Азербайджанан ТӀеман ницкъаш
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Azərbaycan Milli Ordusu Азербайджанан Къоман эскар | |
---|---|
Корта | Баьчча |
Лакхара Коьрта баьчча | Алиев Ильхам |
Лардаран министр | инарла-полковник Гасанов Закир |
Инарлан штабан хьаькам | инарла-полковник Садыков Наджмеддин |
Эскарийн тайпа | Баьчча |
Азербайджанан лаьтта тӀиера эскарш | |
Азербайджанан ХӀаваан-ТӀеман ницкъаш | инарла-лейтенант Тахиров Рамиз |
Азербайджанан ТӀеман-хӀордан ницкъаш | баьччан декхарш кхочуш деш ву 1-ра ранган капитан Рустамзаде Хиджран |
Йукъара хаам | |
Эскаре кхайкхаран хан | 18 |
Эскаран гӀуллакхан хан | 17 бутт (латта тӀиера эскаршна яхъян мега) 1 шо (лакхара дешначарна) |
Барам | 66 950[1] |
Резерв | 300 000[1] |
ТӀеман бюджет | 1.787 млрд.$ (2019)[2] |
Промышленность | |
Арахьара мехкашкара тӀеман гӀирс латтораш | Исраил Росси Туркойчоь |
Азербайджанан Къоман эскар (НАА азерб. Azərbaycan Milli Ordusu) — Азербайджанан Республикин маршо, мохк дийна хилар герзашца лардар Ӏалашо йолу пачхьалкхан тӀеман кхоллам.
Лаьтта лаьттан тӀиера эскарех, хӀаваан-тӀеман ницкъех, хӀаваахула мохк ларбаран эскарех, ткъа иштта тӀеман-хӀордан ницкъех. Азербайджанан эскаран де ду 1918 шеран 26 июнь. ХӀинцалера тӀеман ницкъаш йукъабевлира Карабахан дов доладеллачу хенахь, меттигерчу гӀалийн шеш лардаран тӀемлойн тобанийн бух тӀаьхь. ХӀокху заманан азербайджанийн эскар кхоьллира 1993 шо чекхдолуш.
Истори
бӀаьра нисйанАзербайджанийн Демократин Республика
бӀаьра нисйан1918 шеран 28 майхь Азербайджанийн Демократин Республика кхайкхийначул тӀаьхьа, хьалхарчу рогӀера Ӏалашо хилира къоман тӀеман ницкъаш кхоллар. Цуьнца цхьаьна, къоман тӀеман кхолламаш дан юхьанца гӀортар хилира 1917-гӀа шо чекхдолуш, 1918 шо долалуш.
Чоьхьара кавказан комиссариатан 1917 шеран декабрь беттан гуьржийн, эрмалойн, бусалбанийн (азербайджанийн), оьрсийн корпусаш кхолларх болу сацамца, Ӏалашо яра, Кавказан фронт юьтуш долу оьрсийн эскаран дакъош хийца.
Корпус кхуллуш яра лаамхойх. Бусалбанийн корпусан баьчча хӀоттийра Малхбуза фронтан 10-гӀа эскаран хиллаволу баьчча инарла-лейтенант Ӏали-Ага Шихлин. Корпусан штаб яра Тиблисехь. Кхоьллинера корпусан штабан дакъош а, гӀуллакхаш а, шина гӀашлойн дивизин штабаш.
Бусалбанийн корпус кхолларан болх хала бара эпсарш ца хиларна, бусалба эпсарш муххале а бацара. Дукхаха болу азербайджанийн эпсарш, Российн кхин бусалбанаш санна, тӀом беш бара малхбуза фронташкахь[3]. Масала оьрсийн эпсарш бара 65 % баьччийн хӀоттамех. Бац ала мегар долуш бара салтийн хӀоттам а. Герз а, патармаш а, хӀоьнаш а, тоьпан молха а кӀезиг дара. Цхьаъ бен йоцу регуляран тӀемлойн дакъа дара, оцу хенахь Чоьхьара Кавказе кхаьчна Кавказан мехкан дошлойн дивизин ГӀезалойн дошлойн полк.
