузера къилба-малхбалехьа. Буха йижина фораминиферан гӀамарш а, сацкъарш а, бердашца жагӀа, тӀо, гӀум йу. Къилба декъехь Отранто хидоькъенца кхета Ионийн хӀордах. Латта йукъа бахана 796 километр, хӀордан шоралла 93 – 222 километр.

Малхбуза бердаш дукхаха дерш лоха ду, малхбален — лаьмнаш долуш ду. Къилбаседа-малхбузан а, малхбузан а бердашца акъареш йу, меттигашкахь айманаш а йу: хӀордан оцу декъе эркаш (коьртаниг По а, Адидже а) охьатекхо хӀуманаша иза бузу, иза бахьнехь шира порташ Адрия а, Л’Акуила а хӀинца лаьтта хӀордан гена. Малхбален бердашна гергахь ду Далматин гӀайренаш, уьш баххьаш бу бердаца долчу Динаран акъарин даккъийн, ломан атагӀеш Балканан ахгӀайрен малхбуза агӀо охьатаьӀаш хи хьаьдда йуьзна. Бердаш чӀогӀа чолхе хедийна ду айманаша, шорта аьтту болуш гаванаш йу. Йаккхий айманаш йу Венецин, Триестан, Манфредони. ХӀорд бердашца кӀорга бу, цуо аьтто бо кеманаш леларна. Уггаре даккхий бердашца долу гӀайренаш — Крк (405 км²), Црес (405 км²), Брач (395 км²), Хвар (300 км²), Паг (285 км²), Корчула (276 км²)[2].

Коьрта порташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан