Азербайджанан Республикин хӀост
Азербайджанан Республикин хӀост (азерб. Azərbaycan Respublikasının Dövlət gerbi) — Азербайджанан Республикин официалан пачхьалкхан символех цхьаъ (байракхца а, шатлакхан иллица а цхьаьна).[1] Азербайджанан Республикин пачхьалкхан х\ост азербайджанийн пачхьалкхан маршонан символ ю.[2]
Азербайджанан Республикин хӀост | |
---|---|
Викиларми чохь медиафайлаш |
Йовзийтар
бӀаьра нисйанПачхьалкхан эмблемаш турс тӀаьхь гайтаран практика яьржина ю дуьненан геральдин говзаллехь. Турс леладо адамаша эзарнаш шерашкахь, ша ларвархьама, ткъа иштта къоман символаш гайтархьама а. Гуш ду, иза малхбален мехкашкахь къоман тӀеман гӀирсех ладамечех цхьаъ хилар, доьналлин символ хилар. Малхбузах къаьсташ, малхбален турс гоьрга ду. Пачхьалкхан хӀост оцу турс тӀаьхь йилларо, Азербайджан малхбален цивилизацин йукъара хиларан, тешалла до. Турсан юккъера бархӀ са болу седа маьлхан символ ю. Малх (ткъа иштта Бутт) - иза «гуттаренна долу дахар» ду дуьненан геральдин говзаллехь. Малх гайтина кӀайн басахь, иза «паргӀато а, машар а» бохург ду.[2] [3]
ХӀостан юккъехь гайтина цӀе, цуо хоуьйту «ЦӀерийн мохк» хилар. ХӀост тӀаьхь лелийна беснаш ду Азербайджанан Республикин байракхан беснаш. Лахахь бу кӀен кенех а, ножан геннех а бина кочар. Кенийн кочар бахаман символ ю. Ножан геннаш ницкъан а, сийлаллин а символ ю[4].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ http://files.preslib.az/projects/remz/pdf_ru/remz_gerb.pdf
- ↑ 1 2 http://files.preslib.az/projects/remz/pdf/remz_gerb.pdf
- ↑ Архивированная копия . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 8 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 5 майхь
- ↑ Государственный герб Азербайджанской республики Архивйина 2015-02-04 — Wayback MachineError in Webarchive template: Empty url.