1918 шеран 4 июнехь Батумехь куьг яздира Туркойчоьнан а, Азербайджанийн Республикин а йукъара ДоттагӀаллех а, йукъаметтиг дӀакхехьарх а болчу барт кӀела. IV яззамо бохура:
Императоран Хункар-мехкан правительство тӀелоцу тӀеман ницкъаца гӀо дан Азербайджанийн Республикин правительствлон, нагахь махкахь низам хӀотто а, кхерамазаллин Ӏалашонна а, нагахь ишттаниг оьшуш хилахь.[4] |
И декхар тӀедиллира инарла-лейтенантан Киллигиль Нурин, иза оцу хенахь вара йоккхачу туркойн эпсарийн тобанца Гянджехь. Азербайджанан правительство бинчу бартаца тӀелаьцнера шайн махкара Хункар-мехкаца тӀом беш йолчу пачъьалкхийн берриг эпсарш а, хьаькмаш а арабохур бу аьлла. Иза уггаре хьалха хьакхалора императоран хиллачу оьрсийн эскаран эпсарех. Иза бахьнехь, Ша йолу Азербайджанийн корпус эпсарийн доккхаха долу дакъа доцуш йисира.
1918 шеран 26 июнехь Министрийн Кхеташонан сацамца Бусалбанийн корпусан цӀе хийцира Ша йолу Азербайджанийн корпус[5] аьлла. Июль болалуш Ша йолу Азербайджанийн корпус туркойн баьччалло дӀасахийцира, цуьнан дакъош схьакхаьчначу 5-гӀа Кавказан а, 15-гӀа Чанахгалин туркойн а дивизешца цхьаьна йукъайахара керла кхоьллинчу Нури-пашин Кавказан исламан эскарна.
1 ноябрехь Министрийн Кхеташонан сацамца кхоьллира ТӀеман министралла. Министран дарж делира правительствон председателан Хойн Фат-Ӏали-ханан, ткъа накъост (гӀовс) велира артиллерин инарла Самедбек Мехмандаров[6]. 1918 шеран 25 декабрехь Самедбек Мехмандаров хӀоттийра тӀеман министр, ткъа цуьнан заместитель хӀоттийра инарла-лейтенант Ӏали Ага Шихлин[7].
Султанов Хосров-бек хьалхарчу правительствон кабинетан тӀеман министр волуш, иза шина кӀирнал сов бен ца лаьттира, дешархойх а, студентех а кхолла йолийра лаамхойн «Баьццара гварди».
Агдамехь инарла-майора Усубов ИбрахӀим-Агас болийра шиъ гӀашлойн дивизи кхолларан белхаш. Полковник Софиев Нухь-бекан баьччаллехь кхоьллира 1-ра ГӀезалойн дошлойн полк, ткъа полковник Нахичеванан Джамшидан баьччаллехь кхоьллира 2-гӀа ГӀезалойн дошлойн полк. 1-ра артиллерийн бригада а, дешаран-пулемётан команда а кхоьллира полковник Шихлин Рустам-бекан баьччаллехь, ткъа полковник Хосров Мирза Каджаран баьччаллехь — 2-гӀа артиллерийн бригада а, 3-гӀа дошлойн Шекинан полк а. ТӀаьхьа дошлойн полкех дивизи йира, баьччалла тӀеийцира инарла-майора Новрузов Теймурбека.
14 сентябрехь тӀеман министран омар делира авиа тоба кхолла аьлла. И терахь лору Азербайджанан ХӀаваан-ТӀеман ницкъаш кхоьллина де. 1919 шеран 19 августехь Азербайджанан эскаран Инарлан штабехь волу авиатобан хьаькам хӀоттийра тӀеман пилот подпоручик Афшар Теймур-хан[8]
Азербайджанан Демократин Республикин цхьана хенан йолчу коьртачу шахьрахь Гянджехь дӀайоьллу прапорщикаш кечбеш йолу хьалхара тӀеман доьшийла, цуьнан хьаькам хуьлу полковник Кесаманан Ширин-Хьусейнбек. Кхин а кхоьллира унтер-эпсарш кечбеш йолу дешаран батальон а, сапёрийн ишкол.
ЦӀиен эскар чудахара Азербайджане 1920 шеран 28 апрелехь. Шайн керла кхоьллинчу азербайджанийн эскаран доккхаха долу дакъа Карабахехь иккхина эрмалойн гӀаттам охьатаӀо дахийтина долушехь, азербайджанаш юха ца бовлура, амма церан 1918-20 шерийн йоца маршо аелира сиха а, атта а[9]. 30 эз. салтех 20 эзар кхелхира дуьхьало йеш. Азербайджанан Къоман эскар дӀадаьккхира большевикийн правительство, 21 инарлехь 15 инарлан виеран кхел йира большевикаша[10].
Азербайджанийн ССР
бӀаьра нисйанАДР правительство йожийначул тӀаьхьа кхоьллира Азербайджанийн Советан Социалистийн Республика. Азербайджанийн ССР Революцин комитетан 1920 шеран 28 апрелан сацаман бух тӀаьхь кхоьллира Азербайджанийн ССР ТӀеман а, хӀордан а гӀуллакхийн халкъан комиссариат, иза куьйгакӀела яра 11-гӀа (1921 шеран майхь дуьйна Ша долу Кавказан) эскаран РТӀС[11]. ЦӀиен гвардин тобанех дира Азербайджанийн ЦӀиен Эскар, цуьнан дог хилира «эчиган полк», иза кхоьллинера 1918 шарахь Бакохан коммунан ЦӀиен гвардин тобанех[12]. АДР эскар Азербайджанийн ЦӀиен Эскаран йукъадахара. Майхь кхоьллира 1-ра вовшахтоьхна Азербайджанан дивизи[13]. 29 октябрехь Азербайджанийн ЦӀиен эскаран цӀе хийцира Орджоникидзе Сергон цӀарах Азербайджанийн кхийсархойн ломан дивизи аьлла, иза хилира БАЦӀЭ йукъара хьалхара къоман дивизи[14].
Апрелан харцамехь дакъалаьцна Азербайджанан ТӀХӀН, цӀе хийцира Советийн Азербайджанан ЦӀиен флот аьлла, цуьнан коьрте хӀоьттира Чингиз Ильдрым[15]. 1 майхь Ийдалан-Каспийн тӀеман флотилин кеманаш чудаьхкира Бакоха, дукха хан ялале кхоьллира шена чохь 3 гӀоьнан крейсер-кема, 10 минанаш лелон кема, 4 хин бухахула лела кема, кхин кеманаш долу Каспийн тӀеман флот[16]. 18 майхь Ийдалан-каспийн а, Азербайджанийн а флотилийн кеманаша а, десантан тобанаша а дӀалецира Энзели[17]. 12 июнехь 11-гӀа ЦӀиен Эскаран РТӀС омарца Азербайджанера контрреволюцин ницкъашца дов латто, Кура а, Аракс а эркаш лардархьама, кхоьллира Куран тӀеман флотили, цуьнан цӀе хийцира оцу шеран 28 июлехь Куран эркан тоба[18] аьлла. Оццу хенахь Каспийн а, Азербайджанан а флоташ цхьаьнатуьйхира Каспийн ХӀордан ницкъашка, цӀе хийцира 1931 шеран 27 июнехь ССРС ТӀХӀН Каспийн флотили[15][16] аьлла. Российн тӀеман говзанча Широкорад Александра билгалдоккху, Азербайджанийн флот 1921 шерал хьалха йоьхна ца хилар. Ткъа Каспийн эркан тобанах дерг, иза дӀасахецна 1920 шеран 17 сентябрехь Каспийн флотан ХӀордан ницкъийн хьаькаман омарца, ткъа октябрехь оцу тобан кеманийн бух тӀаьхь юха кхоьллина Каспийн тӀеман флотили. 1921 шеран 22 февралехь иза дӀаелира 11-гӀа ЦӀиен Эскаран Дозанан тобане[18].
Азербайджанан, Эрмалойчоьнан, Гуьржийчоьнан Советийн ЦКХК 1922 шеран 2 декабран сацамца халкъан комиссариат хийцира тӀеман комиссариатца, ЧКСФСР ХалкъкомтӀемхӀордан коьрта дакъа хилла[11].
Къасторан хьаьркаш
бӀаьра нисйанНицкъаллийн структурийн утаркхий беснаш
бӀаьра нисйанКатегореш | Латта тӀиера эскарш | ХӀТӀН | ТӀХӀН | Дозанан эскарш | ЧГӀМ | КЪКХМ |
---|---|---|---|---|---|---|
Утаркх |
Латта тӀиера эскарш
бӀаьра нисйанИнарлаш а, эпсарш а
бӀаьра нисйанСалтий а, лахара баьччаш а
бӀаьра нисйанХӀаваан-тӀеман ницкъаш
бӀаьра нисйанИнарлаш а, эпсарш а
бӀаьра нисйанСалтий а, лахара баьччаш а
бӀаьра нисйанКатегореш | Салтий | Старшинаш | Прапорщикаш | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Утаркх | ||||||||||
Азербайджанийн цӀе | Əsgər | Baş Əsgər | Kiçik Çavuş | Çavuş | Baş Çavuş | Kiçik Gizir | Gizir | Baş Gizir | ||
Российчуьнца ягӀар |
Салтий | Ефрейтор[19] | Лахара сержант | Сержант | Лакхара сержант | Старшина | Прапорщик | Лакхара прапорщик |
ТӀеман-хӀордан ницкъаш
бӀаьра нисйанАдмиралаш а, эпсарш а
бӀаьра нисйанМатросаш а, лахара баьччаш а
бӀаьра нисйанХьосташ
бӀаьра нисйан- Гусейнов А. Армия Азербайджанской Демократической Республики. 1918—1920 гг. // Старый Цейхгауз. 2011. № 2-3(40-41). С. 118—128.[20]
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Международный институт стратегических исследований. IISS The Military Balance 2016. Страница 179—181 — ISBN 978-1-85743-835-2
- ↑ Военные расходы Азербайджана в государственном бюджете на 2019 год
- ↑ Фонд «Dədə Qorqud» . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 5 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 18 октябрехь Архивйина 2014-10-18 — Wayback Machine
- ↑ Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с.16
- ↑ Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с.18
- ↑ Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с. 26
- ↑ Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с. 47-48
- ↑ Соколы первой Республики . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 5 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 29 мартехь Архивйина 2012-03-29 — Wayback Machine
- ↑ Hugh Pope, «Sons of the conquerors: the rise of the Turkic world», New York: The Overlook Press, 2006, p. 116, ISBN 1-58567-804-X
- ↑ Исполняется 91 год со дня создания Азербайджанской Демократической Республики
- ↑ 1 2 "РАЗДЕЛ II. ОРГАНЫ УПРАВЛЕНИЯ ВИДОВ ВООРУЖЕННЫХ СИЛ, РОДОВ ВОЙСК И ВОЙСК СПЕЦИАЛЬНОГО НАЗНАЧЕНИЯ"(оьр.). Росархив. Архивировано 2012 ш. 08 мартехь. ТӀекхачаран де: 2010 ш. 22 августехь. Архивйина 2012-03-08 — Wayback Machine
- ↑ Советская военная энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия, 1932. — Т. 1. — С. 328.
- ↑ В.В. Градосельский. Национальные воинские формирования в Красной Армии . Военно-исторический журнал. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 29 февралехь Архивйина 2014-10-15 — Wayback Machine
- ↑ Советская военная энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия, 1932. — Т. 1. — С. 332.
- ↑ 1 2 Константин Чуприн (2007-08-31). "В фарватере НАТО"(оьр.). Независимое военное обозрение.
- ↑ 1 2 Каспийская военная флотилия . БСЭ. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 26 март. Архивйина 2012 шеран 29 февралехь
- ↑ "Создание военного флота Астраханского края (1918г. апрель)"(оьр.). Сайт История флота Российского. Архивировано 2014 ш. 17 июлехь. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 26 мартехь. Архивйина 2014-07-17 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Гражданская война и военная интервенция в СССР: энциклопедия. — Советская энциклопедия, 1983. — С. 314-315.
- ↑ Зарубежное военное обозрение № 12 2013 год, стр. 40
- ↑ САВАШ — Военно-исторический сайт